Къинхетаме волчу АллахIан цIарца… Иштта дIаболийра ас хIара жима болх… Иштта дIадолийра ас доьххьара жайна а… ХIара болх бан сой охIлу ву аьлла а ца хета суна, йа сайгахь кхоччуш говзалла ю аьлла а ца хета суна, делахь а… Дукха хан яра хIокху гIулкхан ойланаш сан коьрте хьийза. Доьххьара суна хIара болх бан безар дагадеара, Ибн Таймиййас – Дала къинхетам бойла цунах – яздина фатáвáш айса эцначул тIаьхьа, ас уьш сайн накъостана гайтича, «Да-виса, вайн маттахь делара хIорш» - аьлла цуьнан дагчура схьадаьлла дош сайна хезча. Баккъалла а дагчура схьадаьлла дош дара иза, Бусалба дин деза а дезаш, иза Iамо а, цуьнан марзо эца а йиш йоцучуьнгара схьадаьлла дош дара иза. Ткъа вайн олуш ду: «Даггара аьлла дош дагах кхетта». Цул тIаьхьа, пхиъ-ялх шо хан йолуш, дуккха а бахьанаш гира суна и сайн дагчу хьийзарг тIаьххьара а дан дезар хиларна. ТIаьххьара а, цхьана вайн къомах волчу меттан говзанчас яздина жайна доьшучу хенахь, цу тIехь вайн хьалхалера Iелам-нах а, вай долчахь хилла хьуьжарш а – цхьаерш таханлера институташ санна лара мегар йолуш хилла йолу – цара бина белхаш а сайна гича, кхечу пачхьалкхел а, кхечу къаьмнел а вай Iелам-нах – динан Iилманашкахь а, дуьненан Iилманашкахь а – тIаьхьабуьсуш хилла ца хилар сайна билггал хиъча… ХIетахь цаьрга Iилман белхаш байтина болу синхаам хила а мега соьга доьххьара къолам кералацийтинарг. Таханлерачу сихделла доьдучу дуьненахь вай а – нохчий – цхьа дакъа хила лаар хила а мега иза. Цхьа юрт санна хилла дIахIоьттинчу хIокху дуьненахь, Иблисан лайш шайн кхетамаш а, ойланаш а яржош тIетаьIIина болх беш хилча, вайх хIоранне хIусам чу а, хIора доьзале а и кхетамаш ца кхочуш ца буьсуш хилча, уггар хьалха сой а, тIаккха вайн кегий-нах а бусалба динна а, вайн къоман гIиллакхашна а гена бовлийта ца лаар хила а мега иза… Iилма дезаран дика гIиллакх шайца долуш болчу нахе, дуьненахь а цIе яхана болчу хьалхалерачу Iелам-наха яздинарг царна довзийта лаар хила а мега иза … ХIокху балхах цхьамма эцна а пайда эцча, цо диканиг дича, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ма-аллара, сайна а цунна санна мел хила лаар хила а мега иза… ХIокху жимчу агIона тIехь хьуна карор ду ас гочдина долу цхьа масех жайна, уьш гочдан со Iеламча-м вац, йа говзалла а-м яц сан, делахь а, вайн маттахь кхин иштта белхаш хIинццалц дина доцу дела, дешнчачу стаге хатта таро йоцучунна а, шена хаархьама еша луучунна а пайда хир бацара-те аьлла яздина ас уьш. Хьуна карор ду Бусалба динан кхетамех лаьцна жайна а, ФикъхI – ламаз, марха, закат, хьадж, нахана юкъахь йолу юкъаметтиг лелоран бакъонаш – юьйцу жайна а, Дела хьахорах лаьцна а, вирд даккхарх лаьцна а, доIа дарх лаьцна а жайна, хаза гIиллакхаш дуьйцу Делан Элчан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – къамел а, Бусалба динан баккхийчу Iелам-нахех лаьцна яздарш а, иштта кхин дерг а. Ас дог доху, хIокху балхах бахьана а хилла, вайн дешначу наха – тIекхуьуш долу чIор делахь а, йа баккхийнаш белахь а – хIокху кепара долу белхаш алсам дахар, Iилман марзо вайн къома юкъахь яржайар, дуьненан а, эхартан а дикчу Iилманашкахь вай кхечарел хьалха довлар (тахана, йа кхана ца довлахь а, вайл тIаьхьа хир долу чIор даларе дог доху). Бакъду, тIаьххьара хьоьга дан цхьа доккха дехар ду сан: хIара жайнаш деша а деше, нахана хьехам бан ца хIоттар доьху ас, йа адамаш нисдан а ца гIертар доьху ас, йа нахаца хIокху тIехь долчунца къийса а ца валар доьху ас, йа хIорш дешча ша Iелам-стаг ву а ца моттар доьху ас. ХIорш ас гочдаран бахьана и дац хьуна, коьрта кхетам а, юкъара хаам а хьан кхоллабалийтар ду хьуна, цул тIаьхьа йа Iелам-нахе хоттуш хьо хилийтар, йа кхин дIа а Бусалба динан Iилманаш а, дуьненан Iилманаш а Iамош хьо хилийтар ду хьуна. Доккха баркалла ала лаьа суна, хIокху балха тIехь суна гIо мел-динчунна, цIерашца ас ца дийцича а, хIоранна а Дела реза хуьлда шуна, Дела доьхьа аш соьца къахьегарна. Адама Султана Олхазар_______________________________________________________________________
|