|
|
|
Къинхетаме а,
Къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! Ийманан арканаш Гочдархо: Адама Султана Олхазар Пайхамаран шахьар Мединат 1424 хI – 2003 шш. __________________________________________________
Ийманан арканаш хIорш ду: АллахIах тешар,
Цуьнан малийкех тешар, Цуьнан жайнех тешар, Цуьнан элчанех тешар, Къемат дийнах
тешар, Къадрах (Кхелах) тешар – вон делахь а, дика делахь а – и дерриг Делера
хиларх. Лекхачу АллахIа аьлла:
(Муххале а, дикалла (суьпалла) ю – АллахIах а, къемат
дийнах а, малийкех а, жайнех а, элчанех а тешар) [Сурат «Албакъарат» 177 аят].
Кхин
а аьлла Лекхачу АллахIа:
(Элча тешна шена шен Делера доссийначух, иштта Ийман
диллинарш а, массо а уьш тешна АллахIах а, Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех
а, Цуьнан элчанех а; (цара олу) оха къестам ца бо Цуьнан цхьа а элчанашна
юккъахь, (кхин а) аьлла цара: тхуна хаза а хезна, тхо муьтIахь а (ду) хилла;
хIай тхан Дела, Хьан гечдар доьху оха, дерзар Хьоьга а ду тхан) [Сурат «Албакъарат» 285 аят].
Кхин а аьлла Лекхачу АллахIа:
(Баккъалла а, Оха массо хIума кхоьллина шен кхелаца
(къадраца)) [Сурат «Алкъамар» 49 аят].
Пайхамара – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – аьлла:
«Ийман бохург – иза хьо тешар ду АллахIах а,
Цуьнан малийкех а, Цуьнан жайнех а, Цуьнан элчанех а, къемат дийнах а, иштта
хьо къадрах (кхелах) тешар а – дика делахь а, вон делахь а». [Муслим][1]
Ийман – иза маттаца олу дош ду, дагца
тешар а ду, дегIан меженашца Iамал яр а ду; Далла муьтIахь хиларца сов а долу
и, Цунна Iеса хиларца гIел луш, лах а ло. Лекхачу АллахIа аьлла:
(Бакъдолуш Делах тешаш берш (бакъ болу муъминунаш)
АллахI хьахийча шайн дегнаш кхералуш берш бу, шайна Цуьнан аяташ дешча Ийман
(тешар) сов долу церан, шайн болх Далла тIе а буьллу цара. Цара ламазаш а до,
Оха шайна деллачу рицкъанах сагIа а ло. Уьш бу уьш, боккъул Делах тешаш берш.
Царна даржаш ду церан Делехь, гечдар а, тоьлларг рицкъ а ду) [Сурат «Ал-Анфал» 2-4 аяташ].
Кхин
а аьлла Лекхачу АллахIа:
(Ткъа цатешнарг АллахIах, Цуьнан малийкех а, Цуьнан
жайнех а, Цуьнан элча нех а, къемат дийнах а, (иза) тилла гена даьллачу
тиларца) [Сурат «Аннисаъ» 136 аят].
Ийман – Делах тешар – маттаца а хуьлу,
зикр дар а, доIа дар а, диканиг де алар а, вониг ма де алар а, Къуръан дешар
а, иштта кхидерш а санна. Ийман дагца а хуьлу, Дела Шен элаллехь а, Дела
хиларехь а, Шен цIерашкахь а, сифаташкахь а цхьаъ ву аьлла тешна хилар санна,
Цунна Iибадат дарехь Цуьнца накъост а ца веш Цунна Iибадат дан дезаш хиларх
тешна хилар санна, Iибадат дечу хенахь адамо деш долу ниййат санна.
Иштта, Ийман бохучунна юкъа йогIу деган
Iамал: АллахI везар, Цунах кхерар, дохко ваьлла Цуьнга верзар, Цунна тIе болх
биллар, иштта кхин йолу деган Iамал а.
Кхин а
Иманна юкъа йогIу дегIан меженийн Iамалш: ламаз дар, марха кхабар,
закат далар, хьадж дар, Делан доьхьа
гIазот дар, Делан доьхьа Iилма Iамор, иштта кхин йолу Iамалш а. Лекха хин волчу
АллахIа аьлла:
(Шайна Цуьнан аяташ дешча Ийман (Делах тешар) сов
долу церан) [Сурат «Ал-Анфал» 2 аят]
Кхин
а аьлла Лекхачу АллахIа:
(Иза (АллахI) ву синпаргIато йоссийнарг (Шех) тешаш
болчеран дегнаш чу, шайн долуш долчу Ийманна тIе уьш Ийманаца сов бовлийта) [Сурат «Алфатхь» 4 аят].
Оцу аяташа вайна хоуьйту, дика Iамал ярца
Ийман совдолуш хилар, дика Iамал яр дитарца иза лахлуш хилар а, къинош
летийча Ийманна царах Iаткъам хуьлуш хилар а. Нагахь санна и къа доккха куфр,
йа доккха ширк хилахь цо Ийман дохадой дIадоккху, ткъа нагахь санна и къа и
шиъ санна ца хилахь Иманан кхачамалла жим йо цо, цуьнан серлалла яржайо, иза
гIел а до. Лекхачу АллахIа аьлла Сийлахьчу Къуръан чохь:
(Баккъалла а, АллахIа геч ца до Шеца накъост варна,
(амма) Цо геч до иза доцург Шена луучунна) [Сурат «Аннисаъ» 48 аят].
Кхин
а аьлла Лекхачу АллахIа:
(Цара АллахIаца дуйнаш буъу шаьш аьлла дац бохуш,
куфраллин (Делах тешар дохош долу) дош аьлла ду цара, куфр ди цара шаьш
бусалба хиллачул тIаьхьа)
[Сурат «Аттавбат» 74 аят]
Пайхамара
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Зина
дечо зина дийр дац ша Делах тешаш а волуш (шен Ийман дуьззина кхочуш а
долуш), хIума лачкъочо иза лачкъор а яц ша Делах тешаш а волуш (шен Ийман
дуьззина кхочуш а долуш), къаьркъа молчо иза а мер дац ша Делах тешаш а волуш
(шен Ийман дуьззина кхочуш а долуш)».
2 [Бухари, Муслим].
nnn
|
[1] Хьадис чекхдаьлчи ялош йолу цIе и хьадис дийцина волчун цIе ю, вуьшта аьлча, и хьадис цуьнан жайни чохь ду бохург ду иза. (Гочдархо)
2 ХIокху хьадисо гойтуш дерг и къинош латош волу стаг бусалба волчара волу, йа Исламера а, миллатера а ара волу, йа иза керста хуьлу бохург дац. Оцу хьадисан маьIна и къинош латош волчуьнан Ийман – Делах тешар – кхочуш долчара долу, цуьнан Делах тешар лах луш гIел ло бохург ду. Нохчийчохь цхьацца кегийрхошна юккъехь лелаш харц кхетам бу хIокху хьадисах а, и санна долчу аятех а. Ткъа аяташ а, хьадисаш а шаьш ма кхеттара церан маьIнаш дан мегаш дац. Аятан а, хьадисан а маьIна дуьйцуш волчо цкъа доьххьара Iеламнаха оцу аятан, йа хьадисан муха маьIна дина хьажа веза, тIаккха цара ма дарра маьIна деш кхета веза цунах. (Гочдархо)