|
МАРХИН АЗКАРИЙН
ЖАЙНА ("АЛ-АЗКАР" ЖАЙНИ ЮКЪАРА)
ИМАМ АН-НАВАВИЙ - Дала къинхетам бойла цунах -
БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИМ
ЦIИНБЕЛЛА БУТТ ГИЧА ОЛУШ ДЕРГ А, ВУЬШТА БУТТ ГИЧА ОЛУШ ДЕРГ А
Вайна дийцина, "Муснад Ад-Дарими" тIехь а, Тирмизийн жайни тIехь а, IубайдиллахIан кIантера ТIалхьатера схьа – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIинбелла бутт шена гича олура аьлла: «АллóхIу акбар! АллóхIумма ахIиллахIý Iалайнá билйумни вал-úмáн, вассалáмати вал-ислáм, ваттавфúкъи лимá тухьиббу ва тардó; роббунá ва роббукаллóхI». "АллахI массо хIуманал воккха ву! Везан Дела! Беркатца а, ийманаца а, маьршаллийца а, бусалба динца а тIебаийта Ахь тхуна иза! Сан дела а, хьан дела а АллахI ву". Тирмизийс аьлла: "Дика (хьасан) хьадис ду".
"Муснад Ад-Дарими" жайни тIехь а дийцина вайна, Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: "Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIинбелла бутт шена гича олура: «АллóхIу акбар! АллóхIумма ахIиллахIý Iалайнá бил-амни вал-úмáн, вассалáмати вал-ислáм, ваттавфúкъи лимá тухьиббу ва тардó; роббунá ва роббукаллóхI». "АллахI массо хIуманал воккха ву! Везан Дела, кхерамазаллийца а, Хьайх тешарца а, маьршаллийца а, бусалба динца а, Хьайна дезачунна а, Хьуо реза волчунна а аьтто барца тIебаийта Ахь тхуна иза! Тхан дела а, хьан дела а АллахI ву!"
"Сунан Аби Давуд" тIехь, "ГIиллакхан жайни" тIехь вайна дийцина, Къатадера схьа, цуьнга кхаьчна хилла аьлла, АллахIан Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIинбелла бутт шена гича олура аьлла: «ХIилáлу хойрин ва рушд, хIилáлу хойрин ва рушд, хIилáлу хойрин ва рушд; áманту биллáхIиллазú холакъак». "Диканан а, нисваларан а бутт бу, диканан а, нисваларан а бутт бу, диканан а, нисваларан а бутт бу (хуьлда иза)! Хьо кхоьллина волчу АллахIах тешна со!" – кхозза, тIаккха кхидIа а олура аьлла: "Хастам бу АллахIана, хIара бутт (беттан цIе а йоккхуш) чекх а балийтина, важа бутт (цIе а йоккхуш) тIебаийтина волчу".
Къатадера ривайатехь деана ду: "Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цIинбелла бутт шена гича, шен юьхь цунах дIаерзайора" – аьлла.
Амма бутт гарх лаьцна, вайна дийцина Ибн Ас-Суннийн жайни тIехь, Iаишатера схьа – Дела реза хуьлда цунна – цо аьлларг: "Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьалецира сан куьг, эццахь гучубаьлла карийра тхойшинна бутт, тIаккха цо элира: "АллахIаца ларло хIокху бодане къайла болуш болчух".
Вайна дийцина "Хьилйатул-Авлийаъ" тIехь, шеца гIийлалла йолчу иснадаца, Зийад А-Намийрийгара схьа, Анаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: "Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – раджаб бутт тIебеъча олура: «АллóхIумма бáрик ланá фú раджаба ва шаIбáна, ва баллигIнá ромадóн». "Везан Дела! Раджабах а, шаIбанах а беркат а де Ахь тхуна, рамадан батте а кхача де Ахь тхо!"
МАРХА КХОБУШ ДИЧА ДИКА ДОЛУ АЗКАРАШ
Кхечу Iибадаташкахь вай ма-аллара, марха кхабаран ниййат дагца а, маттаца а цхьаьне хилар дика ду. Ткъа нагахь санна цхьана дагца бен ниййат ца дахь – иза тоьаш ду, амма нагахь санна цхьана маттаца бен ца дахь – иза тоьаш дац, массо Iелам-наха ма-аллара.
Марха кхобуш волчу хенахь цхьамма шеца дов дича, йа цхьамма шена вон бага лейича, суннат ду алар: «Бакъдолуш со марха кхобуш ву, бакъдолуш со марха кхобуш ву» - шозза, йа кхин а дукха. Вайна дийцина «Бухарин а, Муслиман а шина Сахьихь» тIехь, Абу ХIурайрера схьа – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Марха кхабар ларвалар ду; нагахь санна шух цхьаъ марха кхобуш хилахь вон къамел а ма де, вон хIума а ма де, гал волу хIума а ма де; нагахь санна марха кхобуш волчух цхьаъ лата гIерташ хилахь, йа цуьнга вон вист хуьлуш хилахь цо олийла: «Бакъдолуш, со марха кхобуш ву, бакъдолуш со марха кхобуш ву» - шозза».
Ас (Имам Нававийс) бах: аьлла ду цо и дешнаш шен маттаца ала деза аьлла, шена бага лееш волчунна хаза а хозуьйтуш, иза вухавер вацара техьа аьлла; кхин а аьлла ду цо и дешнаш шен дагца ала деза аьлла, и цунна доьхьало йарх ша ларвалийтархьама, шен марха лардалийтархьама; ткъа хьалхарниг гIолий дерг ду.
Вайна дийцина Тирмизийн а, Ибн Маджин а жайнаш тIехь, Абу ХIурайрас – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «Кхо стаг ву шайн доIа духа тухуш доцуш: марха кхобуш верг а ву, цо марха дастталц; нийсо еш волу паччахь а ву; цхьаьнгара шена зулам хилча доIа деш верг а ву». Тирмизийс аьлла: дика хьадис ду.
(СУЬЙРАННА) МАРХА ДОСТУШ ОЛУШ ДЕРГ
Вайна дийцина Абу Давудан а, Тирмизийн а «Сунан» тIехь, Ибн Iумара – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша марха достучу хенахь алара: «3ахIабаззамау, вабталлатилIурýкъу ва сабатал аджру, иншáаллóхI». «Хьогалла а дIа ели, пхенаш а тIун дели, Дала мукъа лахь мел а хили».
Вайна дийцина Абу Давудан «Сунан» тIехь, МуIаз ибн ЗахIратера схьа, цуьнга кхаьчна хиллера аьлла, Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша марха достучу хенахь алара аьлла: «АллóхIумма лака сумту, ва Iалá ризкъика афтIорту». «Везан Дела! Хьан доьхьа марха кхеби ас, Хьан рицкъанца даста а даьсти ас!» Иштта мурсал долуш дийцина цо иза.
Вайна дийцина Ибн Ас-Суннийн жайни тIехь, МуIаз ибн ЗахIрас аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша марха достуш алара: «АлхьамдулиллáхIиллазú аIáнанú фасумту, ва розакъонú фаафтIорту». «Хастам бу АллахIана суна гIо а дина, ас марха кхабарна, Цо суна рицкъа а делла ас иза дастарна».
Вайна дийцина Ибн Ас-Суннийн жайни тIехь, Ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша марха достуш алара: «АллóхIумма лака сумнá, ва Iалá ризкъика афтIорнá, фатакъоббал миннá, иннака антассамúIулIалúм». «Йа Аллах! Хьан доьхьа марха а кхеби оха, Хьан рицкъан тIехь даста а даьсти оха, ткаъ Ахь къобал дехьа тхоьгара, бакъдолуш Хьо хезаш а, хууш а ву-кх!»
Вайна дийцина Ибн Маджин а, Ибн Ас-Суннийн а жайнаш тIехь, Ибн Аби Маликатан кIантера IабдуллахIера схьа, Iамр ибн Ал-Iасан кIанта IабдуллахIа аьлларг: «Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – олуш: «Бакъдолуш, марха кхобуш волчуьнан доIа ду, марха достучу хенахь деш, духа тухуш доцу доIа». Ибн Аби Маликас аьлла: «Суна хезира Iамран кIанта IабдуллахIа ша марха достучу хенахь олуш: «АллóхIумма иннú асъалука бирахьматикаллатú васиIат кулла шайъин, ан тагIфира лú». «Йа АллахI! Массо хIума чулоцуш болчу Хьан къинхетамца доьху Хьоьга ас, гечдехьа суна».
ЦХЬАНА НАХЕХЬ ША МАРХА ДАЬСТИЧА ОЛУШ ДЕРГ
Вайна дийцина Абу Давудан «Сунан» тIехь а, иза доцучунна тIехь а, нийсачу иснадаца, Анасера схьа – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – СаIд ибн IубадахI волчу веана хиллера аьлла; тIаккха СаIда бепиг а, кишмиш а еара цунна, тIаккха яахIума йиинчул тIаьхьа Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «АфтIара Iиндакумуссóимýна, ва акала тIоIáмакумулабрóру, ва соллат IалайкумулмалáикахI». «Марханаш кхобучара марха достийла шуьгахь, шун даар дикчу наха а дуийла, малийкаша къинхетам а, дика а доьхийла шуна».
Кхин а вайна дийцина Ибн Ас-Суннийн жайнахь, Анасера схьа: «Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша цхьана нахехь марха даьстича олура: «АфтIара Iиндакумуссóимýна…» иза чекхдаллалц.
«ЛАЙЛАТУЛ-КЪАДР» БУЬЙСА ХIОЬТТИЧА ДЕШ ДОЛУ ДОIА
Вайна дийцина нийсачу иснадашца, Тирмизийн а, Насаийн а, Ибн Маджин а, кхечу а жайнащкахь, Iаишата – Дела реза хуьлда цунна – аьлларг: «Ас элира: «ХIай Делан Элча! «Лайлатул-къадр» буьйса сайна йовзахь, хIун ала деза ас цу буса?» Цо элира: «Ахь ала: «АллóхIумма иннака Iафуввун тухьиббул-Iафва фаIфу Iаннú». «Йа АллахI! Баккъалла а, Хьо Къинхетаме а, Комаьрша а ву-кх, къинхетам безаш а ву-кх Хьо, къинхетам бехьа сох». Тирмизийс аьлла: Дика, нийса хьадис ду.
Вайн Iелам-наха – Дала къинхетам бойла церах – аьлла: «Оцу буьсанна и доIа дуккха а дар дика ду. Кхин а дика ду Къуръан дешар а, кхидолу азкараш дар а, дикачу меттигашкахь дича дика долу доIанаш дар а». И азкараш а, доIанаш а вай дийцина цхьана гулдина а, цхьацца а дуьйцуш.[1] Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Оцу буьйсанна санна цуьнан дийнахь а Iибадат дарца къахьегар дика хета суна». Иштта аьлла цо. Кхин а дика ду, мелехь ду цу буьйсанна бусалба нехан гIуллакхашна (баланащна, халонашна, хьашташна) дуккха а доIанаш дар, иштта и доIанаша дар – дикачу нехан а, АллахI дика вевзаш болчу АллахIан дикачу лайн а билгало ю. АллахIа аьтту бойла-кх.
ИIТИКАФЕХЬ ДЕШ ДОЛУ АЗКАРАШ
ИIтикафехь Къуръан дукха дешар а, кхидолу азкараш дар а дика ду.
ТАРАВИХЬ-ЛАМАЗАН АЗКАРАШ[2]
Хьуна хаийла, таравихь-ламаз массо Iелам-неха цхьа барт болуш суннат хилар. И ламаз ткъа ракаIат ду, хIора шина ракаIатехь салам а луш. Цу ламазан куц кхидолу ламазан куц санна ду, вай ма-дийццара. Цу ламаз тIехь вай дийцина долу массо азкараш деш ду: ламаз дIадолош деш долу доIа а, кхидолу азкараш кхоччуш дар а, ташаххIуд кхоччуш дар а, цул тIаьхьа доIа дар а, иштта кхидолу вай дийцина долу доIанаш а.[3] И азкараш иштта дан дезар девзаш, хууш делахь а, ас иза хьахадо дукхха а наха иза лерам боцуш Iаддуьту дела, дукхах долу азкараш цара ца доьшу дела, ткъа нийса а долуш дан дезарг ас хьахийнарг ду.
Амма (цу ламаз тIехь) доьшуш долу Къуръан – дукхах болчу Iелам-наха аьлла хаьржина дерг а, массо наха Iамал еш лелош дерг а тарвихь ламазаш тIехь цхьана баттахь дерриг Къуръан дешна чекхдаккхар ду, хIора буьйсанна ткъеитт дакъана юкъара цхьа дакъа а доьшуш. Къуръан доьшучу хенахь иза мукъамца дешар дика ду, къаьсташ дешар а дика ду. Имам ларвала веза, цхьана дакъанал сов а дешна тIаьхьахIиттинчарна ламаз дукха дах дарх. Кхин а чIогIа ларвала веза имам, дуккха а маьдигашкахь болчу жехIил имамаша Рамадан беттан ворхIолгIачу буьйсанна, таравихь-ламазан тIаьххьара ракаIатехь «Ал-АнIáм» сурат дерриг дешарх, и сурат ша-дерг цкъа охьадоьссина моьттуш. Иза вон бидIат ду, билггал йолу жохIлалла а ю, шеца дуккха динан бохамаш болуш йолу, ас уьш билгал а баьхна сайн «Ат-тибйáн фú áдáби хьамалатил-Къуръáн» цIе йолчу жайни тIехь. АллахIа аьтту бойла-кх. |
[1] Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – кхузахь дуьйцурш шен хIокху жайни юкъахь долу азкараш а, доIанаш а ду, ткъа хIара жайна ша-лерг гочдина дац, Дала мукъа лахь, хена яхалла Дала гIо дахь чекхдоккхур ду вай хIара. Ткъа нагахь санна хьайна Къуръан тIехь а, Суннатехь а даьхкина дика доIанаш, пайхамарша а, хьалхалерачу эвлаяаша а, дикачу наха а дина хилла доIанаш хьайна довза лаахь, хьо хьажа «Къуръан тIера а, Суннатера а доIанаш» цIе йолчу жайни тIе.
[2] ХIара дакъа «Мархин беттан азкарийн» дакъана юкъахь дац Имам Нававийн жайни тIехь, «Ламазийн азкарийн жайна» цIе йолчу дакъана юкъахь ду. Мархин баттаца иза доьзна долу дела кхузахь далийна ас иза.
[3] И азкараш а, доIанаш а хьайна довза лаахь, хьо хьажа: «Бусалба стеган гIап» цIе йолчу жайни тIе.