Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

ШолгIа дакъа:

Iесаллех ларвалар

 

Хьуна хаийла, Бусалба динан ши агIо хилар: ца магийнарг Iаддитар а, муьтIахьаллин Iамалш йар а. Ца магийнарг Iаддитар цаьршиннах уггар чIогIа агIо ю, хIунда аьлча муьтIахьаллин Iамалш массарга йало дела, амма шен дегIан марзонаш йитар – иза баккъалла бакъ болчаьрга бен далуш хIума дац. И бахьанехь аьлла ду Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «ХIижрат динарг – иза вон хIума Iаддитнарг ву; тIемало а – шен харц лаамца тIом бинарг ву».[1]

Хьуна хаийла, хьо Далла Iеса хуьлучу хенахь хьо хьайн меженашца хуьлуш хилар Цунна Iеса. Ткъа и меженаш хьуна Далла делла ниIмат ду, хьоьга Дала кховдийна тешамалла а ду. Дала хьайна динчу ниIматца хьо Цунна Iеса хилар уггар доккха Цуьнан ниIмат керстдар ду, Дала хьайга кховдийначу тешамаллийна ахь тешнабехк бар а уггар доккха дозанал тIехвалар ду. Хьан меженаш хьоьга ларйан елла ю, цундела ахь ойла йе айхьа уьш муха ларйо. «Шу массо а цхьана хIуманна тIехь лардархо ву, шаьш лардеш долчу хIуманах шуьга хаттам бийр болуш а бу».[2]

Хьуна хаийла, къемат-дийнан майданашкахь хьан массо межено цIенчу паргIатчу маттаца хьуна доьхьал тешалла дийр долуш хилар, массо халкъашна хьалха ахь лелийнарг гучудоккхуш. Лекха хинволчу Дала аьлла:

×(Цу) дийнахь тешалла дийр ду царна доьхьал церан меттанаша, церан куьйгаша, церан когаша, цара деш хилларг схьадуьйцушØ.[3]

Кхин а аьлла Лекха хинволчу АллахIа:

×Тахана (къемат дийнахь) Оха тухур ду мохIур, Тхоьга дуьйцур ду церан куьйгаша, тешалла дийр ду церан когаша, цара лелош хиллачуьнцаØ.[4]

Цундела ахь ларде – хIай пекъир – хьайн дерриг дегI, Далла Iеса хиларх… Къаьсттина хьайн дегIан ворхI меже, бакъдолуш жоьжахатин ворхI неI ю хьуна, оцу хIора неIарна хIора меженан дакъа кхочур долуш, шайна чухула къаьсттина цхьана меженашца дукха Далла Iеса хилларг бен чу а гIур воцуш: бIаьрг а, лерг а, мотт а, гай а, бехке меттиг а, куьг а, ког а.

Амма бIаьрг: иза хьуна кхоллина бу хьо боданашкахь нисвалийта, хьайн хьашташ кхочушдарехь хьуна цуьнца гIо хилийта, хьо цуьнца хIокху латтанан а стигланийн а тамашаллашка хьежийта, тIаккха цаьршинна чохь долчу Делан Iаламаташ тIехь хьоьга йайта. Цундела ахь иза ларбе диъ хIуманах:

1.      Хьайна мегаш йоцчу зудчуьнга хьажарх а;

2.      Вочу синан марзонца хазчу куьце-суьрте хьажарх а;

3.      Сийсазаллийца, кураллийца бусалба стаге хьажарх а;

4.      Бусалба стеган кхачамбацаршка айхьа хьайн бIаьрг хьажабарх а.

Амма лерг: ахь иза ларде керла юкъабаьхначу вочу кхетамашка ладогIарх а, йа гIийбате ладогIарх а, йа вочу къамеле ладогIарх а, йа харц-къамел деш болчаьрга ладегIарх а, йа нехан вонаш дуьйцучаьрга ладегIарх а. Иза хьуна кхоьллина ду хьуна, Лекха хинволчу Делан къамеле (Къуръане) хьоьга ладегIийта, Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Суннате хьоьга ладегIийта, Делан эвлаяийн хьекъалечу дешнашка хьоьга ладегIийта, цуьнца ахь Iилмане ладегIча, Далла гергахь долчу даим лаьттар долчу ниIмате а, паччахьалле а хьо кхачийтархьама. Ткъа нагахь ахь мегаш доцучу хIуманашка ладегIахь, хьуна дикалийна кхоьллина дерг хьуна доьхьал дер ду, хьо толар бахьана хилларг хьо хIаллакьхиларна бахьана хилла дIахIуттур ду, ткъа иза иштта хьовзар уггар боккха эшам бу хьуна. 

Хьуна ма мотталахь, олуш волчунна бен къа ца хьулу, хезаш верг цуьнан декъах вац але, хьадисехь деана ду хьуна:

«Бакъдолуш, ладугIуш верг олуш волчуьнан накъост ву, олуш верг гIийбат деш велахь – хезаш верг а иштта гIийбат деш ву».[5]

Амма мотт: хьуна иза кхоьллина бу Лекха хинволу Дела хьоьга дукха хьехавайта, Цуьнан Жайна (Къуръан) хьоьга дукха дешийта, Цо кхоьллина адамаш хьайн маттаца Цуьнан некъа тIе хьоьга нисдайта, хьан дагчура хьайн динан хьашташ а хьайн дуьненан хьашташ хьоьга схьааладалийта. Ткъа нагахь ахь иза ша кхоьллина болчу бахьанашца ца лелабахь Лекха хинволчу Дала хьайна цуьнца деллачу ниIматана керстдо ахь, ткъа и мотт ахь а, массо кхечу наха а уггар дукха лелош йолу меже ю. 

Шайн яххьаш тIе охьа а кхуьссуш, адамаш жоьжахати чулестадойтур дерг и мотт лебича хьулуш долу вонаш бен дац хьуна, цундела хьайн ницкъ ма-кхоччу цунна тIехь толам баккха хьажа хьо, цуьнга хьо жоьжахатин кIорге чу цавигийтархьама. Хьадисехь деана ду хьуна:

«Бакъдолуш цхьана стага цхьа къамел до шен накъостий белорхьама, тIаккха и бахьана долуш жоьжахатин кIорге чувужу иза кхузткъе-итт шарна».[6]

Кхечу хьадисехь деана ду, цхьана дийнахь цхьа стаг гIазотехь кхелхина хиллера аьлла, Делан Элча – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цхьана а волуш. ТIаккха цхьана стага аьлла цунна: «Ма-дика ялсамани ю-кх цунна!» ТIаккха Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Хьуна муха хаьа? Хьанна хаьа, иза шен бала боцург дуьйцуш хилла хила а мега, йа ша хьал долуш вийр воцучу даьхнийца бIаьрмецигалла лелийна хила а мега цо».[7]

Цундела хьайн мотт ахь ларбе бархI хIуманах:

1) Харц лер. Ахь ларбе хьайн мотт цунах, хьой баккъалла вист хьулуш волуш а, забар еш волуш а. Забаренна аьшпаш боттар тIехь хьайн мотт тар ма балийта ахь, и бахьана долуш баккъалла вист хуьлуш волуш а харц лерца тар лу ву хьо, харц лер даккхийчу къинойн нанойх цхьаъ ю хьуна. ТIаккха нахана юкъахь хьо харц лерца воьвзинчул тIаьхьа хьан нийсалла йоьвр ю, хьан дашах тешам а боьвр бу, нехан бIаьргашна хьалха сийсаз хир ву, нехан дегнаша аьшнаш вийр ву хьо. Нагахь санна хьуна хьой харц луьш хилча хьой мел боьха хуьлу хаа лаахь, хьо хьажа кхиверг харц луьйчу хенахь хьайн дог цуьнах мел дIакъехка, хьайн иза мел чIогIа цавезаво, хьайна цо динарг мел боьха хета. Иштта дуьхь-дуьхьал хIоттаде ахь хьайн сица мел долу вонаш, хьуна хьайн синан вонийн боьхалла ца евза кхечаьргахь и саннарш гича бен. Ткъа хьуна кхечуьнгахь вон хеташ дерг кхечарна хьоьгахь а вон хета хьуна – шеко йоцуш – цундела хьой иштта хиларна реза ма хила хьо.

2) Делла дош ца лардар. Верлахь ларлолахь айхьа цхьа хIума дийр ду а аьлла, йа цхьанна дош а делла, тIаккха иза лар ца дарх. Ахь нахана деш долу дика Iамалца хила дезаш ду хьуна, шеца цхьаьна къамел а доцуш. Ткъа нагахь санна айхьа далаза а ца даьлла дош лахь, верлахь ларлолахь и кхочуш ца дарх – ницкъ ца кхаьчна висча а, йа цхьана кхечу коьрта гIулкхана дисча а хIума дац хьуна – бакъдолуш ахь иза кхочуш ца дар мнепакъаллин билгало а ю хьуна, вон гIиллакх а ду хьуна. Делера салават а, салам а хиларо аьлла: «Кхо хIума шена чохь гулделларг мунепакъ хилла – цо ламаз дахь а, марха кхабахь а –: къамел деш харц луьйш верг а, дош делча кхочуш ца деш верг а, шех тешча тешнабехк беш верг а».[8]

3) ГIийбат дар. Ахь ларбе хьайн мотт цунах, гIийбат дар бусалба стага ткъе-иттозза зина дарал чIогIа ду аьлла деана ду хьуна хьадисехь. ГIийбат дар бохучуьнан маьIна ду: ахь цхьа стаг хьахор, цунна хезча цунна дезалур доцучу хIуманца; ахь иштта цхьаъ хьахавахь хьо гIийбат деш а, зулам деш а хуьлу хьуна, хьо бакълуьш велахь а, ахь дуьйцург бакъ делахь а. Юха а хьо ларлолахь нахана шаьш гайтархьама Iилма Iамош болчу нехан гIийбатах: ша ма-дарра дIа а ца олуш, хьайна луург дIахоуьйтуш гIийбат дарх. Масала иза ахь иштта аьлча хуьлу: «Дала нисвойла иза, ма хала хийти суна, ма сингаттаме вожий со цунна хиллачо! Ас Деле доьху вай а, иза а нисдарх». Иштта къамел деш волчо цхьаьнатоьхна хьуна ши боьха хIума: цхьаъ – гIийбат дар а, нагахь санна шен дагахь дерг цо дIахаийтинехь; шолгIаниг – ша цIанвар а, ша хестор а, шена халахийти бохуш, ша дика ву бохуш. Амма нагахь санна ахь: «Дала нисвойла иза» аьлла, иштта аларан хьан лаам цунна доIа дар белахь, делахь и доIа цунна къайлах де ахь, нагахь санна хьой и бахьана долуш сингаттаме воьжнехь, делахь иза хьоьгара баккъалла а хиларан билгало хьуна цуьнгара даьлларг гучудаккха ца лаар а, цуьнан кхачамбацар нахана довзийта ца лаар а ю, ткъа ахь цуьнан кхачамбацар бахьана долуш хьайн сингаттам схьагайтар цуьнан кхачамбацар гучубаккхар ду. ГIийбат дарх хьо вуха кхетарна тоьаш ду хьуна Лекха хинволчу Делан дош:

×Аш вовшийн гIийбат а ма де; лаьий шуна цхьанна а шайн веллачу вешин дилха даа? (гой шуна), ца дезало шуна изаØ.[9]

Ахь гIийбат дахь, делахь хьо Дала тарвина еллачу хIуманан дилха дууш волчух, ма чIогIа коьрта ду-кх хьо цунах ларвалар!

ГIийбат дарх хьо вухатухур вара цхьана хIумано, ахь цунна тIехь ойла йахьара… Хьо хьайга хьажахьара… Хьоьца дуй-те цхьа а кхачамбацар, гучахь дерг а, къайлах дерг а? Хьо вуй-те Iесаллех хаьдда, къайлах а, гучахь а? Ткъа нагахь хьайна хьайца дерг довзахь, хьуна хаа деза кхиверг оцу Iесаллех лар ца валавалар хьо лар ца валавалар санна хилар, цуьнан бахьана а ахь хьайна луш долу бахьана санна хилар. Хьуна хьой гучуваккха ца лаар санна, хьайн кхачамбацарш дийцар хьуна ца дезаре терра цунна а ца деза хьуна иза иштта. Ткъа нагахь санна ахь цуьнан кхачамбацарш къайла хьахь Дала хьайниш а къайла хьур ду, нагахь санна ахь иза вуьйцуш гучуваккхахь Дала ира меттанаш тIетосур ду хьуна, дуьненахь хьан сий дойъуш, тIаккха эхартахь къемат-дийнахь гучувоккхур ву хьо Цо массо нахана хьалха.

Амма нагахь санна хьо хьайн гучахьалле а, хьайн къайленашка а хьаьжначул тIаьхьа хьуна цу шинне чохь хьайца цхьа а эшам ца карабахь, йа цхьа а дуьненан а динан а кхачамбацар ца карадахь, делахь хьуна хаийла хьуна хьайн и вонаш ца довзар уггар боьха Iовдалалла ю хьуна, Iовдалаллел доккха кхачамбацар дан а дац хьуна, АллахIана хьуна дика хилийта лууш хиллехьара Цо хьуна хьан къинош эшамаш гайтина хир бара, ткъа хьуна хьой уггар резаволчу куьцехь гар хьан Iовдалаллин а хьан жохIлаллин а лакхара бухь бу.

Ткъа нагахь санна хьо хьайна иштта хетарехь баккъалла а бакъ велахь, делахь ахь Лекха хинволчу Далла шукр де, Цунна хастам а бе ахь, хьайн иштта йоккха дикалла нахах лаьцна къамелаш дарца а церан сий дайарца а талха а ма йе ахь, и хIума лелор уггар баккхийчу эшамех ду хьуна.

4) Къийсавалар а, нахаца къамелаца къовсам латтор а. Къийсаваларна юкъахь хьо шега вист хуьлуш волчунна хьовзам бар ду, иза цакхетаме ларар ду, цунна хIума алар ду, ахь айхьа хьой хеставар а ду, хьой цIанвар а ду, хьайгахь Iилма а кхетам а алсам ду бохуш.

Цул совнаха, къийсаваларо новкъарлонаш йо паргIатчу дахарна, хIунда аьлча хьо цхьа а сонта стагца къовса лур вац цо хьуна хьовзам бина бен, йа цхьа а кIедачу стагца а хьо къовсалур вац цо хьо цу къовсамехь кхехкийна бен, цуьнан дагчохь хьоьца хьагI кхуллуш бен. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла ду вайга:

«Ша харц а волуш къовсам Iад битинчунна Дала цIа дугIур ду ялсаманин дьухьехь. Ша бакъ а волуш къовсам Iад битинчунна Дала цIа дугIур ялсаманин лекхачу буьхьехь».[10]

ШайтIане хьой Iехавайта а ца веза ахь, цуьнан дешнашца: «Нийсо а бакъо а гучуйаккха, нахана хьалха диканиг хила ца гIерташ!» ШайтIано даим Iовдал нах дика хьалха а туьйсуш вочу хIуманна тIебуьгу, цундела шайтIа хьайх дела ма делийталахь, тIаьххьара а аьшнаш вийр ву хьо цо. Бакъо гучуйаккхар дика хIума ду, делахь а иза хьоьгара къобал еш волчунна гучуйаккхар ду дика, цунна иза ша волчахь дика хьехар дарца, цуьнца къийса а ца луш.

Хьехар даран а шен сифат а куц а ду, цуьнца хила езаш кIедалла а ю, ткъа иза иштта ца хилахь воне доьрзур ду, цуьнах хир долу зен цуьнан диканал алсам а дер ду.

Таханлера харц-Iилманчашца леллачунна тIедужур ду къовсам а къийсавалар а, цунна дазлур ду тап аьлла IадIар, хIунда аьлча вон-Iелам-наха царна хетадалийтина къийсавалар дозалла ду аьлла, къовсаваларехь а дуьхьало йарехь а ницкъ хилар хастаме а ду аьлла, ткъа хьо хьайн ма-хуьллу дIавада хьо церах, лоьмах хьой водур хилча санна. Хьайна хаийта ахь, къийсавалар Дела оьгIазвохуьйту а нах а оьгIазбохуьйту а бахьана хилар.

5) Айхьа хьой хестор.  Лекха хинволчу Дала аьлла:

×Ткъа аш шаьш цIандеш ма хестаде; Иза (АллахI) ву (Шех) кхоьруш верг гIолий воьвзашØ.[11]

Цхьана хьекъалче хаьттина хилла: «Бакъдолу вон хIума хIун ду?» Цо жоп делла: «Шегахь долчу хIуманца стага ша хестор ду, верлахь ларлолахь хьайца и хIума хиларх».

Хьуна хаийла, оцу хеставаро нахана гергахь хьан меттиг эшаме еш хилар, Делан оьгIазло цо хьуна тIетосуш хилар. Ткъа нагахь санна хьайна хаа лаахь ахь айхьа хьой хеставаро нахана гергахь хьо лакха ца воккхий, делахь хьо хьажа хьайн нийсархошка, цара шаьш хесточу хенахь шайн дикаллийца а, шайн нахана юкъарчу меттигашца а, шайн даьхнийца, мел ца дезало иза хьан дагна, мел хала хета иза хьан кхетамна, мел вон ойла хуьлу хьан церах лаьцна уьш хьуна гена боьвлча. Оцу кепара, хьуна а хаа деза ахь айхьа хьой хестийча, царна хьо шайна юкъахь воллушехь цавезалуш хилар,хьо шайх дIакъаьстича цара иза шайн меттанашца гучудоккхур а хилар.

6) НеIалт алар. Верлахь верлахь, ларлолахь Лекха хинволчу Дала кхоьллинчу цхьана хIуманна – йа хьайбанна-экханна, йа даарна, йа цхьана билггалчу адамана – неIалт аларх. Къилбан охIлунна (Бусалба нахана) цхьанна а цкъа а хадош тешалла ма де ахь цо Делаца накъост вина але, йа иза керста ву але, йа мунепакъ ву але, хIунда аьлча къайленаш йоьвзаш верг Лекха хинволу АллахI ву хьуна, цундела Далла а Цуьнан лайшна а юкъавола ма гIерта хьо.

Хьуна хаа деза кеъмат дийнахь хьоьга хоттур ца хилар: «Хьенехана неIалт хIунда ца элира ахь? Iад хIунда витира ахь иза?» аьлла, муххале а ахь хьайн дерриг дахарехь Иблисана неIалт ца аьлча а, йа цкъа а хьайн маттаца иза ца хьахийча а хьоьга иза хоттур долуш дац хьуна, йа хьоьгара къемат дийнахь иза доьхур долуш а дац хьуна. Амма нагахь санна ахь Дала кхоьллинчу цхьана хIуманна неIалт алахь – хьоьга иза хоттур а ду хьуна, цуьнан жоп хьоьга доьхур а ду хьуна.

Цундела Лекха хинволчу Дала кхоьллина цхьа а хIума сийсаз ма де ахь, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – вон даарна цкъа а вон хIума олуш ца хилла хьуна, шена иза дезча дууш хилла цо, цадезча Iаддуьтуш хилла.

7) Дала кхоьллинчу хIуманна доьхьал доIа дар. Ахь ларбе хьайн мотт Лекха хинволчу Дала кхоьллинчу цхьана хIуманна доьхьал доIа дарх. Нагахь хьайна цхьамма зулам динехь – Лекха хинволчу АллахIа кера дIало ахь иза, хьадисехь деана ду хьуна:

«Шена зулам хиллачо доIа до шена зулам динчунна доьхьал, цунна кхоччуш бекхам хиллалц, тIаккха зулам динчунна гергахь вукхунна доьхьал дикалла юьссу, къемат дийнахь цуьнга хаттам бийр болуш».[12] 

Хьаджжáж волчу хенахь цхьаболчу наха дукха деха къамелаш деш хилла цунах лаьцна, тIаккха цхьаболчу хIетахьлерачу дикчу наха (салафаша) аьлла: «Оцу Хьаджжажах лаьцна шен мотт лебеш волчуьнгара Дала чIир оьцур ю Хьаджжажан хьакъ дIалуш; оцу Хьаджажера а Дала чIир оьцур ю, цо зулам динчеран хьакъ дIалуш».

8) Забарш йар, нахах цавашар, церах кхардар. Ахь ларбе хьайн мотт цу хIуманех, хьой баккъалла вист хуьулш волуш а, йа забар еш волуш. Цу гIуллакхо юьхьIаржа во стаг, сий дIаайдо, нахах къехкар тIедожадо, нехан дегнашна хало а йо. Харц къовсаман юьхь ю иза, оьгIазлонан юьхь ю иза, чуччагIертаран юьхь а ю иза. Дегнаш чохь хьагI кхуллу цу гIуллакхо, цундела цхьаннеца а забарш ма йе ахь, цхьамма хьайца забар йича а цуьнца забар ма йе ахь. Хьайца забарш йеш болчерах вухавала хьо, кхин къамел цара доладаллалц. Хьо хила шаьш даьссачу къамелана тIенисбелча шайн сий ца дойъуш тIехбовлуш болчерах.

 

И лакхахь хьахийнарш меттан баланех коьртаниш дара. Церах хьуна ларвала лаахь хьуна гIо дийр дерг нахана юкъахь дукха ца лелар а ду, хьайна чIогIа оьшуш долчу меттехь бен вист ца хилар а ду. Абу Бакара – Дела реза хуьлда цунна – шен бага жима тIулг буьллуш хилла, эрна къамел шега ца дайтархьама. Шен матте тIе пIелг а хьажош олуш хилла цо: «ХIара бу со халонашка эгийнарг». Цундела хьо ларло цунах хьайн ма-хуьллу, бакъдолуш иза хьо дуьненахь а эхартахь а хIаллакьхиларна уггар доккха бахьана ду хьуна.

Амма гай: ахь иза ларде хьарам долу хIума даарх а, шеконехь долу хIума даарх а. Хьо лохуш хила хьайна хьанал дерг, тIаккха хьайна иза карийначул тIаьхьа ахь тоам бе кхоччуш вуза а ца вузуш айхьа дууш долчунах, хIунда аьлча кхоччуш вузаро дог чIагIдо, хьекъал талхадо, дагахьIамор галдоккху, Iибадат дарна а, Iилма Iаморна а дегIан меженаш йазйо, дегIан марзонаш чIагI а йо, шайтIанан эскарш тола а до. Хьанал долчунах кхоччуш вузар массо вочу хIуманан дуьхье ю, ткъа и рицкъа хьарам хилча муха хир ду аьлла хета хьуна?

Хьанал рицкъа лахар хIора бусалба стагна тIехь декхар (парз) ду. Хьарам дерг даа а дууш Iамош долу Iилма а, деш долу Iибадат а кхелли тIехь дина цIа санна ду, цундела хьайн цхьана шарна цхьана кучаца а ахь тоам бича, цхьана денна-буьйсанна шина хьокхумца а тоам бича, уггар мерза-мерза даарш а ахь Iаддитча, хьанал долчул тIехвоккхур вац хьо цо, ткъа хьанал дерг дукха ду хьуна.

Къайлах дерг хаа гIертар тIехь дац хьуна, хьайна билггал хьарам дуй хууш долчух хьо ларвалар ду хьуна тIедиллина дерг, йа хьайна хьарам ду аьлла хеташ долчух – цхьана билггалчу билгалонца а, гуш долчу даьхнийца а хьуна иза хеталахь – ларвалар а ду хьуна тIехь дерг.

Хьарам дуй хьуна хууш дерг – хьуна хьеха а ца оьшуш, цхьана билгалонца хьуна хьарам ду аьлла хеташ дерг – иза паччахьан даьхни а ду, цуьнан белхалойн даьхни а ду, стаг велча белхарш хIитторца бен кхин рицкъ ца доккхучуьнан даьхни а ду, къаьркъа духкучуьнан даьхни а ду, духалург деллачу ахчанна тIера са йоккхуш волчуьнан даьхни а ду, харц-ловзарш тIехь рицкъа дечуьнан даьхни а ду, иштта кхин долчу хьарам гIирсашца рицкъа доккхучуьнан даьхни а ду. Нагахь санна хьайна цхьанне дукхах долу даьхни билггал хьарам дуй хаахь, цуьнгара даьхни схьа ма эца ахь, цуьнан цхьадолу даьхни хьанал хила тарлуш делахь а иза ша-дерг хьарам ду хьуна, хIунда цуьнан дукхах долу даьхни хьарам хилар вайна хууш долу дела.

Билггал хьарам даьхни ду хьуна бусалба наха «вакъф»[13] дина долчу даьхнех хьакъ доцуш схьаоьцуш дерг. Iилма Iамочарна цIетоьхна делла долчу даьхнех Iилма Iамош воцучо хьуьжаршкара схьаоьцуш долу даьхни хьарам ду – ткъа и санна долу къа латийначуьнгара тешалла а къобал деш дац – дикчу нехан цIарах цо иза иштта цIетоьхначу меттигашкара схьаоьцуш делахь а иза хьарам ду.

Даьхнийца шеконаш тIехIуьттуш долу хьолаш а, хьанал дерг а, хьарам дерг а, а ша-дерг ас хьахийна хьуна «Динан Iилманаш дендар» цIе йолчу жайнин юкъахь долчу цхьана дакъана чохь, цундела ахь цу тIехь лаха деза иза, хIунда аьлча хьанал дерг довзар а иза лахар а хIора бусалба стеган декхар ду пхи ламаз дар санна.

Амма бехкеметтиг: ахь иза ларйе Лекха хинволчу Дала хьарам мел динчу хIуманах. Хьо хила Лекха хинволчу Дала хIокху аятехь хьахийнарш санна:

×Шайн бехкеметтигаш ларйеш берш а. Шайн зудршца а, йа шайн куьйга кIеллахь болчаьрца а доцург – ишттачу меттехь вон хIума дац царнаØ.[14]

Хьайн бехкеметтиг ларйаре хьо кхачалур вац ахь ахьайн бIаьрг вочу метте хьажорах ларбича бен, хьайн дог вон ойланаш йарх лардича бен, хьайн гай шеконан даарех лардича а бен, кхоччуш вузарх лардича а бен, хIунда аьлча и масех хIума долу дела дегIан марзонаш а цуьнан лаамаш а меттахбохуш дерг.

 Амма ши куьг: ахь и шиъ ларде айхьа цаьршинца бусалба стагна тохарх, йа айхьа цаьршинца хьарам даьхни кералацарх, йа Дала кхоьллинчу цхьана хIуманна айхьа цаьршинца зен дарх, йа айхьа цаьршинца хьайга дIайилла еллачу хIуманна а хьайга деллачу тешамаллийна а тешнабехк барх, йа айхьа цаьршинца маттаца схьаала ца мегарг яздарх – къолам шина маттах цхьаъ бу хьуна, цундела ахь ларбе хьайн къолам айхьа хьайн мотт ларбан безачух –.

Амма ши ког: ахь и шиъ ларбе хьой цаьршинца хьарам долчу метте вахарх, йа хьой цаьршинца зуламе волчу паччахьан неIар хIиттарх, бакъдолуш, доккха хьашт а хуьлуш хало а йоцучу хенахь зуламе болчу паччахьашна тIелелар йоккха Iесалла ю хьуна, хIунда аьлча хьо царна хьалха хIиттар уьш зулам деш боллушехь хьо царна хьествалар а ахь церан сий дар долу дела. Лекха хинволчу Дала омру дина вайна церах духакхета аьлла:

×Шу ма хила герга зулам деш болчарна, (аш и дахь, жоьжахатин) цIе хьаьрчар ю шухØ.[15]

Хьо оцу паччахьашна тIелелар ахь церандукхалла совйаккхар ду, церан зуламана ахь гIо дар а ду. Нагахь санна церан даьхни дезаш хьо царна тIелелаш велахь – иза хьарам даьхни лехар ду, ткъа вайга вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла ду:

«Дикчу хьолахочунна хьаставеллачуьнан динан кхаа декъах ши дакъа телхина дIадер ду».[16]

И хьадис дика волчу хьолахочунна хьаставеллачух лаьцна ду, зуламе волчу хьолахочунна хьаставеллачунна хIун хир ду аьлла хета хьуна?!

Юкъарчу чулацамца вай хьоьга аьлча, хьо хьайн дегIан меженашца меттахвийлар а, хьо тийна Iар а Лекха хинволчу Дала хьуна делла ниIматех цхьа ниIмат ду хьуна, цундела Лекха хинволчу Далла Iеса хиларехь цхьа а хьайн меже меттах ма йаккха ахь, Лекха хинволчу Далла мутIахь хиларе хьовза йе ахь хьайн меженаш.

Хьуна хаийла, нагахь санна ахь ледарло йахь – цуьнан бала хьуна хьайна хир бу хьуна, нагахь санна ахь диканна сихо йахь – цуьнан стом а хьоьга хьайга боьрзур бу хьуна, Лакхаллехь лекха волу АллахI хьо а хьан Iамалш а оьшуш вац хьуна! Муххале а, хIора са ша динчуьнца дихкина ду хьуна. Верлахь ларлолахь хьой Iеса а лелаш, хьайн дагца айхьа аларх: «Дела комаьрша ву, къинхетам беш ву, Iеса хиллачеран къиношна гечдеш ву» аьлла, хIунда аьлча и дош харцонна аьлла нийса аьлла дош ду, и олуш верг Iовдалаллин сифат шеца долуш а ву, Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – цунах лаьцна аларе терра:

«Сов-хьекъал долуш верг – шен сине хаттам бинарг ву, ша веллачул тIаьхьа хир долчунна Iамал йинарг а ву. Iовдал верг – шен са цуьнан лаамаш тIехь дIахеццарг ву, Делера цхьацца диканаш а дезаш».[17]

Хьуна хаийла ахь иштта аьлла долу и дош тера хилар, динан Iелам-стаг хила лууш волчу стагах, Iилма Iама а ца деш, хан эрна дIа а йохуьйтуш, «Дела комаьрша а къинхетам беш а ма-ву, Шен эвлаяийн дегнаш чу Ша тесна долу Iилма – и хилла ца Iаш, Шен пайхамарийн дегнашна Ша делла хилла Iилма – сан дагчу а таса ницкъ кхочуш ма-ву иза, ас цхьа а къа ца хьегча а, хIумма Iама ца дича а, жайнаш тIе со цахьежча а». И дош олуш верг тера ву ахча дезаш волчу стагах, латта лелор а Iад а дитина, махлелор а Iад а дитина, рицкъа лахар а Iад а дитина, эрна хан дIа а йохуьйтуш, тIаккха ша олуш: «Баккъалла а, АллахI комаьрша а къинхетам беш а ву, стигланийн а лаьттан а хазнаш Цуьнан керахь ю, оцу хазнех цхьа хазна суна гайта ницкъ кхочуш ву Иза, соьга къа а ца хьегайтуш, Шен цхьаболчу лайшна дан а ма-дина Цо иза». Ткъа хIокху шина стеган хIара къамел хезча и шиъ мел Iовдал хета хьуна, мел воьлу хьо цаьршиннах, цаьршима хьахийна йолу Лекха хинволчу Делан комаьршалла а Цуьнан ницкъ а хьайна бакъ дуй хуушехь. Оцу кепара хьох а боьлур бу хьуна динехь лакхарчу даржашкахь кхаьчна берш, еш Iамал а йацуш хьо гечдар дезаш велахь, Лекха хинволу Дела хьайга бохуш воллушехь:   

×Адамана хир дац цо лелийнарг бенØ.[18]

Кхин а бах Цо:

×Шуна хир болу бекхам аш динчунна бен бац шунаØ.[19]

Кхин а бах Цо:

×Баккъалла а, дика нах ниIматехь хир бу. Баккъалла а, вон нах жоьжахатехь а хир буØ.[20]

Ткъа айхьа Iилма лахарехь а, даьхни лахарехь а, Делан комаьршаллийна тIе а доьгIна Iамал йар Iаддуьтур ца хилча, оцу кепара ахь Iад дита ца деза эхартана кечвалар. Iамал йарехь гIел ма ло хьо, бакъдолуш дуьненан а эхартан а Дела цхьаъ ву хьуна, Иза цу шинне чохь а комаьрша а, къинхетам беш а ву хьуна, ахь еш йолчу Iамало Цуьнан комаьршалла тIекхетайтуш а йац хьуна. Цуьнан комаьршалла даим долчу паччахьалле а, хедар доцучу ниIмате а хьо кхачаран некъ хьуна атта бар ю хьуна, хIокху кIеззигчу деношкахь хьоьга сатохуьйтуш хьайн дегIан марзонех. И ю уггар йоккха комаьршалла. Ткъа ахь хьайн синна къамелаш ма де балхаза болчу нехан Iовдалчу къамелашца, муххале а хьо тIаьхьаваза кхачаме лааман дай хиллачу пайхамаршна а, дикчу нахана а. Айхьа дIабийна стом бен хьайна хиларга дог ма даха ахь. Марханаш кхаьбначарна а, ламазаш динчарна а, гIазот динчарна а, Делах кхийринчарна а Дала гечдийр дац-те?

ХIара вай дийцинарг ахь хьайн гучахь йолу дегIан меженаш ларйан езарх лаьцна дара. Оцу меженийн Iамалш гучуйовлар хьан деган сифаташкара схьа хуьлуш ду, цундела нагахь санна хьунй хьайн меженаш ларйан лаахь – ахь цIандан деза хьайн дог, дог цIандар къайлах долу Делах кхерар ду.

Вайн кийрара дог – иза цхьа жима дилха ду, иза тоделла нисделча ша-долу дегI толуш нислуш долу, иза телхича ша-долу дегI а телхаш долу. Цундела хьайн дог тодарна тIеверза хьо, хьайн меженаш и бахьана долуш тойалийтархьама… Цу деган дикалла ахь даим цунна тIехь терго йарца хир ду хьуна.   

 

 


Деган Iесаллаш

 

Хьуна хаийла, дагца хуьлуш долу вон сифаташ дукха хилар, и дог оцу вочу сифатех цIандаран некъ дукха беха хилар, царна дарба даран некъ къастаме ца хилар. И некъ бовзаран Iилма а, цуьнца Iамал йар а тахана нахана юкъара дIадаьлла даьлла, адамашна шайн синош дицделла дела, нах дуьненан хазаллашна тIаьхьабоьвлла лела дела. И ша-дерг чулоцуш ас хьахийна сайн жайни тIехь: «Динан Iилманаш дендар» цIе йолуш долчу, хIаллаквеш долу хIуманаш а, кIелхьалара воккху хIуманаш а дуьйцучу дакъошкахь. Делахь а, хIинца ас хьоьга кхерамца кховдор ду деган кхо боьха сифат – таханлерачу Iилман-дай бу бохучаьрца дукха хуьлуш долу – хьо церах ларвалийта, хIунда аьлча цара адам хIаллакдо дела, кхечу массо боьхачу сифатийн кортош а уьш долу дела.

И кхо сифат ду: хьагI а, «рийáъ» (ша деш дерг нахана ша гайтархьама дар) а, ша шех воккхавер а. Хьайн ма-хуьллу и кхо хIума хьайн дагах дIацIанда хьажа хьо, ткъа нагахь хьайн и дан ницкъ кхачахь ахь Iамаде хьайна дисинчу хIаллаквеш долчу хIуманех лар муха вала веза. Амма нагахь санна хьо оцу кхааннах лар ца валалахь, хьоьга хьайца долчара и кхоъ дIа ца даккхалахь, делахь хьоьга кхидерг а даккхалур дац хьуна дIа.

Хьуна ма моттийла, хьо Iилма Iамош хилча хьайн ниййат цIена лаьттар ду аьлла, хьан дагчохь хьагIах а, «рийáах» а, хьайх воккхаверх а цхьа дакъа а долуш. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла ду хьуна:

«Кхо хIума ду хIаллаквеш дерг: йоккха бIаьрмецигалла а, шена тIаьхьавуьгуш болу синалаам а, стаг шех цецвуьйлуш ша-шех воккхавер а».[21]   

Амма хьагI хилар: иза бIаьрмецигаллех а, догъIаьржаллех а схьадолуш ду. БIаьрмециг стаг – иза шегахь дерг кхечарна даларна тIехь сутара хьулуш верг ву. ДогъIаьржа стаг – иза Дала Шен лайшна луш долчу ниIматашна сутаралла еш верг ву, и ниIматаш шен керахь а доцуш Делан керахь доллушехь. Цундела цуьнан и догъIаьржаллин боьхалла чIогIо ю бIаьрмецигаллел а. Ткъа хьагI лелош верг – иза Лекха хинволчу Дала Ша кхоьллинчу адамех цхьанна ниIмат далар шена дазлуш верг ву, Дала цхьанна Iилма делча, йа даьхни делча, йа нехан дегнашна иза везавалийтича, йа кхидолу цхьа дика цунна дича иза халахеташ верг ву. Цуьнан боьхалла чIогIа лакхара ю, хIунда аьлча шена цунах хуьлуш цхьа а пайда боццушехь, Дала цхьанна дина долу дика цуьнгара дIадала лууш хила иза. Цундела аьлла Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:

«ХьагI хиларо стага дина долу дика гIуллакхаш дагадой дIадоху, цIеро дечиг дагош санна».[22]     

ХьагI лелош волу стаг – цхьа а къинхетам боцу Iазап даим шеца лаьтташ волу стаг ву иза, хIокху дуьнена чохь мел ву шеца Iазап лаьттар долу стаг ву иза, хIунда аьлча хIара дуьне лаьтташ а мел ду, и стаг дийна а мел ву хедар бац цуьнан нийсархой а, цунна боьвзаш берш а, Дала шайна цхьацца ниIматаш дина болу, йа Iилманца, йа даьхница, йа нахана безарца, цундела и санна волчу стага ша валлалц хIокху дуьненахь ша Iазапехь латтор ву, ткъа эхартара Iазап мел чIогIа а, доккха а хир ду цунна.

Делан лай кхоччуш долчу Делах тешарга кхочур вац, нагахь санна цунна шена дезарг кхечу бусалба нахана а дезаш ца хилахь. Цундела, бусалба стаг дакъа лоцуш хила веза кхечу бусалба нахана хьулучу диканехь а, вонехь а. Буслаб нах цхьа гIишло санна бу, цхьана декъо важа дакъа чIагIдеш. Бусалба нах цхьа дегI санна бу, цхьа меже лаза яьлча ша-долу дегI лаза долуш. Цундела, нагахь санна иштта болу кхетам хьайн дагчохь хьуна ца кара бахь – делахь, хьой хIаллакьвийр волчу хIуманех кIелхьаравалар ахь лахар коьрта ду хьуна, наггахь долу Iилманан хаттарш а, къийсаме долу Iилманаш а Iамочул.

 Амма «рийáъ»: къайлах Делаца накъост вар ду иза, шина кепара долчу Делаца накъост варх цхьа дакъа ду иза. Иза – ахь нехан дегнаш чохь меттиг лехар ду, нахана юкъахь хьой лакхара хетийтархьама. Ткъа нахана хьой лакхара хетийта лаар – хьо шена тIаьхьа водахь хьо хIаллакьвийр волу синалаам бу, дукхах долу адамаш цу чу эгар бахьана долуш хIаллакьхуьлуш а ду, хIунда аьлча цхьа адам хIаллакдинарг важа адам бен дац. Нах цIенчу даггара шайга хьовсахьара царна хуур дара, шаьш Iамош долу дукхах долу Iилманаш а, шаьш деш долу дукхах долу Iибадаташ а – Iадатца лелош дерг-м дуьйцур а дацара вай – кхечу нахана шаьш гайтархьама бен шаьш Iамош а, деш а доций. Ткъа иштта Iамал йаро цара деш дерг ша-дерг галдоккхуш ду, церан Iамалш талхош ю, хьадисехь деана ма-дарра:

«Бакъдолуш, гIазотехь кхелхинарг валор ву къемат дийнахь жоьжахатин цIерга, тIаккха цо эр ду: «ХIай сан Дела! Хьан некъахь тIом беш кхелхина вара-кх со». ТIаккха лекха хинволчу АллахIа эр ду: «Муххале а, хьуна лиира наха хьайх лаьцна алийта - «хьенех майра ву» - аьлла, ткъа иза аьлла даьлла, и бу хьан мел».[23]  

Иштта жоп лур ду иштта ниййат долуш хиллачу Iелам-стаге а, Хьаьжин-цIа леллачуьнга а, Къуръан доьшуш хиллачуьнга а.

Амма ша-шех воккхавер а, куралла йар а, вазвалар а: и ша-дерг доккха лазар ду. Иза – Делан лай ша-шега нуьцкъаллица а, ша вазварца а хьажар ду, кехчуьнга сийсазаллица а, лахара хетарца а хьажар ду. Матта тIехь цунах схьадолу жамI цо алар ду - «ас… со…» - Дала шена неIалт аьлла долчу Иблиса аларе терра:

×Со цул (Адамал) дика ду; Ахь со кхоьллина цIерах, иза Ахь кхоьллина поппархØ.[24] 

Нахаца иштта стаг хиъна Iаш хилча цунах схьадолуш дерг иза айвалар а, хьалхагIертар а ду, ша цхьаьнца къамел деш хилча шен къамел духатохарна доьхьал вийлар а ду.

Куралла еш верг – иза шена хьехам бар цадезаш верг ву, ша хьехам бечу хенахь чIогIа хьулуш верг ву. Дала кхоьллинчу адамел ша гIоилий хеташ верг – иза ву кура стаг. Ткъа нагахь санна дика стаг мила ву хьуна хаа лаахь, хьуна хаа деза дика стаг лекха хинволчу Далла гергахь эхартахь дика хирверг – иза дика стаг хилар, ткъа и хIума вайна доьвзаш дац, стеган хIокху дуьнена чура араваларх доьзна хIума ду иза. Ткъа хьуна хьой цхьана кхечул гIолий хетар кхин ца хиллал боккха цакхетам бу. Муххале а, хьо кхечуьнга хьажа ца веза цкъа а иза хьайл гIолий ву аьлла хеташ бен, цуьнан дозалла хьайл сов ду аьлла хеташ бен, хьан хьайн са цуьнчул эшаме ду хетта а бен. Хьайна хьайл жиманиг гахь эр ду ахь: «ХIара Далла Iеса хилла вац, амма соьгара Iесаллаш йоьвлла, цундела шеко яц хIара соьл гIолий хилар». Хьайна воккханиг гича эр ду ахь: «ХIокхо соьл хьалха Далла Iибадат дина, цундела шеко яц хIара соьл гIолий хилар». Iелам-стаг хьайна гича эр ду ахь: «ХIокхунна суна ца делларг делла Дала, со ца кхаьчначе кхаьчна хIара, суна ца хиънарг хиъна хIокхунна, ткъа со мичара хир ву и санна?!» Хьайн хьайл Iилманца кIеззиг верг гича эр ду ахь: «ХIара Далла Iеса хиллехь а шена хаа а ца хууш хилла, амма со хаа а хууш хилла. Далла гергахь суна доьхьал долу тешалла чIогIо хир ду. Суна ца хаьа сайн валар муха доьрзур ду а, йа цуьнан валар муха доьрзур ду а!» Нагахь хьайна керста стаг гахь эр ду ахь: «Суна хIун хаьа, бусалба дин тIе а лаьцна, дикчу Iамалца валар хила а ма-мега цуьнан; бусалба дин цо тIелацарца шен массо къинойх цIанвелла аравала а ма-мега иза, бод юкъара мас схьаяьккхина цIена хиларе терра. Ткъа со, со кхоьру Дала сой гал а ваьккхина ас керстаналла дарх – Дала ларвойла со цунах – тIаккха вочу Iамалца сан валар хиларх, и бахьана долуш Дала Шена генабаьхначерах со хиларх».  

Хьан дагчура куралла дIер яц хьуна хьуна цхьа хIума хиъча бен: стаг «воккха» хуьлуш вац, Лекха хинволчу АллахIана иза воккха хеташ хилча бен. Ткъа иза АллахIана гергахь иштта ву йа вац хаар цуьнан валарца доьзна ду. Валар муха хир ду вайна цхьанна а хууш дац. И хIума хьуна довзахь, цо хьо вухатухур ву Делан лайшна тIехь куралла йарх, хьайн валар хьайна муха хир ду ца хуъушехь. Ткъа тахана хьоьца Ийман хилар а, хьо баккъалла Делах тешна хилар а, тIейогIучу хенахь хьо хийцалур вац ала бахьана дац хьуна; АллахI дегнаш Шена луучу агIор хуьйцуш ву, Шена луург нисво Цо, Шена луург гал а воккху Цо.

ХIагIах лаьцна а, кураллех а, «рийáах» а, ша-шех воккхаверах лаьцна а долу хьадисаш дукха ду хьуна, ткъа хIинца хьуна и ша-дерг чулоцуш долу цхьаъ тоьар ду. Ибнул Мубáрака шен «иснáдаца» дийцина, цхьана стага МуIáз ибн Джабал (асхьабе) – Дела реза хуьлда цунна – хаьттина хилла аьлла: «ХIай МуIáз! Делан Элчанера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьайна хезна долу хьадис дийцахьа суна». МуIаз тIаккха вилхина, оцу стагна иза саца валла а воллий-те аьлла хетталц. ТIаккха воьлхучара саца а сецна аьлла цо: «Ма чIогIа сагатделла-кх сан Делан Элчане а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – иза ган а! Суна хезира Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – сайга олуш: «ХIай МуIáз!» Ас элира: «Сайн дех-ненах а ас хуьйцур воцург, ладугIуш ву хьуна со!» Цо элира соьга тIаккха: «Ас цхьа хьадис дуьйцур ду хьуна, нагахь ахь иза Iамадахь Далла гергахь пайда бийр бу хьуна цо, нагахь ахь иза Iама а ца деш дIатесна дитахь кеъмат дийнахь Далла гергахь хьан хир долу тешалла дIахедар ду хьан. ХIай МуIáз! Бакъдолуш, беркате а, лекха а волчу АллахIа Ша стигланаш а латта а кхоллале ворхI малийк кхоьллина, тIаккха стигланаш а, латта а кхоьллина Цо. ТIаккха цу ворхI стигланах хIора стигална тIе малийк хIоттийна Цо, иза ларйеш. Адамаш лардеш долу малийкаш цу стигланашка хьаладоьлху, Iуьйранна дуьйна суьйре кхаччалц цо йина йолу Iамал а оьций, маьлха нур санна шеца нур долуш йолу. Дуьненна уггар герга йолчу стигала уьш хьалакхаьчча, цуьнан и Iамал цIанлой, алсам йолу. ТIаккха оцу стигална тIехIоттийна долчу малийко олу лаьттара хьаладогIучу малийкашка: «Йахьа а хьой оцу стеган юьхь тIе тоха хIара Iамал… Со гIийбат дарна тIехIоттийна ду… Сан Дала суна омру дина гIийбат динчуьнан Iамал сайл тIех ма ялийта аьлла». Кхин малийкаш хьаладоьлху цхьана стеган дика Iамал оьций, шеца нур долуш йолу, шолгIачу стигала хьалакхаччалц, хIора стигал тIе мел кхочу и Iамал цIанлуш алсам а йолуш, тIаккха цаьрга олу цу стигална тIехIоттийна долчу малийко: «Совца! Оцу стеган юьхь тIетоха хIара цуьнан Iамал… Цу шен Iамалца дуьне дезна цунна… Со дозаллийна тIехIоттийна малийк ду. Суна сан Дала омру дина цуьнан Iамал сайл тIех ма ялийта аьлла. Нахана юкъахь ша хиъна Iаш волуш, царна тIехь дозаллаш деш вара иза…» Кхин малийкаш хьадоьлху цхьана стеган Iамалца – шех хьерчаш нур долуш йолу – цо делла сагIа а, дина ламаз а, кхаьбна марха а оьций, и малийкаш цецдуьйлуш, царна хазахеташ йолу Iамал оьций, кхоалгIачу стигала хьалакхаччалц. ТIаккха цу стигална тIехIоттийначу малийко олу цаьрга: «Совца! Оцу стеган юьхь тIетоха хIара цуьнан Iамал… Со кураллийна тIехIоттийна малийк ду. Сан Дала суна омру дина цуьнан Iамал сайл тIех ма ялийта аьлла. Нахаца ша Iаш хилча, царна тIехь кураллаш йора цо…» Кхин малийкаш хьаладоьлху цхьана стеган Iамал оьций – цо дина тасбихь а, ламаз а, кхаьбна марха а, дина хьадж а, Iумрат а – къегина седа санна лепаш йолу, шеца хаза хазар а долуш йолу, йоьалгIачу стигала хьалакхаччалц. ТIаккха цу стигална тIехIоттийначу малийко олу цаьрга: «Совца! Оцу стеган юьхь тIе а, букъ тIе а, гай тIе а тоха хIара цуьнан Iамал… Со ша-шех воккхаверна тIехIоттийна малийк ду. Сан Дала суна омру дина цуьнан Iамал сайл тIех ма ялийта аьлла. Ша цхьа Iамал йича, ша-шех воккхавери иза и ша динарг бахьана долуш». Кхин малийкаш хьаладоьлху пхоьалгIачу стигала кхаччалц, цхьана стеган Iамал оьций, лараме кечдина долчу нускалан хазалла санна шеца хазалла йолуш йолу. ТIаккха цу стигална тIехIоттийначу малийко олу цаьрга: «Совца! Оцу стеган юьхь тIетоха хIара цуьнан Iамал… Йахьа а хьой цуьнан вортана тIетаса иза… Со хьагI лелорна тIехIоттийна малийк ду. Цо хьагI лелайора Iилма Iамочаьрца а, ша-санна Iамал ечаьрца а. Шел алсам Iамал мел ечуьнца а хьагI хилара цуьнан, цунна луьйш хилара иза. Сан Дала суна омру дина цуьнан Iамал сайл тIех ма ялийта аьлла». Кхин малийкаш хьаладоьлху ялхолгIачу стигала кхаччалц, маьлха нур санна шех нур дуьйлуш йолу Iамал а оьций, цо дина ламаз а, делла закат а, дина хаьдж а, Iумрат а, гIазот а, кхаьбна марха а оьций. ТIаккха цу стигална тIехIоттийначу малийко олу цаьрга: «Совца! Оцу стеган юьхь тIетоха хIара цуьнан Iамал… Шайна цхьа бала хилла, йа цомгуш хилла болчу делан лайх цхьаннех а цкъа а къинхетам бина вац и стаг… Адамашка бала беъча хазахеташ хилла ву иза… Со къинхетаман малийк ду. Сан Дала суна омру дина цуьнан Iамал сайл тIех ма ялийта аьлла». Кхин малийкаш хьаладоьлху ворхIалгIачу стигала кхаччалц, шеца цхьа хаза хазар а долу, маьлха нур санна шех схьадуьлуш нур а долу Iамал оьций, ламаз а, марха а, сагIа а, гIазот а, кегийчу хIуманех ларвалар а оьций. Цу Iамалца цхьана хуьлу кхо эзар малийк. ТIаккха цу стигална тIехIоттийначу малийко олу цаьрга: «Совца! Оцу стеган юьхь тIе а, цуьнан меженаш тIе а тоха хIара цуьнан Iамал… Даг тIе мохIур а тоха цуьнан… Со Дела хьахоран малийк ду. Ас сайн Далла тIекхачарх ларйо хIора Цуьнан юьхьа доьхьа йина йоцу Iамал. Ша еш йолчу Iамалца цунна дезна Лекха хинволу АллахI а воцуш, кхин хIума. Цунна лиъна оцу Iамалца ша Iелам-нахана гергахь лакхавалийтар, цаьрга ша хьехавайтар, кхечу мехкашкахь шен цIе дIайахийтар. Сан Дала суна омру дина цуьнан Iамал сайл тIех ма ялийта аьлла. Ткъа Лекха хинволчу Дела доьхьа йина йоцу Iамал ерриг «рийáана» йина ю, ишттачу стага йина Iамал Дала къобал еш а яц». Кхин малийкаш хьаладоьлху цхьана стеган Iамал оьций, ламаз а, закат а, марха а, гIазот а, хьадж а, Iумрат а, хаза гIиллакх а, эрна къамел ца дар а, Лекха хинволу Дела хьахор а оьций. ВорхIе стигланийн малийкаша йазйо и Iамал, АллахIана тIекхаччалц долу ша-долу пардо хадош Цунна герга хьаладоьлху уьш. ТIаккха Цунна хьалха дIа а хIуьттий, цара тешалла  до цу стагна, цо дика Iамал йина хиларца а, Делан доьхьа цо иза йина хиларца а. ТIаккха Лекха хинволчу АллахIа олу цаьрга: «Шу ду Сан лайн Iамал ларйеш дерш. Со ву цуьнан дагчохь долчунна тIехь тидам беш верг. ХIокху Iамалца Со ца везна цунна. Со воцург, кхиниг везна цунна цу шен Iамалца. Сан неIалт ду цунна тIехь…» ТIаккха массо малийкаша олу: «Хьан неIалт ду-кх цунна тIехь, тхан неIалт а ду-кх цунна тIехь». ВорхIе стигланаша а, царна чохь мел долчу хIумано а неIалт олу цунна тIаккха».

ТIаккха МуIáзе велхар деъна, дукха Iийна иза метта ца вогIуш. Цул тIаьхьа аьлла цо: «Ас элира тIаккха: «ХIай Делан Элча! Хьо Делан Элча ву, ткъа со МуIáз ву, со муха вер ву цунах кIелхьара?» Цо жоп делира суна: «Суна тIаьхьавáза хьо! ХIай МуIáз! Хьайн Iамалца эшам белахь а, хьайн мотт ларбе ахь хьайн бусалба вежаршна хIума аларх – Къуръан дагахь хууш болчарна хIума аларх къаьсттина ларло хьо – хьайн къинош хьайга дерзаде ахь, уьш церан коча а туьйсуш. Уьш сийсаз барца хьайн са цIан ма де ахь. Уьш лахара хетарца хьайн са хьалаайдан ма гIерта хьо. Айхьа эхартана еш йолчу Iамална юкъа дуьненан Iамал ма йаийта ахь. Айхьа еш йолу Iамал нахана гайта ма гIерта хьо. Хьой нахаца Iаш волуш кураллаш ма йе ахь – хьан вон гIиллакхаш бахьана долуш адамаш къехкар ду хьох. Хьой цхьаьнца къамел деш волуш кхечуьнга кхийкха ма кхийкха ахь. Нахана хьалха ваз ма ло хьо, дуьненан а, эхартан а диканаш дIахедар ду хьох. Хьайн маттаца нехан сий ма хеда де ахь, къемат дийнахь жоьжахатин цIергахь цIеран жIаьлеша хедор ву хьо. Лекха хинволчу Дала аьлла: ×Шаьш сихонца каетташ долчаьрца дуй буу АсØ ХIай МуIáз, уьш хIун ю хаьий хьуна?» Ас элира тIаккха: «ХIун ю уьш, хIай Делан Элча, сайн дех-ненах а ас хуьйцур воцург?» Цо элира: «Жоьжахати чохь адамийн даьIахкаш тIера жижигана каеттар долу жIаьлеш ду хьуна уьш». Ас элира тIаккха: «Сан де-нена метта ву-кх хьо хIай Делан Элча! Хьаьнга лалур ду хIуманаш? Мила вер ву церах кIелхьара?» Цо суна жоп делира: «ХIай МуIáз! Дала шена атта динчунна атта хIуманаш ду хьуна уьш. Цу Iазапах кIелхьаравáла хьуна тоьар ду хьайна дезарг нахана дезар а, хьайн ца дезарг нахана ца дезар а. Нагахь хьо иштта хилахь – хьо маьрша хир ву хьуна, МуIáз!»[25]

Халид ибн МаIдáна аьлла: «И Деза Къуръан МуIáза санна дукха доьшуш стаг гина вац суна, и доккха хьадис шена доьвзаш хиларна».

Ткъа ахь ойла йе – хIай Iилма а, Iамал а езаш верг – хIокху хIуманашна тIехь. Хьуна хаийла: и боьха сифаташ дагчохь чIагIдаларан уггар доккха бахьана Iилма Iамор кураллийна а, къовсамна а Iамош хилар ду хьуна. ХIумма а ца хууш волу юкъара стаг оцу дукхах долчу хIуманех гена ву, Iилма Iамадо бохуш верг цара лацарна герга ву, уьш бахьана долуш хIаллакьхила тарлуш а ву.

Цундела хьо хьажа, хьуна муьлхарниг ду коьрта: цу хIаллаквеш долчу хIуманех ларвалар а Iамош, хьайн дог а цIандеш, хьайн эхарт дузар ду хьуна коьрта дерг… йа эрна хIуманашна чубоьллачаьрца царна чуволар ду хьуна коьрта дерг… хьайгахь куралла а, «рийáъ» а, хьагI а, айхьа хьайх дозалла дар а совдоккхур долу, хIаллакьхуьлучаьрца хьо хIаллакьхир волчу агIор Iилма Iамо деза ахь, йа ца деза?

Хьуна хаийла, и кхо хIума дегнийн боьхачу сифатех уггар коьртаниш хилар, и кхуьй а хIума чудуьжуш долу хIума цхьаъ хилар – дуьне дезар. Цундела аьлла Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:

«Дуьне дезар – массо гIалатлонан корта бу».[26]

Дуьненан хьал иштта делахь а, хIетте а хIара дуьне эхартан беш ю. Шена тоьъучул кху дуьненахь дерг схьаоьцуш волчунна – эхарта кхачарна шена цунах гIо хилийта – хIара дуьне эхартан беш ю, кху дуьненахь цо дIадийнарг эхартахь карор ду. ХIокху дуьненахь кхуьнан ниIматашна тIаьхьаваьлла лела лууш верг – хIара дуьне иза хIаллаквийр волу меттиг ю.

 

ХIара ас хьуна дийцинарг гучахь долчу Делах кхераран Iилманан цхьа жима дакъа ду, нисваларан юьхь а ю иза. Ткъа нагахь санна хьо хIокхуьнца Iамал йан а хьаьжна, хьан сан хьуна хIокху тIехь муьтIахь хилахь, делахь хьо хьажа веза «Динан Iилманаш дендар» жайни тIе, къайлах долу Делах кхераран Iилманга муха кхача веза хьайна хаийтархьама. Нагахь ахь хьайн деган къайле а Делах кхерарца дIаюзахь – тIаккха хьалаайлур ду хьуна а, хьан Далла а юкъахь долу пардонаш, хаамийн нуьреш дIаделлалур ду хьуна, хьекъалаллин шовданаш деттар ду хьан дагчура, хIокху Iаламан хьекъалаллаш а, къайленаш а дIаеллалур ю хьуна, бакъдолу Iилманаш атта хир ду хьуна, асхьабаш а – Дела реза хуьлда царна – «тáбиIýнаш» а болчу хенахь хилла доцу пайда боцу Iилманаш аьшнаш дина хеталур ду хьуна тIаккха.

Нагахь санна хьо элира-бахара бохучу меттера Iилма лоьхуш велахь а, къийсаваларца а, къовсамашца а хьо Iилма лоьхуш велахь а, ма-боккха бала бу-кх хьоьца, ма-тамашийна деха хир ду-кх хьан кIадвалар! Ма-инзаре доккха хир ду-кх хьан тIаьхьа ца кхиар а, хьо эшаме хилар а!

Хьайна луъург да-м де ахь, хIара ахь хьайн Iилманца лоьхуш долу дуьне хьуна муьтIахь хир долуш дац хьуна, эхарт доккхур долуш а ду хьуна хьоьгара. Динца дуьне лоьхуш верг цаьршиннах цхьа а доцуш вуьсур ву, шен дина доьхьа дуьне дитинчунна ший а керадоьрзур ду! 

Лекха хинволчу АллахIаца ахь лелош йолчу юкъаметтиган нийсачу некъа тIе хьо нисваларан юьхь юьйцу агIонаш йара хIинца вай йийцинарш. И некъ хIокху шина хIуманна тIебоьгIна бу: Цо омру динчунна муьтIахь хилар а, Цо ма де аьллачух вухакхетар а.

ХIинца кхин дIа ас хьуна дуьйцур ду цхьа кIеззиг гIиллакхаш, Лекха хинволчу АллахIан лайшна юкъахь хьо лелачу хенахь а, дуьненахь ахь цаьрца хан йоккхучу хенахь а хьайн сине хьоьга цаьрца хаттам байтархьама.

 

 
_______________________________________________
 

 

 

ï                 ð

          



[1] Ибн Хьиббан, Хьаким, АлхIайсамий, Ахьмад, Албаззáр, ТIабараний.

[2] Бухари, Муслим, Абу Давуд, Тирмизи, Ахьмад.

[3] Сурат «Аннýр», 24 айат.

[4] Сурат «Йáсúн», 65 айат.

[5] Имам СонIáнúс «Субулуссалáм» жайни тIехь санад а доцуш хьахийна карийра суна иза. Ибн Iабдул Барра дийцина иза, Iутбат ибн Аби Суфйáна шен кIанте аьлла хилла аьлла, Абу НаIúма а, Ибнул Джавзúс а дийцина иза ШафиIúс аьлла хилла аьлла. Кхечу аяташца а, хьадисашца а дуьстича маьIна нийса ду цуьнан.

[6] Тирмизи, Хьаким, СуйýтIú – Албáнú «Сахьихьул ДжамиIиссогIир», Албанис нийса ду аьлла иза.

[7] Тирмизи, Абу ЙаIлá, БайхIакъú.

[8] Абу Ашшайх «Аттавбúх» тIехь а, СуйýтIú – Албáнú «Сахьихьул ДжамиIиссогIир» а, Албанис нийса ду а аьлла иза. 

[9] Сурат «Алхьужурóт», 12 айат.

[10] Абу Давуд, Тирмизи, Ибн МаджахI, Албани «Силсилатул ахьáдúсис-сохьúхьахI».

[11] Сурат «Ан-Нажм», 32 айат.

[12] Абу НаIúма дийцина «АлхьилйахI» тIехь, Iумар бин Iабдул-Iазúза – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла хилла аьлла: «…тIаккха шена зулам хилларг оцу шена зулам динчунна лоь, цунах лаьцна вон къамел до цо, иза сийсаз веш, цуьнгахь долу шен хьакъ чекхдаллалц, тIаккха зулам динчуьнгахь шена зулам хиллачунна доьхьал хьакъ дуьссу». И доцург, кхин хьадисехь ца карийра суна иза.

[13] «Вакъф» - цхьана гIуллакхана цIе тоьхна, бусалба стага Дела доьхьа луш долу даьхни ду, масала маьждигана а, хьуьжарна а луш долу латта санна, йа хьаьжошка, йа некъахошка пайда эцийта луш долу цIа санна.

[14] Сурат «Алмуъминýн», 5-6 ши айат.

[15] Сурат «ХIýд», 113 айат.

[16] «Кашфул Хафá», хьадис 2444; ТIабарáнú, «АлмуIжамус-согIúр» а, «ШуIабул Иймáн» а; Мунзирú, «АттаргIúбу ваттархIúб»; Абу НаIúм, «Хьилйатул Авлийáъ». 

[17] Тирмизи, Ибн МáджахI, Ахьмад.

[18] Сурат «Аннажм», 39 айат.

[19] Сурат «АттIýр», 16 айат.

[20] Сурат «Ал-ИнфитIóр», 13-14 ши айат.

[21] СуйýтIú – Албáнú «Сахьихьул ДжамиIиссогIир», Албáнúс «дика» хьадис ду аьлла иза.

[22] Абу Давуд, Ибн МаджахI.

[23] Тирмизи, Хьаким, кхечу дешнашца СуйýтIú – Албáнú «Сахьихьул ДжамиIиссогIир», Албанис нийса ду а аьлла иза.

[24] Сурат «Ал-АIрóф», 12 айат.

[25] Мунзирúс «АттаргIúбу ваттархIúб» тIехь а дийцина иза. Цо аьлла: «Ибнул Мубáрака «АззухIд» тIехь дийцина иза, Ибн Хьиббана а, Хьакима а, и шиъ воцучара а дийцина иза, Iелигара а, кхечаьргара а схьа. Ткъа доцца аьлча, и хьадис кхоьллина хьадис хиларан лараш гуш ю цунна техь, иза деана долу массо некъашца а, массо дешнашца а». ХIара хьадис кхоьллина хьадис ду, баккъалла а Пайхамара - Делера салават а, салам а хуьлда цунна - аьлла хьадис дац, Имам Ал-Мунзирийс ма-аллара.

[26] «Кашфул Хафá»; БайхIакъú, «ШуIабул Иймáн», «АззухIд» тIехь Iийса-пайхамарера схьа а – Делера салам хуьлда цунна -; цуьнгара схьа Ибн Абú Iáсима а «АззухIд» тIехь а, Абу НаIúма «Хьилйатул Авлийáъ» тIехь а.