|
Исламан
арканаш
Гочдархо: Адама Султана
Олхазар
Пайхамаран шахьар Мединат
1425 хI – 2004 м шш.
_______________________________________
Хьалхара рукн – тешалла дар,
АллахI
воцург
кхин Дела вац аьлла, Мухьаммад Цуьнан Элча а ву аьлла.
_________________________________________________
ХIара ши
тешалла Исламан неI ю. И шиъ цуьнан коьрта бIогIам а бу. Цхьа а стаг бусалба
лоруш вац, и ши тешалла цо маттаца динчул тIаьхьа а бен, тIаккха цаьршинца
Iамал йинчул тIаьхьа а бен. Ткъа нагахь санна керста стага и тешалла дахь,
цуьнца Iамал а йахь, иза бусалба лоруш ву.
1 – АллахI бен Дела вац
аьлла тешалла даран маьIна.
И тешалла
даран маьIна – маттаца иза алар ду, цуьнан маьIна а хууш, къайлах а, гучахь а
цуьнца Iамал яр а ду. Ткъа цуьнан маьIна а ца хууш, цуьнца Iамал а ца еш иза
маттаца аларо пайда беш бац стагна, массо Iелам-неха цу тIехь барт хилла а
бу. Муххале а, иза иштта бохуш волчунна доьхьал тешалла а хила мега иза.
«ЛаилахIа
иллаллахI» (АллахI воцург кхин Дела вац) бохучун маьIна – ЦIена а, Лекха а
волу АллахI воцург Iибадат дан кхин цхьа а хьакъ вац бохург ду.
Оцу дешнийн
коьрта ши бIогIам бу “Духатохар а, ТIечIагIдар а”. АллахI воцчунна лолла дар
духатохар а, лолла дар цхьана АллахIана хилар тIечIагIдар а, Шеца цхьана
накъост воцуш волу.
Иштта цу
дешнаша шайн маьIнина чулоцу “тIáгIýт” керстдар.
«ТIáгIýт» - иза АллахI а воцуш, шена Iибадат деш долу ша долу
кхин долу хIума ду, адам делахь а, я тIулг белахь а, я дитт делахь а, я лаам,
я дегIамарзо елахь а.
Цу дешнийн
маьIнина юкъадогIу и тIагIут цадезар, цуьнца оьгIазло хилар, цунах
дIацIанвалар а.
Ткъа нагахь санна и дешнаш олуш верг, АллахI
воцчунна Iибадат деш а велахь, цо оцу
тIагIутана керст а ца дахь, цо и дешнаш кхоччуш аьлла дац.
Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан чохь:
×Шун Дела цхьа Дела ву, Иза воцург кхин Дела вац,
Къинхетаме, Къинхетам беш а волуØ (Сурат «Албакъарат» 163 аят)
Кхин а аьлла Лекха хинволчо:
×Дегаза дин
тIелацийтар (мегаш) дац, билгалъялла нийсо тиларха, ткъа тIагIутаца куфр а
дина (иза Iад а дитина) АллахIаца иман диллинарг (Цуьнах тешнарг) - иза хили
чIогIачу, ондачу дазарехь (Исламехь), ша цкъа а духур доцуш долу; ткъа АллахI
Хезаш а, Хууш а вуØ (Сурат «Албакъарат» 256 аят)
«Дела»
бохучун маьIна – хьакъ долуш кхечара шена Iибадат деш верг ву иза. Цундела,
нагахь санна цхьанне кхетам и Дела кхуллуш верг а ву, рицкъ луш верг а ву, кхолларна тIехь ницкъ кхочуш верг а ву, иштта
и хиларх тешчахьана тоьаш а ду аьлла хилахь – Цунна цхьанна Iибадат а ца деш
– цунна пайда хир бац цо «ЛаилахIа иллаллахI» аларх, я дуьненахь бусалба хила
а, я эхартахь даим хир долчу Iазапах хьалхавала а.
Лекха
хинволчо аьлла:
×Ахь ала (хIай
Мухьаммад): мила ву шуна рицкъ луш верг стиглара а, лаьттара а? Йа хазар а,
бIаьрса а хьена керахь ду? Йа еллачу хIумнах дийнаниг кхуллуш верг а,
дийначух елла хIума еш верг а мила ву? Йа (массо) хIума лелош верг мила ву?
Цара эр ду хьуна: АллахI ву; ткъа ахь (цаьрга) ала: ткъа (Цунах) кхера ца кхоьру шу?Ø (Сурат «Йунус» 31 аят)
Кхин а аьлла Лекха хинволчо:
(Ткъа
ахь цаьрга хаьттича, хьа кхоьллина уьш аьлла, цара эр ма ду: АллахIа; ткъа
муха Iехалабелла уьш оццул чIогIа) (Сурат
«Аззухруф» 87 аят)
2 –
Дела цхьаъваран дешан билламаш.
1 – Оцу дешан маьIна хаар – духатохаран а,
тIечIагIдаран а маьIна. И хаар цахаарна доьхьал ду, цундела цо АллахI
воцчунна деш долу Iибадат духатохуьйту, Цунна цхьанна Iибадат дан дезаш хилар
тIе а чIагIдойту, Иза цхьаъ бен Iибадат дан хьакъ воций а хоуьйту.
2 – Шена чохь шеко йоцуш долу билггал хаар. Ша и
тешалла олучу хенахь шен даг чохь цхьа а шеко йоцуш, билггал цунах тешна
волуш, дагна цунах там хуьлуш, цуьнан маьIнех тешаш волуш алар.
3 – Духатохарна доьхьал долу къобул дар. Иза хуьлу –
цу тешаллийно шена чулоцуш долу массо хIума къобал дарца, шен дагца а,
маттаца а; Дала дийцина долу хIумнаш къобал а деш, Цуьнан омранашна муьтIахь
а хуьлуш, Цо ма-де аьллачунах вуха а кхеташ, Цо аьлларг духатохарх а, йа иза
кхечу агIор тида гIертарх а лар а луш.
4 – Цу дашо чулоцуш дерг Iад дитарна доьхьал долу
муьтIахь хилар. Иза хуьлу – цу дешо бохучунна муьтIахь хиларца, гучахь
долчуьнца а, къайлах долчуьнца а.
5 – Харцонна доьхьал йолу бакъо. Иза хуьлу – и
дешнаш олуш волчо уьш баккъалла а шен цIенчу даггара аларца, шен дагчохь дерг
а, шен матта тIехь дерг а цхьатера хуьлуьйтуш, гучахь дерг а, къайлах дерг а
цхьатера хуьлуьйтуш. Ткъа и тешалла маттаца ала а аьлла, амма дагца цуьнан
маьIна а, цо чулоцушдерг а духатухуш и велахь, цо цунна пайда бийр бац.
Цуьнан хьал тера хир ду мунафикъ (мунепакъ) нехан хьолах, шайн даг чохь
доцург шайн багца дуьйцуш болу.
6 – Делаца гIоьнча лацарна
доьхьал долу «ихлас» хилар, дог цIена хилар, цIенчу даггара и дешнаш олуш
хилар. «Ихлас» – иза лайно цIенчу ниййатца,
шен Iамалш Далла Iибадат дарехь Цуьнца гIоьнчий лийцарх цIена хилийтар
ду. Лекха хинволчу АллахIа аьлла Къуръан чохь:
×Царна омра дина дацара АллахIана Iибадат де аьлла
бен, динлелор цIенчу даггара Цуьнан доьхьа долуш, хьанифаш (ИбрахIиман дин тIехь
АллахIана цхьанна Iибадат деш берш) саннаØ (Сурат «Албаййинат» 5 аят)
7 – Цабезамна доьхьал болу безам хилар, и дош а, цо
чулоцуш дерг а шен дагна дезайтуш, цу дешан билламаш ларбеш болу цу дешан
охIлунах болу нах безаш, цу дашна доьхьал долу хIума деза а ца дезаш. Стага и
биллам кхочуш беш хиларан билгало ю, Далла дезаш долу хIумнаш цо шен сина
дезачул хьалха дахар, Далла цадезаш долу хIума цадезар, шен са и хIума
дезарна тIетоьвжаш делахь а; Дела а, Цуьнан Пайхамар а везаш берш безар а,
Дела а, Цуьнан Пайхамар а цавезаш берш цабезар а. Лекха хинволчу АллахIа
аьлла:
×Хаза масал дара шуна ИбрахIим а, цуьнца хилларш а;
цара элира шайн къоме: тхо цIена ду шух а, аш Дела а витина, шайна Iибадат
дечерах а, оха керст ди шуьца (шун динца) а, АллахI а витина аш шайна Iибадат
дечаьрца а; тхуна а, шуна а юкъахь мостагIалла а, оьгIазло а хили гуттаренна,
шу цхьана АллахIах тешшалцØ (Сурат «Алмумтахьанат» 4 аят).
Кхин а аьлла лекха хинволчо:
×Нахах бу кхин делий лоьцуш берш, АллахI а витина‚
шайн уьш беза а безаш Дела везарх терра. (Ткъа АллахIах) тешаш берш АллахI
везар чIогIа долуш буØ (Сурат «Албакъарат» 165 аят).
Шен цIенчу
даггара «ЛаилахIа иллаллахI» аьлларг, баккъал цунах тешна а волуш, доккхачу
а, жимчу а Делаца накъост варх а, динехь доцучу керлачу хIуманех а, къинойх а
ша лар велла а волуш, иза дуьненахь тиларха хьалхавер ву, Iазапах кIелхьара а
вер ву, жоьжахатин цIе цунна хьарам а хир ю.
Ткъа хIора лайна тIехь ду и билламаш
кхочуш бар. Уьш кхочуш баран маьIна – оцу хIора билламца Iамал яр ду, цо уьш
ларбар а ду, дагахь цунна уьш хууш бацахь а.
«ЛаилахIа иллаллахI» боху хIара доккха дош
АллахI Шена Iибадат дарехь цхьаъ варан дош ду. Шена Iибадат дарехь АллахI
цхьаъ вар – Тавхьидул УлухIиййати - уггар коьрта тавхьид ду, цу тIехь хилпалонаш хилла а ю
пайхамаршна а, церан къаьмнашна а юкъахь. Элчанаш Дала, оцу кепара долу
тавхьид кхочуш хилийтархьама бахийтина а бу.
Лекха хинволчу АллахIа аьлла:
×Оха вахийтира хIора умматана тIе геланча (элча):
АллахIана Iибадат а де, тIагIутах лар а ло аьллаØ [Сурат «Аннахьл» 36 аят].
Кхин а аьлла Лекха хинволчу Дала:
×Оха хьол
хьалха цхьа а элча вахийтина вац шега Оха аьлла бен: Со (АллахI) воцург кхин
Дела вац, ткъа аш суна Iибадат деØ [Сурат «Ал-Анбияъ» 25 аят]
«Тавхьид» аьлла цIе яьккхичи, цуьнан маьIна
«ЛаилахIа иллаллахI» бохучу даше доьрзу.
«Тавхьидул
УлухIиййати» бохучун маьIна иштта ду: АллахI Ша кхоьллина мел долчу хIуманна
хьалха Дела хиларца а, Шена Iибадат дан везаш верг хиларца а мукIарло дар а,
Цуьнца цхьана накъост а ца веш Цунна цхьанна Iибадат дар а.
Тавхьидул
УлухIиййати олучу тавхьидан цIерш: хIокху тавхьидах Тавхьидул УлухIиййати
алар бахьана и тавхьид баккъалла а, цIенчу даггара цхьана АллахIе болчу безамна тIедоьгIна
хилар ду.
Цуьнан кхин йолу цIерш иштта ю:
1 – Тавхьидул Iибадати. Иштта и
цIе цуьнан яккхаран бахьана ду, Iибадат цIена цхьана АллахIа доьхьа дан дезар
гойтуш и хилар.
2 – Лааман Тавхьид. И цунах
алар бахьана ду, Iамалш йечу хенахь Делера мел безаш, Цуьнгара ял хила лууш уьш ян езар гойтуш и
хилар.
3 – Iалашонан Тавхьид. Цунах
иштта аларан бахьана цо Iалашо – цхьана АллахIана Iибадат дарца – цIена хила
езар гайтар ду.
4 – Лахаран (Дехаран) Тавхьид.
Цунах иштта цIе яьккхина, дехар а, дика хIума лахар а цо АллахIера бен хила
ца дезар гойту дела.
5 – Iамал яран Тавхьид. Цунах иштта цIе яьккхина, цо
ша йолу Iамалш цхьана АллахIа доьхьа ян езар гойту дела.
Тавхьидул УлухIиййати цIе йолчу тавхьидан хьукма:
Оцу тайпана долу тавхьид хIора бусалба стагана тIехь
парз ду. И тавхьид шеца хилча бен адам бусалба а ца хуьлу, жоьжахатин цIерах
кIелхьара а ца долу цунах тешна хилча бен, цуьнца Iамал а еш хилча бен. Иза
ду уггар хьалха хIора стаг шех теша везаш дерг а, шеца Iамал ян езаш дерг а.
Иза ду хьехамца а, Iаморца доьххьара довзийта дезаш дерг, кхин долу хIума а
доцуш.
Иза парз хилар вайна билгал дóлу Къуръан
тIехь а, Суннатехь а цуьнца омру дина хиларца, Дала Ша мел кхоьллина долу
хIума а цунна кхоьллина хиларца, Шегара жайнаш а иза кхочуш хилийта диссийна
хиларца.
Лекха хинволчу Дала аьлла:
×Ахь ала: суна дина омру АллахIана Iибадат дар а,
Цуьнца накъост ца вар а ду; Цуьнга кхойкху ас, Цуьнга верзар а ду санØ [Сурат «АрраIд» 36 аят]
Кхин а аьлла Лекха хинволчу АллахIа:
×Аса ца кхоьллина жинаш а адамаш а, цаьрга Сайна
Iибадат дайта бенØ [Сурат «Аззариат» 56 аят]
Вайн Пайхамара а – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – аьлла МуIазе – Дела реза хуьлда цунна – ша иза Йемене вохуьйтуш:
«Хьо Жайнин охIлу (насараш, христианаш) болчу нахана тIе воьдуш ву хьуна, цундела ахь доьххьара цаьрга кхойкхур
дерг хуьлийла: АллахI
воцург кхин
Дела вац аьлла тешалла дар. ТIаккха, нагахь
санна цара ахь бохург а дина и тешалла дахь, ахь царна хаийта Дала царна тIе пхи ламаз диллина хилар хIора дийнахь а, буса а. ТIаккха нагахь санна уьш ахь бохучунна муьтIахь хилахь ахь царна хаийта Дала царна тIе сагIа диллина
хилар, церан хьалдолчаьргара схьа а оьцуш, церан мискачу нахана дIа а луш долу…» (Бухарис а, Муслима а дийцина ду и
хьадис).
ХIара хIинца вай дуьйцуш долу Тавхьид – Дела цхьаъ вар –
уггар еза Iамал ю, шел йезаниг кхин йоцуш,
къиношна уггар доккха каффарат а ду иза. Бухарис а, Муслима а далийна цхьа
хьадис, Iутбана – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамарера – Делера салават а,
салам а хуьлда цунна – схьа дийцина долу:
«Бакъдолуш, Дала жоьжахатина
хьарам вина Делера мел безаш “ЛаилахIа иллаллахI” - “АллахI воцург кхин Дела
вац” аьлларг».
Берриг Элчанийн Тавхьидан Даш тIехь барт
хилла хилар:
Массо Элчанаша шайн къаьмнаш цхьабосса кхайкхина
хилла ду “ЛаилахIа иллаллахI” бохучу даше. Цара массара кхерам дIакхайкхийна
хилла бу оцу дашах юхаваьллачунна. Дала вайна Шен Къуръан чохь гойту иза,
дуккха а церан масалш далош. Лекха хинволчу Дала аьлла:
×Оха хьол хьалха цхьа а элча вахийтина вац шега Оха
аьлла бен: Со (АллахI) воцург кхин Дела вац, ткъа аш суна Iибадат деØ [Сурат «Ал-Анбияъ» 25 аят]
Делан Элчано Мухьаммада а – Делера салават а, салам
а хуьлда цунна – масала далийна массо пайхамарийн кхайкхам цхьаъ хилла
хиларна. Цо вайна хаийтина – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
пайхамарш берриге а цхьана орум тIехь вежрий хилар, церан наной тайп-тайпана
а болуш, церан дин цхьаъ а долуш. Церан массеран а динан бух – Тавхьид – Дела
цхьаъ вар – цхьаъ бу, шарIаш а, хьукманаш а тайп-тайпана делахь а. Уьш тера
бу тайп-тайпана наной а болуш, цхьа да а волуш долчу берех.
3 – Мухьаммад
Делан Элча ву аьлла тешалла даран маьIна.
«Мухьаммадур-расулуллóхI» -
«Мухьаммад Делан Элча ву» аьлла тешалла даран маьIна цо де аьллчунна муьтIахь
хилар ду, цо дийцинарг бакъдар ду, цо ма де аьлла духатоьхначух вухавалар ду,
цо гайтинчу некъашца бен Далла Iибадат ца дар а ду.
Мухьаммад – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – Делан Элча ву аьлла долу тешалла кхочуш дар:
И тешалла кхочуш хуьлу вай билггал тешарца,
Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Делан лай а, Цуьнан элча
а ву аьлла, Цо массо нахана а, жинашна а вахийтина волу. Кхин а вай тешарца,
иза массо пайхамарийн а, элчанийн а мохIур ду аьлла, цул тIаьхьа цхьа а
пайхамар а, элча а хир вац аьлла. Кхин а вай тешарца, – Делера салават а,
салам а хиларг – иза Дала Шена герга вигна Цуьнан лай ву аьлла, шена Iибадат
дан хьакъ долу сифаташ цуьнца дац а аьлла. Кхин а и тешалла кхочуш хиларан
бехкамех ду вай цунна тIаьхьа дозуш хилар, цо де аьлларг а, ма де аьлларг а
чIогIа лерина леладар, вай йеш йолчу Iамалехь а, олучу дашехь а, даг чохь
болчу кхетамашкахь а вай цуьнан суннатца доьзна хилар.
Лекха хинволчу Дала аьлла:
×Ахь ала: хIай адамаш! Баккъалла а со АллахIан элча ву шуна массарна а (ваийтина)Ø [Сурат «АлъаIраф» 158 аят].
Кхин а аьлла Лекха хинволчу АллахIа:
×Оха
хьо вахийтина вац, массо нахана (элча вина) бен, кхаъбоккхуш а волуш, кхерам
кхайкхош а волушØ [Сурат «Сабаъ» 28 аят].
Кхин а аьлла
Лекха хинволчу АллахIа:
×Мухьаммад хилла вац шух цхьанне а да, амма иза ву АллахIан элча а, пайхамарийн
мохIур (царах тIаьххьарниг) аØ [Сурат «Алъахьзаб» 40 аят].
Кхин а аьлла Лекха хинволчу АллахIа:
×Ахь ала: Сийлахь ЦIена ву сан Дела! Хилла вуй со
адам а, элча а бен?Ø [Сурат «Ал-Исраъ» 93 аят].
Мухьаммад –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Делан Элча ву аьлла тешалла дар
кхочуш хиларна юкъа догIу хIара хIумнаш а:
1) Цуьнга
элчаналла делла хиларца мукIарло дар а, даг чохь цунах тешар а;
2) Маттаца
иза мукIарло деш схьаалар;
3) Цо вайна йеана йолчу
нийсонна тIаьхьавазар, цо де аьлларг дар, цо Iад дита аьлла харц дерг Iад
дитар. Сийлахь везчу Дала аьлла:
×Ткъа шу теша
АллахIах а, Цуьнан элчанах а, ша пай- хамар волчу, дешаза а волчу, Делах а,
Цуьнан дешнех а тешаш волчу; цунна тIаьхьа а даза, тIаккха шу нийсонна тIе
нисдала мегаØ [Сурат «Ал-АIраф» 158 аят].
4) Цо
дийцина долчу массо хIуманна тIехь иза бакъвар;
5) Цуьнга чIогIа безам хилар. Иза массо
хIумнал дукха везар - шен сил а, даьхнел а, берал а, дел а, ненал а, массо
адамал а, хIунда аьлча иза – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Делан
Элча волун дела, иза везар Дела везар а, Дела дуьхьа везар а долу дела. Ткъа
бакъ долу иза везар гучудолу цунна тIаьхьавазарца, цо де аьллачунна муьтIахь
хуьлуш, цо ма де аьллачунах ларлуш, цуьнгахьа гIо доккхуш, гергарло цуьнца
хуьлуьйтуш. Дала аьлла Шен Къуръан
чохь:
×Ахь ала: нагахь санна шу АллахI везаш делахь – суна
тIаьхьадаза (ас бохург деш), АллахIана дезар ду шу (тIаккха), къиношна геч а
дийр ду шун, АллахI Гечдеш верг а, Къинхетаме верг а вуØ [Сурат «Ал-Iимран» 31 аят].
Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – аьлла:
(()) «Шух цхьа а кхоччуш Ийман долуш хир
вац, цунна со шен дел-ненал а, берел а, массо адамал а дукха везаш хиллалц»
[Бухари, Муслим].
Лекха хинволчу Дала аьлла:
×Ткъа цунах (пайхамарх) тешнарш‚ и лийринарш‚ цунна
гIо динарш‚ цуьнца доссийна долчу нуьрана (Къуръанна) тIаьхьахIиттинарш – уьш
бу декъал хир бершØ [Сурат «Ал-АIраф» 157].
6) Цуьнан Суннат Бусалба динан ШариIатан баххех цхьа
бух хиларх тешар а, иза Къуръан санна хиларх тешар а, хьекъалца цунна
дуьхьало ян мегаш доций хаар а.
7) Цуьнан Суннатца Iамал яр, кхечеран массеран а
дешнел цуьнан дош хьалха даккхар, цо аьлларг тIелацар, цуьнан шарIаца хьукм
дар, цунна реза хилар.
Лекха
хинволчу Дала аьлла:
×ХIан-хIа! Хьан Делор, уьш Делах тешаш хир ма бац
цара хьоьга хьукма дайтталц, шайна юккъахь хиллачу къовсамна, тIаккха ахь
динчу хьукманна шайн (дегнаш чохь) гатто а ца кара йойтуш, (хьан хьукманна)
уьш муьтIахь а хиллалцØ [Сурат «Аннисáъ» 65 аят].
4 –
Тешалла даран
дозалла.
Дела цхьаъ
варан дешан доккха дозалла ду, Къуръан тIера аяташа а, Суннатера хьадисаша а
билгалдаьккхина долу. Цуьнан дозаллех ду:
- Иза Бусалба
динан хьалхара коьрта бIогIам хилар; иза динан бух а, миллатан бух а хилар; бусалба
стаг доьххьара цуьнца бусалба хуьлуш хилар; стигланаш а, латтанаш а цуьнца
лаьтташ хилар а.
- Оцу дешан
маьIнаш кхочушдарца цхьанакхеташ хилар, Сийлахь а, Нуьцкъала а волу Дела
цхьаъ вар а, Цуьнан Пайхамаран – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
ШариIатца хьукм дар а.
- И дош
стеган цIий а, даьхний а лардеш дерг хилар, хIунда аьлча и дош аьллачо и
бахьана долуш шен са а, даьхни а лар до дела;
- И
«ЛаилахIа иллаллахI» боху дош шел еза кхин Iамал йоцуш уггар еза Iамал хилар
а, къиношна уггар доккха каффарат хилар а, Къемат дийнахь уггар чIогIа терзан
дика агIо алсамйоккхур ерг хилар а. И дош алар ялсамани чувуьгур волун
бахьана ду, жоьжахатех хьалха воккхур волу бахьана а ду. ВорхIе стигал а,
ворхIе латта а терзана цхьана агIор диллича, «ЛаилахIа иллаллахI» боху дош
терзана вукха агIор диллича оцу «ЛаилахIа илаллахI» бохучу дешан агIо сов ер
яра вукхул а. Муслима далийна Iубадата – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамарера
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дийцина хьадис:
«АллахI воцург кхин Дела а вац
аьлла, Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а ву аьлла тешалла динчунна Дала
жоьжахати хьарам йина».
- Оцу даш чохь цхьанакхетта Дела хьахор а,
Цуьнга доIа дар а, Иза хастор а. Цо шена чулаьцна Iибадатан доIа а, дехаран
доIа а. И дош наха уггар дукха лелош долу зикр ду, лело уггар атта а ду. Иза
дика дош а ду, хедар доцу дазар а ду,
Ихласан дош а ду, шеца стигланаш а, латтанаш а лаьтташ долу дош а ду, шен
доьхьа Дала массо хIума кхоьллина дерг а ду, шен доьхьа Дала элчанаш
бахийтинарг а, жайнаш диссийнарг а ду. Иза кхочуш деш дехкина ду Дала парзаш
а, суннаташ а. Цуьнан доьхьа арадаьхна хилла ду ГIазотан тарраш. И дош
аьлларг, цуьнца Iамал йинарг, бакъалла а, цIенчу дагца а, къобул дарца а, иза
дезарца а Дала иза цо йинчу Iамале хьаьжжина цунна ял луш ялсамани вохуьйтур
ву.
v
v
v
ï
ð
|