|
|
|
Ийманан арканаш
ДоьалгIа рукн: Элчанех тешар
2
– Пайхамараллин маьIна а,
цуьнан дух а
3
– Пайхамарш бахкийтаран пайда
а, бахьана а
4
– Элчанийн белхаш
5
– Ислам – массо пайхамарийн
дин ду
6
– Элчанаш а, пайхамарш а
адамаш хилар, царна къайлах дерг хууш ца хилар
7
– Пайхамарш гал бовлуш ца
хилар
8
– Пайхамарийн а, элчанийн а
дукхалла а, царах уггар безнаш а
9
– Пайхамарийн билгалонаш а,
Iаламаташ а
10 – Вайн
Пайхамаран Мухьаммадан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –
пайхамараллех тешар __________________________________________________
1 – Элчанех тешар довзийтар.
Элчанех тешар – Делера салам хуьлда царна
– Иманан арканех цхьа рукн ду, ткъа цуьнан массо арканех тешча бен Ийман
кхочуш хуьлуш дац.
Элчанех тешар – иза вай даггара тешар ду,
Делан элчанаш хиларх, Шен омрунаш дIакхачо Цо къастийна болу, царна тIаьхьа
хIоьттинарг нислур а волуш, царна Iеса хилларг гал ваьлла а хир волуш. Кхин а
вай тешар ду иза, Дала шайна тIедоссийнарг цара кхачо ма-дезза дIакхачийна
хиларх, шайна тIедиллина хилла декхар цара чекхдаьккхина хиларх а, умматана
цара дерриг диканца хьехам бина хиларх а, бакъ долчу къахьегарца цара Делан
некъахь къахьегна хиларх а, ГIазот дина хиларх а, цара адамашна а, жинашна а
тIехь тешалла хIоттийна хиларх а, шайга дIакхачо делларг цара йа хийцина а,
йа галдаьккхина а, йа къайла дахийтина а цахиларх а. Иштта кхин а вай тешар
ду иза, Дала вайна цIе йоккхуш бовзийтинчу пайхамарех а, цIе ца яккхинчу
пайхамарех а. Кхин а вай тешар ду иза, хIора пайхамара шел тIаьхьа хир волчу
пайхамарх лаьцна кхаъ баьккхина хиларх а, тIаьхьа веанчо шел хьалха хилларш
тIечIагIбеш а, уьш бакъбеш а хилла хиларх а.
Лекха
хин волчу Дала аьлла:
×Аш ала: тхо тешна АллахIах а, тхоьга доьссинчух а,
ИбрахIиме а, ИсмаIиле а, Исхьакъе а, ЯIкъубе а, цуьнан кIенташка а доьссинчух
а, Мусага а, Iийсага а деллачех а, пайхамаршка церан Делера деллачух а, (аш
ала:) оха къастам ца бо царна цхьанна юккъахь, тхо Цунна (Далла) муьтIахь
(бусалба) а дуØ [Сурат «Албакъарат» 136 аят].
Пайхамаршна юкъара муьлхха а цхьа пайхамар
харц винчо иза бакъ вина волу пайхамар а харц во, цхьана пайхамарна Iеса
хилларг цунна муьтIахь хила аьлла омру динчунна а Iеса хуьлу. Сийлахьчу Дала
аьлла:
×Баккъалла а, Делаца а, Цуьнан элчанашца а куфр деш
(ца тешаш) берш, Далла а, Цуьнан элчанашна а юккъахь къастам бан лууш берш,1 “тхо цхьадолчух
теша, цхьадолчух ца теша” – бохуш берш а, оцунна (куфранна а, Иманна а)
юккъера некъ лаца лууш берш а. Уьш бу кафирунаш2 бакъ болу, Оха кафирашна (ца
тешачарна) аьшне (гIелонан) Iазап а
кечдинаØ [Сурат «Аннисаъ» 150-151 аяташ].
2 – Пайхамараллин маьIна а, цуьнан дух а.
Пайхамаралла Кхоллархочунна а, Цо
кхоьллинчунна а юккъахь йолу зIе ю. Шен лайшна юккъера Шена луучунна ло иза
Дала. Шен халкъа юккъера Шена луург харжа а хоржу Цо, ткъа и харжам а, лаам а
цхьа АллахI-Дела воцучуьнан кхечуьнан бан а бац. Лекхачу Дала аьлла:
×АллахIа хоржу геланчаш малийкашна юккъера, адамашна
юккъера а, баккъалла, АллахI Хезаш, Гуш вуØ [Сурат «Алхьадж» 75 аят].
Пайхамаралла Дала луш ду, адамо ша шена
хуьлуьйтуш дац. Дукха Iибадат дарца а, йа дукха Далла муьтIахь хиларца а
хилалуш дац пайхамаралла. Сийлахь а, Нуьцкъала а волчу Дала беш болчу
харжамца а, къасторца а хуьлуш ду пайхамаралла. Сийлахь Лекхачу Дала аьлла
Къуръан чохь:
×Дала хоржу цунна (тавхьидана) Шена лууш верг (Ша
цхьаъ вайта цуьнга), Цо нис а во цу тIе (шен дине, Шега) воьрзуш вергØ [Сурат «Ашшура» 13 аят].
3 – Пайхамарш бахкийтаран пайда а, бахьана а.
Уьш бахкийтаран пайданаш а, бахьанаш а
масийтта ду: ●
Адамаш Делан лайшна Iибадат дечара,
шайн Далла Iибадат даре арадахар, Дала кхоьллинчун лоллера Делан лоллин
паргIатоне арадахар. Лекха хин волчу Дала аьлла:
×Оха хьо вахийтина вац, (хьоьца) Iаламах къинхетам
беш бенØ [Сурат «Алъанбияъ» 107 аят].
●
Дала хIара халкъ-Iалам кхолларан
бахьана довзийтар. Ткъа и бахьана вай цунна Iибадат дар ду, Иза цхьаъ вар а
ду. И бахьана вайна довзийла яц, Дала Шен халкъа юккъера харжа а хаьржина,
Iаламашна тIехь базбина болу элчанаш вайна бахкийтарца бен. Шена цхьанна бен
Iибадат дан хьакъ доцчу Дала аьлла:
×Оха вахийтина хIора умматана пайхамар (цо цаьрга
олуш): Далла Iибадат а де, тIагIутах лар а лоØ [Сурат «Аннахьл» 36 аят]. ●
Пайхамарш бахийтарца адамашна тIехь тешалла
хIоттор, царна тIехь Делан тешалла хилар. Лекхачу Дала аьлла:
×(Ас бахийтина) элчанаш, кхаъ боккхуш болу, кхерам
луш а болу, нахана цахилийта элчанел тIаьхьа Далла хьалха бахьана-бехказло,
хилла а ву АллахI Нуьцкъала а, Хьекъале аØ [Сурат «Аннисаъ» 165 аят]. ● Адамаш шайн хьекъалшца тIе ца кхуьуш долу
цхьадолу къайлах долу хIумнаш царна довзийтар. Масала: Делан цIерш а, сифаташ
а, малийкаш довзар а, къемат де а, иштта кхин дерг а. ● Дала сий
долу гIиллакхаш шайна делла болу пайхамарш, дегIан марзонех а, шеконех а
ларбина болу пайхамарш вайна хаза масала хилийтар. Лекхачу Дала аьлла Къуръан
чохь:
×Уьш бу Дала нисбинарш, хьо хила церан нийсачу некъа
тIехьØ [Сурат «АлъанIам» 90 аят].
Кхин
а аьлла Сийлахьчу Дала:
×Бакъдолуш, хаза масала дара (ду) шуна цаьргахьØ [Сурат «Алмумтахьанат» 6 аят].
● Синош
тодар, нисдар, уьш цIандар, дика хIума дар тIехь адамаш кхиор, уьш галдохуш
долу массо хIумнах уьш духатохар. Сийлахьчу Дала аьлла:
×Иза (Дела) ву йоза-дешар хууш боцучарна пайхамар
вахийтинарг, царна Цуьнан аяташ доьшу цо, уьш цIан а бо цо (ширках), царна
жайна а, хьекъалалла а Iамадо цоØ [Сурат «АлжумуIат» 2 аят].
Вайн
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Хаза
гIиллакхаш кхочуш дан ваийтина ву со» [Ахьмад, Хьаким].
4 – Элчанийн белхаш.
Элчанийн – Делера салам-маршалла хуьлда царна
– сий долу белхаш ду. Царах цхьадерш дуьйцур ду вай: ● ШариIат
дIакхайкхор а,3 нах цхьаьна АллахIана
Iибадат даре кхайкхар а, кхечунна деш долу Iибадат Iад дитаре кхайкхар а.
Лекха хин волчу Дала аьлла Шен Сийлахьчу Къуръан чохь:
×Делан кхайкхамаш дIакхачош берш, Цунах кхера а
кхоьруш, Дела воцучах цхьаьннех кхин кхера а ца кхоьруш; (ткъа шуна) хьесап
дан Дела тоъаш вуØ4 [Сурат «Алъахьзаб» 39 аят]. ●
Делан дин довзийтар, цунах адамаш
кхетор, динан ахькамаш довзийтар. Лекхачу АллахIа аьлла:
×Оха хьоьга «зикр» (Къуръан) доссийна, хьоьга нахана
довзийтийтархьама (уьш кхетош) царна тIедоссийнарг, цара (оцу тIехь) ойла ян
мегар-кх тIаккхаØ [Сурат «Аннахьл» 44 аят].
●
Уммат диканна тIенисдар, вочу хIумнах
иза лардар, диканиг дича царна мел хиларца кхаъ баккхар, вониг дича Iазап
хирг хиларца кхерам балар. Лекхачу Дала аьлла:
×(Ас бахийтина) элчанаш, кхаъ боккхуш болу, кхерам
луш а болу, нахана цахилийта элчанел тIаьхьа Далла хьалха бехказло-бахьана.
Бакъ долуш, АллахI ву Нуьцкъала а, Хьекъален аØ [Сурат «Аннисаъ» 165 аят]. ●
Адамийн хьал тодар, уьш нисдар, хазчу
масалшца а, дикчу куьйгаллийца а, дашца а, гIуллакхца а. ●
Адамашна юккъахь ШарI дIахIоттор, иза
чекхдаккхар. ●
Къемат дийнахь шайн умматашна тешалла
дар, шаьш цаьрга кхачо беза кхайкхам дIакхачийна аьлла. Сийлахьчу Дала аьлла:
×Ткъа муха хир ду (керста нехан хьал), Оха хIора
уммат юккъера теш валийча, хIокхарна тIехь Оха хьо тешаллийна а валийча?Ø [Сурат «Аннисаъ» 41 аят].
5 – Ислам – массо пайхамарийн дин ду.
Бусалба дин массо пайхамарийн а, элчанийн
а дин ду.
Лекхачу
Дала аьлла:
×Баккъалла а, АллахIана гергахь (Иза реза волу) дин
Ислам дуØ [Сурат «Ал-Iимран» 19 аят].
Цундела, массо пайхамарш цхьана хIумане
кхойкхуш хилла бу – АллахIана цхьанна Iибадат даре, кхечарна деш долу Iибадат
саца даре а. Церан шарIаш а, хьукманаш а тайп-тайпана делахь а, амма уьш
массо цхьана бух тIехь цхьаьнакхеташ бу. Ткъа и бух – Дела цхьаъ вар, тавхьид
бу. Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Пайхамарш
берриге а цхьана орум тIехь вежрий бу» [Бухари].
6 – Элчанаш а, пайхамарш а адамаш хилар, царна къайлах
дерг хууш ца хилар.
Къайлах дерг хаар – Делан бен хила йиш
йоцуш йолу, Иза Дела вуй хоуьйтуш йолу билгало ю. Пайхамарийн сифат дац иза.
ХIунда аьлча уьш кхин долу адамаш санна адамаш ду, яъа хIума а юъу цара, мала
а молу, зударий а бала бо, наб а йо, цомгаш а хуьлу, кIад а ло. Лекха хин
волчу Дала бах Къуръан чохь:
×Оха хьол хьалха цхьа а пайхамарш ца бахийтина уьш
яъа хIума юъуш болуш бен, базара юкъа бовлуш болуш бенØ [Сурат «Алфуркъан» 20 аят].
Кхин
а аьлла Цо – Сийлахь а, ЦIена а ву Иза - :
×Бакъдолуш, Оха хьол хьалха элчанаш бахийтина, Оха
царна хIусамнаной а, тIаьхье а еллаØ [Сурат «АрраIд» 38 аят].
Адамашна хуьлуш болу сингаттам а, хазахетар
а, хало а хуьлу пайхамаршна. Дала уьш къастийна хаьржина бу Шен дин цаьрга
дIакхачадайтархьама. Дала шайна хаийтинарг бен къайлах дерг хууш а бац уьш.
Сийлахь
Лекхачу Дала аьлла:
×Къайлах дерг хууш верг ву (Дела), Шен къайленна тIе
Цо цхьа а кхиа ца во. Ша реза хилла волу элча воцург, Цо (Дала) цунна хьалха
а, тIаьхьа а тергамхо (малийкаш) лоьлуьйту (иза ларвеш)Ø [Сурат «Алжинн» 26-27 аяташ].
7 – Пайхамарш гал бовлуш ца хилар.
Дала Шен кхайкхамна а, иза дIакхачорна а,
халкъана юккъера уггар диканаш къастийна, кхолларехь а, гIиллакхашца а уггар
гIоли берш. Даккхийчу къинойх уьш ларбина Цо, берриге кхачамбацарех уьш
хьалха баьхна Цо, Шен вахьйу цаьрга шайн умматашка дIакхачадайтархьама.
Цундела, цара Делера дуьйцучу хIуманна тIехь гал бовларха Дала уьш ларбина.
Делан кхайкхам дIакхачорехь гал бовларха а Дала уьш ларбина. Уьш Дала иштта
лар бина хиларна тIехь дерриг Умматан берриг Iеламнехан сацам хилла бу.
Лекхачу Дала аьлла:
×ХIай Элча! Хьайн Делера хьайга доьссинарг
дIакхачаде, ткъа ахь иза ца дахь – ахь (Делан) кхайкхам дIа цакхачийна; ткъа
нахах хьо Дала ларвийр вуØ [Сурат «Алмаидат» 67 аят].
Кхин
а аьлла Везчу Дала:
×Делан кхайкхамаш дIакхачош берш, Цунах кхера а
кхоьруш, Дела воцчух цхьаннех кхин кхера а ца кхоьрушØ [Сурат «Алъахьзаб» 39 аят].
Кхин
а аьлла Сийлахь волчу АллахIа:
×АллахIана хаийтархьама цара шайн Делан кхайкхамаш
дIакхачийна хилар; цаьргахь долу массо хIума хаьа Цунна, массо хIуманан
дукхаллин хьесап а дина ЦоØ [Сурат «Алжинн» 28 аят].
Ткъа нагахь санна царах цхьаьнгара кегийчу
къинойх къа далахь, царна тIедиллинарг дIакхачорца доьзна доцучу хIуманна
тIехь, царна Дала иза довзуьйтуш хилла ду, тIаккха цара сихонца Деле тоба деш
хилла а ду. Хьастабелла, муьтIахь Цуьнга боьрзуш хилла уьш Дала шайна иза
довзийтинчул тIаьхьа. Ткъа и жима къа цкъа а ца хилча санна дIадолуш хилла
церан. Иштта, цара тоба дарца уьш шайн хьалха хиллачу даржел кхин а даржехь
сов бовлуш хилла. И ша дерг хIунда ду аьлча – Дала Шен пайхамараш – Делера
салам-маршалла хуьлда царна – уггар кхачаме гIиллакхашца къастийна хилла бу
кхечу адамашна юккъера, царна дикаллин сифаташ а делла хилла ду, церан
даржехь, церан езчу меттигехь уьш лах беш долчу массо хIумнах уьш цIан бина
хилла а бу.
8 – Пайхамарийн а, элчанийн а дукхалла, царах уггар
безнаш.
Билггал хууш ду элчанаш – Делера салават
а, салам а хуьлда царна массарна – кхо бIе итт а, кхин масех элча а хилар.
Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шега уьш мас элча
ву аьлла хаьттича, жоп делла:
«Вуьззина
кхо бIе пхийтта ву» [Хьаким]
Пайхамарш элчанел дукха бу. Царах цхьаберш
Дала вайна Шен Жайни (Къуръан) тIехь бийцина, цхьаберш бийцаза а бу. Ткъа
Дала вайна Къуръан тIехь цIерш яхнарш ткъе пхиъ пайхамар а, элча а ву. Лекха
хин волчу Дала аьлла Къуръан тIехь:
×(Ас бахийтина) элчанаш, Оха хьалха хьуна бийцинарш
а, (иштта, Ас бахийтина) элчанаш, хьуна Оха бийцаза берш аØ [Сурат «Аннисаъ» 164 аят].
Кхин
а аьлла Сийлахь волчу АллахIа:
×Иза Тхан тешалла ду Оха ИбрахIимна цуьнан къоман тIехь
делла хилла долу; Оха лекха воккху даржашкахь Тхайна лууш верг; баккъалла,
хьан Дела Хьекъале а, Хууш а ву. Оха цунна (ИбрахIимна) велла Исхьакъ а,
ЯIкъуб а – и ший а (нийса некъа тIе) нисвира Оха, Нухь а нисвира Оха
(ИбрахIимал хьалха), цуьнан тIаьхьенах Давуд а, Сулайман, Аййуб а, Юсуф а,
Муса а, ХIарун а (уьш массо нисбира Оха); иштта (диканца) бекхам бо Оха дика
динчарна. Закариййа а, Йахьйа а, Iийса а, Ильяс а (уьш) массо дикчу нахах бу.
(Иштта) ИсмаIил а, АлйасаI а, Юнус а, ЛутI а; Оха (уьш) массо базбира
Iаламашна тIехь. (Иштта Оха кхин а нисбира) церан дайшна юккъера а, церан
тIаьхьенах (берш) а, церан вежаршна юккъера а, Оха уьш харжа а хаьржира, Оха
уьш нийсачу некъа тIе нис а бираØ [Сурат «АлъанIам» 83-87 аяташ].
Дала цхьаболу пайхамарш кхечарна тIехь
базбина. Оцу хьокъехь аьлла Лекхачу Дала:
×Оха базбира цхьаболу пайхамарш кхечарна тIехьØ [Сурат «Алъисраъ» 55 аят].
Элчанаш а базбина Дала вовшашна юккъахь.
Сийлахьчу Дала аьлла:
×Уьш элчанаш бу, Оха базбина царах цхьаберш кхечарна тIехьØ [Сурат «Албакъарат» 253 аят].
Царах уггар безанаш - собаран а,
къахьегаран а дай хилларш бу. ХIорш бу уьш: Нухь, ИбрахIим, Муса, Iийса, вайн
Пайхамар Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда царна –. Вай Шега
кхойкхуш волчу Дала аьлла:
×Хьо собаре хила, элчанашна юккъера собаран дай
(сийлахьхой) санна
Ø [Сурат «Алъахькъаф» 35 аят].
Кхин
а аьлла Везчу Дала:
×Оха пайхамаршкара чIагIо эцна (хан дага яийта
хьайна), хьоьгара а, Нухьера а, ИбрахIимера а, Мусагара а, Марйаман кIантера
Iийсагара а; Оха цаьргара чIогIа чIагIо эцнаØ [Сурат «Алъахьзаб» 7 аят].
Мухьаммад – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – уггар веза элча ву, пайхамарийн мохIур а ду, Делах кхоьруш
болчеран имам а ву, Адама берийн эла а ву, пайхамарш вовшахкхетча церан имам
а ву, царна хьалха вист хуьлуш верг а ву, хастаме меттиган да а ву, хьалха
дIабахнарш а, тIаьхьа тIебогIур берш а шех хьоьгур болчу меттиган да а ву,
хастаман байракхан а, шена тIе адамаш оьхур долчу Iоман а да а ву, къемат
дийнахь халкъашна шафаIат дийр дерг а ву, «васийлатан»5 а, «фадийлатан»6 а да а ву. Дала иза Шен дин юкъъара
уггар дезчу шарIаца ваийтина ву, адамашна юккъахь цуьнан уммат уггар деза
уммат дина а ду. Цунна а, цуьнан умматна а Дала ерриге хазаллаш а, дозаллаш а
делла, хьалха дIадаханчу умматашна Ша цхьанненна а ца делла хилла долу.
Цуьнан уммат Дала тIаьххьара кхоьллина уммат ду, доьххьара гIаттор долуш
уммат а ду. Вайн Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Со
пайхамаршна тIехь ялх хIуманца вазвина ву» [Муслим].
Кхин
а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна:
«Со
ву Адаман берийн эла хир верг къемат дийнахь, хастаман байракхь сан керахь
хир йолуш а ю, (оцу тIехь цхьа а) куралла а яц. Оцу дийнахь цхьа а пайхамар
хир вац – Адамана тIера дуьйна схьа – сан байракх кIел хIоьттина волуш бен»
[Ахьмад, Тирмизи].
Дозаллехь вайн Пайхамарал – Делера салават
а, салам а хуьлда цунна – тIаьхьа вогIуш верг Къинхетамечуьнан доттагI
ИбрахIим ву – Делара салам-маршалла хуьлда цунна. Иштта, Делан доттагI шиъ
ву: Мухьаммад а, ИбрахIим а – Делера салават а, салам а хуьлда цаьршинна. И
шиъ ву уггар веза шиъ, собаран а, къахьегаран а дай хилла болчу пайхамаршна
юккъахь. ТIаккха цаьршиннал тIаьхьа
вогIуш важа виссина кхоъ ву.
9 – Пайхамарийн билгалонаш а,
Iаламаташ а.
Дала Шен элчанашна – Делера салават а,
салам а хуьлда царна – гIо дина, царна яккхий билгалонаш яларца а, башха
Iаламаташ даларца а. И билгалонаш а, Iаламаташ а Дала царна тешаллаш йина,
уьш бакъ хилар адамашна гойтуш. Оцу билгалонех а, Iаламатех а ю: Сийлахь
Къуръан, бутт бекъабалар, дечигах текхарг хилар, поппарх хьоза дар, иштта
кхин ерш а.
Оцу
пайхамаршна Дала делла хилла Iаламаташ бакъ долчу пайхамараллийна тешалла ду,
ткъа цул тIаьхьа бусалба нахана хуьлуш долу «карáматаш»7 и Iаламаташ бакъ хилар чIагIдеш долу
тешаллаш ду. Лекха хин волчу Дала аьлла:
×Бакъдолуш, Оха дахийтира Тхайн геланчаш (малийкаш,
пайхамаршна тIе) кхетаме сирлачу билгалонашцаØ [Сурат «Алхьадид» 25 аят].
Вайн
Пайхамара аьлла – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – :
«Пайхамаршна
юккъехь цхьа а пайхамар вац, шена, шел хьалха хиллачу пайхамаран санна йолу
билгалонаш елла бен, тIаккха наха цуьнца Ийман а дуьллуш, ткъа суна елла йолу
(билгало) «Вахьйу» (Къуръан) ду, Дала соьга делла долу, (цундела) ас дог
доху, къемат дийнахь со хилар, царна юккъахь уггар дукха тIаьхьахIиттинарш
болуш верг»8 [Бухари, Муслим].
10 – Вайн Пайхамаран Мухьаммадан – Делера салават а,
салам а хуьлда цунна – пайхамараллех тешар.
Делера
салават а, салам а хуьлда цунна, вайн Пайхамарх тешар Иманан баххех боккха цхьа
бух бу, цунах тешча бен Ийман кхочуш хуьлуш а дац. Лекха хин волчу АллахIа
аьлла:
×Ткъа ца тешнарг АллахIах, Цуьнан Элчанах – баккъалла
а Оха кечйина керста нахана чIогIа цIеØ [Сурат «Алфатхь» 13 аят].
Вайн
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Суна
омру дина ду, адамаша – АллахI воцург кхин Дела а вац, со АллахIан элча а ву
– аьлла тешалла даллалц цаьрца тIом бар» [Муслим].
Делера салам-маршалла хуьлда цунна –
Пайхамарх тешар кхочуш хилар масийтта хIуманна тIедоьгIна ду. Уьш довзуьйтур
ду вай: ●
Вайн Пайхамар Мухьаммад – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – вовзар.
Иза ХIашима IабдулмуттIалиба IабдуллахIа
кIант Мухьаммад ву. ХIашим Къурайши тайпанах ву, Къурайш Iаьрбийн тайпа ду, Iаьрбий
Делан доттагI волчу ИбрахIиман кIентан ИсмаIилан тIаьхьенах бу – Делера
салават а, салам а хуьлда царна массарна.
Иза кхузткъе кхо шо долуш кхелхина. Оцу
кхузткъе кхаа шарах шовзткъа шо пайхамараллел хьалха дIадахна цуьнан, ткъе
кхаа шарахь пайхамар а, элча а волуш хилла иза. ●
Цо вайна дийцинчунна тIехь иза бакъ
вар, цо омру динчунна тIехь цунна муьтIахь хилар, цо ма де аьлла ца
магийначух ларвалар, генавалар, цо де аьллачу кепара бен Iибадат ца дар. ●
Иза адамашна а, жинашна а ваийтина
АллахIан Элча хиларх тешар, уьш массо а цунна тIаьхьа хIитта безаш хиларх а
тешар. Сийлахь Везчу Дала аьлла:
×Ахь ала: хIай адамаш! Баккъалла а со АллахIан элча ву шуна массарна а (ваийтина)Ø [Сурат «АлъаIраф» 158 аят].
●
Цуьнан элчаналлех тешар, иза уггар веза
пайхамар а, элча а хиларх тешар, иза пайхамарийн мохIур хиларх а, тIаьххьара
пайхамар а, элча а хиларх а тешар. Лехачу Дала аьлла Къуръан чохь:
×Иза (Мухьаммад) вара (ву) АллахIан элча, пайхамарийн
мохIур (царах тIаьххьарниг) аØ [Сурат «Алъахьзаб» 40 аят].
Кхин
а, иза Къинхетаме волчуьнан доттагI хиларх тешар, Адаман берийн эла хиларх
тешар, доккхачу шафаIатан да хиларх тешар, ялсаманехь уггар лекха дарж
«васийлат» цунна делла хиларх тешар, адамаш шена тIеоьхур долу «хьавд» (Iам)
цунна белла хиларх тешар. Кхин а, цуьнан уммат уггар дика уммат хиларх тешар.
Лекхачу Дала аьлла Къуръан чохь:
×Шу дара уггар дика уммат, адамашна юкъадаьхначарахØ9 [Сурат «Ал-Iимран» 110 аят].
Кхин
а, ялсаманин дукхах долу охIлу цуьнан уммат хиларх тешар. Цуьнан шарIо а, цо
беанчу кхайкхамо а шел хьалха хилла массо шарIаш а, кхайкхамаш а дIадохуш
хиларх тешар, уьш нахана юккъахь лелар цуьнан шарIо дIадоккхуш хиларх а
тешар. ●
Дала цунна уггар доккхачу муIжизатца,
уггар кхетаме сирлачу билгалонца гIо дина хиларх тешар. И билгало Делан
къамел Къуръан ду, галдаларх а, хийца даларх а Дала лардина долу. Лекхачу
АллахIа аьлла:
×Ахь ала: жинаш а, адамаш а вовшахкхетча, хIара
Къуръан саннарг дан дагахь – цара дохьур дац и саннарг (далур дац цаьрга) уьш
цхьаберш вукхарна гIоьнчий хилча аØ [Сурат «Алъисраъ» 88 аят].
Кхин
а аьлла Лекха хин волчу АллахIа:
×Баккъалла а, Оха доссийна «зикр» (Къуръан),
баккъалла а, Оха лардеш а ду изаØ [Сурат «Алхьижр» 9 аят].
●
Вайн Элчано – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – Делан кхайкхам дIакхачийна хиларх тешар, цо шена тIедиллинарг
чекхдаьккхина хиларх тешар, умматана цо диканца хьехам бина хиларх а тешар.
Цхьа а дика цо дитина цахиларх тешар, шен умматана иза гайтина бен, и дика
царна хаздина бен, иштта, цхьа а вон цо дитина ца хиларх тешар, иза шен
умматана цамагийна бен, царна цунах лаьцна кхерам а белла бен. Лекхачу Дала
аьлла Къуръан чохь:
×Бакъдолуш, веана шуна Элча, шуна шайна юккъера а
волуш, йазло цунна шуна хуьлу халонаш, тIаламе ву иза шуьца, Ийман диллинчаьрца
(АллахIах тешаш болчаьрца) эсала а, къинхетаме а ву изаØ [Сурат «Аттавбат» 128 аят].
Вайн
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Сол
хьалха хиллачу умматашна бахийтинчу пайхамаршна Дала тIедиллина ду, шайн
умматана дика дуй шайна хууш долу хIума царна дIахаийтар, царна вон дуй шайна
хууш долчу хIумнах уьш ларбар, царна цунах кхерам балар а» [Муслим]. ●
Вайн Пайхамар – Делера салават а, салам
а хуьлда цунна – везар, иза везар шен сил а, дерриг халкъал а хьалхадаккхар.
Иза вазвар, иза ларар, цуьнан сий дар, цуьнан лерам бар, цунна муьтIахь
хилар. Иза везар а, цунна муьтIахь хилар, иштта кхин долу вай лекхахь
хьахийнарш а Дала Къуръан чохь вайна тIедехкина ду, Пайхамарна – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – хьакъ долуш а ду. Вайна иза везар вайна
Дела везарх ду, вай цунна муьтIахь хилар вай Далла муьтIахь хиларх а ду.
Везчу АллахIа аьлла Къуръан чохь:
×Ахь ала: нагахь санна шу АллахI везаш делахь – суна
тIаьхьахIитта (ас бохург деш), АллахIана дезар ду шу (тIаккха), къиношна геч
а дийр ду шун, АллахI Гечдеш верг а, Къинхетаме верг а вуØ [Сурат «Ал-Iимран» 31 аят].
Вайн
Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Шух
цхьа а кхоччуш Ийман долуш хир вац, цунна со шен берел а, дел-ненал а, массо
адамел а дукха везаш хиллалц» [Бухари, Муслим]. ●
Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – дуккха салават диллар,
цуьнга салам далар10.
Ткъа баккъаалла а бIаьрмециг стаг ву шена Пайхамар – Делера салават а, салам
а хуьлда цунна – хьахош хезчи цунна салават ца дуьллуш верг. Лекхачу Дала
аьлла:
×Баккъалла а, АллахIа а, Цуьнан малийкаша а
Пайхамарна салават дуьллу; ХIай Ийман диллинарш! Салават дилла цунна,
маршаллийца салам а ло цуьнгаØ [Сурат «Алъахьзаб» 56 аят].
Пайхамара
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Суна
цхьа салават диллинчунна Дала и бахьана долуш итт салават дуьллур ду цунна».11 [Муслим].
Цунна салават дилла дезар чIагIло цхьацца
меттигашкахь. Царах цхьаерш хIорш ю: ламазехь
ташаххIуд (аттахьиййат) доьшучу хенахь, къунут дечу хенахь, докъа ламаз деш
а, рузбан хутIба дечу хенахь а, азан динчул (мола кхайкхинчул) тIаьхьа а,
маьждиг чуволуш а, цу чура араволуш а, доIа дечу хенахь а, Пайхамар – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – хьахош хезчи а, йа ша иза хьахийчи а, иштта
кхечу меттигашкахь а. ●
Вайн Пйхамар а, кхин болу берриг
пайхамарш а – Делера салават а, салам а хуьлда царна – шайн Далла гергахь
дийна хиларх а, дуьненна а, эхартана а юккъехь долчу «барзах» дахарехь уьш
хиларх а тешар. ШахIидийн (ГIазотехь дIакхелхинчеран) даржел а лекхачу
даржехь, церачал гIоли долчу дахарехь уьш хиларх тешар. Амма и дахар дуьнена
тIера дахар санна дац, и дахар вайна муха ду хууш дахар а дац. Уьш вайна
гергахь белла бу аьлла йолу цIе царна тIера дIаойъуш дахар дац иза. Пайхамара
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла оцу хьокъехь:
«Баккъалла
а, АллахIа лаьттана хьарам дина пайхамарийн догIмаш даар»
12 [Абу
Давуд, Насаий].
Кхин
а аьлла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –:
«Цхьа
а бусалба стага соьга салам лур дац Дала суна сан са юха делла бен, соьга
цуьнан саламна доьхьал салам далийта» [Абу-Давуд]. ●
Пайхамаран – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – лерам барха ду – иза дийна волчу хенахь иза волчахь аьзнаш
цаийдар, къамел деш аз сов цадаккхар, иштта тахана а, ду цуьнан лерам барха
цуьнан коша тIехIоьттина цуьнга салам лучу хенахь аз ца айдеш, меллаша
салам далар. Лекха хин волчу Дала
аьлла:
×ХIай Ийман диллинарш (Сох тешаш дерш)! Ма ийъа шайн
аьзнаш пайхамаран озан тIехула, чIогIа дист а ма хила шу цуьнга, шаьш
вовшашна юккъахь чIогIа дист хуьлуш санна, (ткъа аш иза дахь кхерам бу шуна)
шун Iамалш эрна ярна, шуна хаа ца лушØ [Сурат «Алхьжурат» 2 аят].
Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – веллачул тIаьхьа цуьнан лерам бар а, сийдар а иза дийна волуш цуьнан
лерам бар а, сийдар а санна ду. Цундела вайна тIехь ду цуьнан асхьабаша –
Дела реза хуьлда царна – иза лараре тера, тахана а иза иштта ларар а, цуьнан
цара санна сийдар а. Ткъа уьш уггар чIогIа цо бохучунна тIетовш хилла бу, цо
аьлларг ца дарна уггар гена хилла бу, Делан динах доцург юкъадаккхарна уггар
гена хилла а бу. ●
Пайхамаран – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – асхьабаш безар, цуьнан цIийнан охIлу дезар, цуьнан хIусамнаной
безар. Царна массарна а, вайна а юккъахь гергарлонан зIе латтор тIехь ду
вайна. Вай кхера дезаш ду уьш эшаме хетарх, царна лерах, царна вочу хIуманца
цхьаъ аларх, хIунда аьлча, Дела царна реза хилла волу дела, Шен Пайхамарна –
Делера салават а, салам а хуьлда цунна – накъостий бина Цо уьш хаьржина болу
дела, цаьрца доттагIалла а, гергарло а хилар хIокху умматана Цо тIедиллина
долу дела. Сийлахь Везчу Дала аьлла Къуръан чохь:
×Хьалхе яьккхинарш, хьалхара берш,13 хIижрат динчерах а, царна гIо
динчерах а, ихьсанаца царна тIаьхьахIиттина хилларш а – реза хилла царна
АллахI, уьш Цунна а реза хиллаØ [Сурат «Аттавбат» 100 аят].
Пайхамара
– Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:
«Сан
асхьабашна ле ма лелаш, сайн са керахь долчуьнца дуй буу ас – шух цхьаммо
Ухьуд лам санна долу деши сагIийна делчи, цара шайн канахь деллачуьнга кхочур
дацара иза, йа ах канахь деллачуьнга а кхочур дацара» [Бухари].
Асхьабашна тIаьхьа хиллачаьрга царна
гечдар деха аьлла Дала, и царна дехначунна ял хир йолуш, иштта, шайн дегнаш
чохь цаьрца оьгIазло а, хьагI а ца яр деха а аьлла вайга Дала.
×Царал тIаьхьа баьхкинчара олу: тхан Дела! Гечде Ахь
тхуна а, Хьох тешарца тхоьл хьалха боьвллачу тхан вежаршна14 а, тхан дегнаш чохь хьагI а
(оьгIазло а) ма е Ахь Хьайх тешначаьрца, баккъалла а, Хьо Къахеташ а,
Къинхетаме а ву-кхØ [Сурат «Алхьашр» 10 аят]. ●
Пайхамар – Делера салават а, салам а
хуьлда цунна – ларарехь Тавхьидан барамал сов ца валар, хIунда аьлчи иза
цунна уггар новкъа догIун хIума долу дела. Шен умаматана цунах лаьцна кхерам
белла цо, ша хесторехь дукха тIех сов довлар ца магош, Дала шена елла йолчу
меттигал ша сов ваккхар ца магош, Нуьцкъала а, Сийлахь а волчу Делан бен хила
лур доцу хIумнаш шена дийцар ца магош а. Делера салават а, салам а хуьлда
цунна – цуьнах лаьцна аьлла цо:
«Со
(Делан) лай бен вац шуна, аш суна АллахIан лай а, Цуьнан элча а алалаш, суна
ца деза аш со сайн меттигал (даржал) сов ваккхар». Кхин а аьлла цо – Делера
салават а, салам а хуьлда цунна – :
«Керстанаша
Марйаман кIант (Iийса) дукха сов
хесторе терра со дукха сов хеста ма велаш» [Бухари]. Пайхамаре – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – доIа дан мегаш дац, йа цуьнгара гIо деха мегаш дац, йа цуьнан кошана гонаха тIаваф дан а мегаш дац, йа цуьнца чIагIо яр а мегаш дац, йа цуьнан доьхьа гIурбанна урс хьакхар а, йа кхечу хьайбанна урс хьакхар а мегаш дац, хIунда аьлча и ша дерг Делаца I |