|
ЛЕКХА ХИНВОЛЧУ АЛЛАХIАНА ХАСТАМ БАРАН ЖАЙНА
("АЛ-АЗКАР" ЖАЙНИ ЮКЪАРА)
ИМАМ АН-НАВАВИЙ - Дала къинхетам бойла цунах -
БИСМИЛЛАХIИРРОХЬМАНИРРОХЬИМ
ЛЕКХА ХИНВОЛЧУ АЛЛАХIАНА ХАСТАМ БАРАН ЖАЙНА
Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Ахь ала: хастам бу АллахIана, салам-маршалла ду Цо хаьржина болчу Цуьнан лайшна]. (Сурат «Ан-Намл» 59 айат). Кхин а аьлла лекха хинволчо: [Ахь ала а ала: хастам бу АллахIана, Цо гойтур ю шуна Шен билгалонаш]. (Сурат «Ан-Намл» 93 айат). Кхин а аьлла лекха хинволчо: [Ахь ала а ала: хастам бу АллахIана, (Шена) бер ца лаьцна волчу]. (Сурат «Ал-Исроъ» 111 айат). Кхин а аьлла лекха хинволчо: [Ткъа нагахь санна аш шукр дахь (баркалла аларца) – Ас совдоккхур ду Шуна (Айса делларг)]. (Сурат «ИбрахIим» 7 айат). Кхин а аьлла лекха хинволчо: [Ткъа аш хьахаве Со, Ас шу а хьахор ду тIаккха, суна шукр а де (баркаллийца), Соьца керстаналла а ма де]. (Сурат «Ал-Бакъарат» 152 айат). Ткъа, хастам барца а, шукр дарца а омру деш долу а, цаьршинан дозалла дуьйцуш долу а айаташ дуккха а ду, девзаш а ду. Вай дийцина Абу Давудан а, Ибн Маджатан а «Сунан» жайнашкахь а, «Сахьихь Муслим» кхочуш деш яздинчу Абу IаванахI Ал-Исфирóйúнийн «Муснад» тIехь а – – Дала къинхетам бойла церах – Абу ХIурайратера схьа – Дела реза хуьлда цунна – Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Алхьамду лиллáхI»[1] а ца олуш дIадолийна долу маьIне гIуллакх беркатах хаьдда гIуллакх ду». Кхечу ривайатехь ду: «АллахIана хастам барца дIадолийна доцу маьIне гIуллакх…». Кхечу ривайатехь ду: «Хастамца долоза маьIне гIуллакх беркатах хаьдда ду». Кхечу ривайатехь ду: «Алхьамду лиллахI»[2] а ца олуш долийна долу массо къамел беркат кIеззиг долуш ду». Кхечу ривайатехь ду: «БисмиллахIир-рохьманир-рохьим»[3] а ца олуш дIадолийна долу маьIне гIуллакх беркатах хаьдда ду». И дешнаш дерриге вай дийцина Хьафиз Iабдул-Къóдир Ар-РахIáвийн «Ал-АрбаIýн» жайни тIехь, ткъа и хьадис дика хьадис ду. Iелам-наха аьлла: яздархочо шен яздар дIадолош а, дешархочо а, хьехархочо а шайн дарс дIадолош а, хутIба дечо а, зуда йоьхучо а шайн къамел дIадолош а, кхидолу маьIне хIуманаш дIадолош а АллахIана хастам барца долор дика ду, мелехь ду. ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла: «Суна деза а деза, дика а хета, стага ша шен къамел а, шена оьшуш долу кхидолу хIума а дIадоладале хьалха лекха хинволчу АллахIана хастам бар а, Иза – сийлахь а, лекха а ву Иза – хестор а, АллахIан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават диллар а».
Дакъа. Хьуна хуийла, муьлхха а маьIне долу хIума дIадолош хастам бар дика хилар, вай ма-аллара. Кхин а, хастам бар дика ду яахIуманал а, молучу хIуманал а, хьоршам тохарал а тIаьхьа а, зуда маре йоьхучу хенахь а, иза маре юьгуш мах бечу хенахь а, нишкара араваьлча а. И меттигаш йовзийтар а, церах доьзна долу хаттарш а догIур ду шайн-шайн меттехь, лекха хинволчу Дала мукъа лахь, ткъа, нишкара араваьлча олуш дерг вай довзийтира хьалха, цуьнан дакъана юкъахь. Хастам бар дика ду, вай хьалха ма-аллара, жайнаш яздар дIадолочу хенахь а, хьехархоша шайн дарсаш долош а, дешархоша шайн дешар а, ешар а долош а, хуьлийла иза хьадис дешар, йа фикъхI ешар, йа кхидерг дешар. Ткъа цу гIулкхана уггар дика дош хIара ду: «Алхьамду лиллáхIи роббил-Iáламúн».[4]
Дакъа. Рузбан ламазехь хутIба деш а, кхечу хутIбанехь а лекха хинволчу АллахIана хастам бар рукн ду (цуьнан цхьа бIогIам бу), цуьнца бен иза нийса хуьлуш а дац. Уггар кIеззиг долу важиб: «Алхьамду лиллáхI»[5] алар ду, делахь а гIолий ду хестор совдаккхар. И хаттар кIорггера дуьйцуш девзаш ду фикъхIан жайнашкахь. Кхин а, иза Iаьрбийн маттахь хилар билламе ду.
Дакъа. Шен доIа «Алхьамду лиллáхIи роббил-Iáламúн»[6] аларца дIадерзор дика ду, мелехь ду, иштта дика ду АллахIана хастам барца иза дIадолор а. Лекха хинволчу АллахIа аьлла: [Церан кхайкхаман (доIанан) чаккхе хир ю: «Хастам бу АллахIана, Iаламийн эла волчу»]. (Сурат «Юнус» 10 айат). Амма доIа АллахIана хастам барца а, иза хестош вазварца дIадолор – цуьнан тешалла догIур ду нийсачу хьадисера, жимма тIаьхьа, «АллахIан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилларан жайни» юкъахь, лекха хинволчу АллахIа мукъа лахь.
Дакъа. Шена цхьа дика хилча а, йа шех цхьа вуо духакхетча а лекха хинволчу АллахIана хастам бар дика ду, мелехь ду, хуьлийла иза шена хилла, йа шен накъостана хилла, йа бусалба нахана хилла. Вай дийцина «Сахьихь Муслим» тIехь, Абу ХIурайратера – Дела реза хуьлда цунна – схьа, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иза Къудсе вигинчу буса ши кад беана хиллера аьлла, чохь къаьркъа а, шура а йолуш. ТIаккха цо цаьршинга хьажа а хьаьжна, шура схьаийцира. ТIаккха цуьнга Жабраил-малийко – Делера салам хилла цунна – элира: «Хастам бу АллахIана, хьо нийсачунна тIенисвина волчу, ахь къаьркъа схьаэцна хиллехь хьан уммат тила а тилла, вочунна чудужур дара».
Дакъа. Вай дийцина Тирмизийн а, кхечеран а жайнахь, Абу Муса Ал-АшIарийгара – Дела реза хуьлда цунна – схьа, АллахIан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «АллахIан лайн цхьа бер делча, лекха хинволчу АллахIа Шен малийкашка олу: «Схьаийцин аш Сан лайн бер?» ТIаккха цара олу: «ХIаъ». ТIаккха Цо олу: «Схьаийци аш цуьнан деган кхачо?». ТIаккха цара олу: «ХIаъ». ТIаккха Цо олу: «Ткъа хIун элира Сан лайно?». Цара олу: «Хьуна хастам бира Цо, «Бакъдолуш вай АллахIан а ду, Цуьнга доьрзур долуш а ду» а элира цо». Лекха хинволчу АллахIа олу тIаккха: «Хьаладе Сан лайна ялсамани чохь цIа, «Хастаман цIа» алий цIе а тилла цунна». Тирмизийс аьлла: Иза дика хьадис ду. Хастам баран дозалла дуьйцу хьадисаш дукха а, девзаш а ду, хIокху жайнин юьххьехь вай дийца а дийцира цхьадолу нийса хьадисаш, «СубхьаналлóхI» а, «Алхьамду лиллáхI» а аларан а, и санна долчу кхечу дешнийн а дозалла дуьйцуш долу.
Дакъа. Хорасáнера, тIаьхаьрчу хенахь хилла болчу вайн Iелам-наха аьлла: цхьана стага дуй баахь, лекха хинволу АллахI хастор ма ву ша, чулацаме долчу хасторашца, аьлла, - церах цхьаболчара: «уггар сийлахь хсторца» а аьлла – цо шен дуй кхочушбаран некъ иштта хIара алар бу: «Хастам бу АллахIана, Цуьнан ниIматашка кхочуш болу, Цо уьш совдахарх терра болу». Цуьнан маьIна, цо, шена АллахIера хуьлучу ниIаматашна а, уьш совдовларна а, Цуьнгара дикаллийна а баркаллийца шукр дар ду. Цу Iелам-наха аьлла: нагахь санна цхьамма дуй баахь, уггар дикчу хесторца АллахI хестор ма ву ша аьлла, цо и дуй кхочуш баран некъ цо алар бу: «Кхачам боллуш Хьо хестийна вер вац со, Хьо Ахь Айхьа Хьой хеста ма-варра ву». Цхьаболчара цуьнан чаккхенгахь тIетоьхна: «Хастам бу-кх Хьуна Хьо реза хиллалц». Абу СаIд Ал-Мутаваллийс оцу хаттаран куц дийцина, хIара дуй биъна волчо ала дезарг дуьйцуш: ша лекха хинволу АллахI хестор ма ву, уггар сийлахь а, уггар доккха а хесторца, аьлла. Цо тIетоьхна и дуй кхочуш беш олучунна хьалха: «Субхьáнака»[7] алар. Абу Наср Ат-Таммáрера схьа дийцина, Ан-Надран кIанта Мухьаммада – лекха хинволу Дала къинхетам бойла цунах – элира аьлла: «Адам-пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла хилла: «ХIай сан Дела! Сайн дахарна сайн куьйга рицкъа даккха дезарца мукъа ца витина Ахь со, ткъа Ахь суна Iамадехьа Хьой хестор а, Хьой кхачамбацарех цIанвар (тасбихь) а гулдеш долу хестораш. ТIаккха беркате а, лекха а волчу АллахIа хаийтина цунна: «ХIай Адам! Хьой Iуьйренга ваьлча а кхозза ала, хьой суьйренга ваьлча а кхозза ала: «Алхьамду лиллáхIи роббил-Iáламúн, хьамдан йувáфú ниIамахI, ва йукáфиу мазúдахI»[8] - иза хастам а, тасбихь а гулдийриг ду хьуна». Ткъа дика хууш верг АллахI ву!
[1] МаьIна: «Хастам бу АллахIана». [2] «Хастам бу АллахIана». [3] «Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца». [4] «Хастам бу АллахIана, Iаламийн эла волчу». [5] «Хастам бу АллахIана». [6] «Хастам бу АллахIана, Iаламийн эла волчу». [7] «Сийлахь-цIена ву Хьо». [8] Цуьнан маьIна цул жимма хьалха дийцинарг ду: ««Хастам бу АллахIана, Iаламийн эла волчу, Цуьнан ниIматашка кхочуш болу хастам, Цо уьш совдахарх терра болу хастам». |