Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ийманан арканаш

 

       ЯлхолгIа рукн:  Къадрах тешар

 

 

 

1 – Къадр довзийтар а, цунах тешар маьIне хилар а

2 – Къадран даржаш

3 – Къадран дакъош

4 – Асхьабийн а, табиIунийн а, хьалха хиллачу Iеламнехан  а къадрах тешар

5 – Делан лайша еш йолу Iамалш

6 – Дала хIума кхоллар а, адамо Iамал йар а цхьаьнадар, и шиъ цхьаьнатохар

7 – Къадран хьокъехь адамашна тIехь долу важиб

8 – Къадрана реза хилар

9 – Адамаш нисдар шина декъе декъадалар

10 – Делан лаам шина декъе бекъабалар

11 – Къадр духатухуш долу бахьанаш

12 – Къадр Делан къайле ю, адамашна евзаш а яц

13 – Къадрах бехказло а, бахьана а дар

14 – Бахьанаш лело дезар

15 – Къадр духатоьхначун хьукма

16 – Къадрах тешаран пайданаш а, кхачонаш а

                                          

 
__________________________________________________
 

1 – Къадр довзийтар а, цунах тешар маьIне хилар а.

 

   Къадр – иза хIора хIумнах хиндерг АллахIа билгалдаккхар ду.

   Дала массо хIумнах хиндерг билгалдаьккхина, Шен Iилманна тIе а доьгIна, Шен хьекъалечу сацамна тIе а доьгIна. Иза доьрзуш ду Делан ницкъ хиларе, Иза массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш хиларе, Шена лууш дерг деш Иза хиларе.

   Къадрах тешар – АллахI Дела хиларх тешар ду – ЦIена а, Лекха а ву Иза. Цунах тешар Ийманан бIогIамех цхьа бIогIам а, бух а бу, цунах тешча бен Ийман кхачаме хуьлуш а дац. Лекхачу АллахIа аьлла:

(Баккъалла а, Оха массо хIума кхоьллина къадраца (кхелаца, билгалдоккхуш цунах хиндерг)) [Сурат «Алкъамар» 48 аят]. 

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Массо хIума ду къадраца билгалдаьккхина, ницкъ цакхачар а, каде хилар а, йа каде хилар а, ницкъ цакхачар а» [Муслим].

 

2 – Къадран даржаш.

 

   Къадрах тешар кхочуш ца хуьлу цуьнан диъ даржах тешча бен. И диъ дарж иштта ду:

1 – Массо хIума чулоцуш долчу, цхьаммо а кхоллаза долчу АллахIан Iилманах (Цунна массо хIума хууш хиларх) тешар. Лекхачу АллахIа аьлла:

(Хьуна ца хаьара АллахI хууш вуй стиглахь дерг а, лаьтта тIехь дерг а; баккъалла а, иза дIаяздина ду жайни чохь; баккъалла а, иза (хаар) АллахIана атта а ду) [Сурат «Алхьадж» 70 аят]. 

2 – АллахIана хууш долу и билгалдаьхна долу хIумнаш

«Лавхьул махьфуз»1 тIехь дIаяздина хиларх тешар. Лекха хин волчу АллахIа аьлла:

(Оха цхьа а хIума ца дитина жайни чохь (дIа ца яздеш)) [Сурат «АлъанIам» 38 аят]. 

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«АллахIа дIаяздина халкъах хир дерг, Ша стигланаш а, латта а кхоллале шовзткъе итт эзар шо хьалха» [Муслим].

3 – АллахIан лаамах тешар, Цунна лиъча хIуъа а хуьлуш хиларх тешар, массо хIума чулоцуш болчу Цуьнан ницкъах тешар. Лекха хин волчу Дала аьлла:

(Шуна луур дац (хIумма а) АллахIана лиъча бен, Iаламийн Эла волчу) [Сурат «Аттаквир» 29 аят].

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла шега -  «АллахIана а, хьуна а лиънарг ду хIара» - аьллачуьнга:

«АллахIаца накъост ви ахь сох? Муххале а, цхьана АллахIана лиънарг ду» [Ахьмад].

4 – АллахI массо хIума кхоьллинарг а, массо хIума кхуллуш верг а хиларх тешар. Лекха хин волчу АллахIа аьлла:

(АллахI ву массо хIуманан Кхоллархо, массо хIуманан Iуналла деш верг а ву Иза (Шена луург до Цо Шена луъучу хIуманца) [Сурат «Аззумар» 62 аят].  

Кхин а аьлла Сийлахь Везчу Дала:

(АллахIа кхоьллина шу а, аш деш дерг а) [Сурат «Ассоффат»  96 аят]. 

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Баккъалла а, цхьа гIулкх, йа хIума деш верг а, цо деш долу хIума а, гIулкх а АллахIа кхуллуш ду» [Бухари].

 

3 – Къадран дакъош.

 

1 – Массо хIумнашна долу юкъара къадр. ХIара ду и «Лавхьул  махьфуз» чохь, стигланаш а, латта а кхоллале хьалха шовзткъе итт эзар шо хьалха дIаяздина дерг.

2 – Адаман дахар билгалдаккхар. Иза адамана чу са кхоьллинчу хенахь дуьйна схьа, цуьнан дахаран хан дIаяллалц цунна хир дерг а, цо лелор дерг а, и массо хIума билгалдаккхар ду.

3 – Цхьана шеран къадр. Иза хIора шарахь адамана хир дерг а, цо дийр дерг а билгалдаккхар ду. ХIара къадр хIора шарахь «Лайлатул къадр»2 - буьйсанна билгалдоккхуш ду. Лекхачу АллахIа аьлла:

(Цу (буьйсанна) къаста до массо хьекъале долу хIума) [Сурат «Аддухан» 4 аят]. 

4 – ХIора дийнахь хIоттош долу къадр. Иза хIора дийнахь хуьлуш долу хIума билгалдаккхар ду, ницкъ балар а, эшам балар а, рицкъ далар а, иза сацор а, ден вар а, валийтар а, иштта кхин дерг а санна долу. Лекхачу АллахIа аьлла Къуръан чохь:

(Цуьнга доьху стиглахь а, лаьттахь а болчара, хIора дийнахь (даим) Шен сийлахьчу гIуллакхехь ву Иза (нахана рицкъ луш, керла адамаш дуьненчу дохуш, дехначунна жоп луш)) [Сурат «Аррохьман» 29  аят].   

 

4 – Асхьабийн а, табиIунийн а, хьалха хиллачу Iелам-нехан а къадрах тешар.

 

   Асхьабийн а, церал тIаьхьа хиллачу «табиIунийн»3 а, хьалха хиллачу Iеламнехан а къадрах тешар а, цунах уьш кхетар а дуьйцур ду вай кхузахь. Церан къадрах кхетам иштта хилла:

АллахI ву массо хIума кхоьллинарг. Массо хIуманан Дела ву Иза. Массо хIума Цуьнан долахь ду. Шен халкъах хир дерг а, цо лелор дерг а, Цо билгалдаьккхина дIаяздина Ша и халкъ кхолла а кхоллале. Адамийн хенаш а, рицкъанаш а, Iамалш а билгалъяьхна Цо, уьш декъал хир бу, йа ирс доцуш дакъаза боьвлла, декъаза хир бу а дIаяздина Цо. Массо хIума гулдина Цо кхетамечу Жайни чохь.

   АллахIана лиънарг хила а хилла, хир а ду, Цунна цалиънарг хила а ца хилла, хир а дац. Хилларг массо хIума хаьа Цунна. Хиндерг а хаьа Цунна. Хилла доцург хилча муха хир дара а хаьа Цунна.    Массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш ву Иза. Шена луург нис во Цо, Шена луург тила а во Цо. Адамийн лаам а бу, ницкъ а бу Дала шайга дайтинарг дан. Амма адамашна цхьа а хIума луур дац АллахIан пурбанца бен. Сийлахь а, Лекха а волчу, Цо аьлла:

(Тхан доьхьа къахьегнарш – уьш Оха нисбийр бу Тхешан нийсачу некъаш тIе) [Сурат «АлIанкабут» 69 аят].   

   АллахI ву адамийн Кхоллархо а, церан Iамалийн Кхоллархо а. Ткъа шайн Iамалш адамаша баккъалла а еш ю. Далла хьалха цхьанна а бахьана а, бехказло а яц адамо дитинчу парзана, йа динчу хьарам хIуманна, муххале а, АллахIан ду Шен лайшна тIехь, царна доьхьал доккха тоьшалла. Хиллачу халонашна а, баланашна а ала мегар ду – иштта Дала яздина хилла – аьлла, амма иштта ала мегар дац ша летош долчу къиношна тIехь, шегахь долчу кхачамбацарш тIехь а. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлларг санна, Мусана Адамна доьхьал далийначу тешаллех лаьцна:

 «Адам а, Муса а къовсавелла хилла. Мусас аьлла: “Хьо Адам ву, хьо галваларо ялсамани чуьра араваьккхина волу”. ТIаккха Адама аьлла цуьнга: “Хьо Муса ву, АллахIа Шен кхайкхамашца а, Шен къамелаца а хаьржина волу, хIетте а соьгара бехк боккхуш а ву хьо, со кхолла а кхоллале суна хIоттийна хилла долчу, язделлачу хIуманна тIехь?” Иштта, Адаман тешалла чIогIа хилла Мусаначал а». [Муслим].    

 

5 – Делан лайша (адамаша) еш йолу Iамалш.

 

ХIокху Iалам чохь АллахIа кхуллуш йолу Iамалш шина декъе екъалуш ю:

1 – Беркате волчу АллахIа Шен халкъа юккъахь деш дерг, масала: адамашна а, кхин йолчу са долчу хIумнашна а чу са кхоллар, адамаш а, кхин йолу дийна хIумнаш а яйъар, церан са дIаэцар, цомгуш хилийтар а, могшалла ялар а. ХIокху гIуллакхашна тIехь цхьаьнне а лаам а бац, харжам а бац, муххале, оцу гIуллакхаш тIехь   берриг лаам цхьаьна АллахIан бу. Лекхачу АллахIа аьлла:

(АллахIа кхоьллина шу а, аш деш дерг а) [Сурат «Ассоффат» 96 аят].  

Кхин а аьлла Лекха хин волчу Дала:

((Иза ву и АллахI,) валар а, дахар а кхоьллина верг, шух уггар хаза, дика Iамал йеш верг муьлхург ву хьажархьама) [Сурат «Алмулк» 2 аят].

2 – Халкъана юккъара лаам болчара мел деш долу гIуллакхаш а, Iамалш а. ХIара Iамалш АллахIа кхуллуш ю, делахь а, хIара Iамалш еш болчеран лаамца а, харжамца а хуьлуш ю уьш, хIунда аьлча АллахIа царна харжаман бакъо а, лаам а белла дела. Сийлахь Везчу Дала аьлла:

(Шух нисвала луучунна) [Сурат «Аттаквир» 28 аят]. 

 Кхин а аьлла Лекха хинволчо:

(Шена луург тешийла (АллахIах), шена луург ма тешийла)4 [Сурат «АлкахIф» 29 аят]. 

Оцу Iамалшна юккъера диканаш йинарг хастаме ву, вонаш йинарг сийсаз а ву. Ткъа АллахIа таIзар деш дац адамо йинчу Iамална, нагахь санна цуьнан и Iамал ярехь лаам а, харжам а ца хиллехь. Лекха  хин волчу Дала ша ма-аллара:

(Со вац (Сайн) лайшна зулам дийр долуш) [Сурат «Къоф» 29 аят].

   Адамана шена евза башхалла, харжам хиларна а, харжам а, лаам а ца хиларна а юккъахь йолу. Масала, стаг тхов тIера ламий тIехула оьхьавоссар цуьнан шен лаамца хуьлу, ткъа иза цу тIера кхечо чукхосса а тарло. Хьалхарниг лаам болуш хьал ду, шолгIаниг лаахь а, ца лаахь а хуьлуш хьал ду.

 

6 – Дала хIума кхоллар а, адамо Iамал йар а цхьаьнадар, и шиъ цхьаьнатохар.

 

АллахIа кхоьллина адам. Цо кхоьллина цо деш долу хIумнаш а. Делахь а, АллахIа цунна лаам а белла, ницкъ а белла. Ткъа адам – иза ду дуьххьала дIа баккъалла а шен Iамалш еш дерг, цуьнан шен лаам а, ницкъ а болу дела. Цо Ийман диллича – иза цуьнан лаамца хуьлуш ду, ткъа цо куфр дича а – иза цуьнан лаамца хуьлуш ду. Масала, вай аьлча: “хIара стом хIокху диттера бу, хIара ялта хIокху лаьттера ду” – цуьнан маьIна хуьлу: оцу диттах а, лаьттах а хьадаьлла ду и шиъ бохург. Ткъа вай и стом а, йалта а Делера ду аьлчи, цуьнан маьIна хуьлу: АллахIа оцу диттах а, лаьттах а кхоьллина ду и шиъ бохург. Иштта, оцу шина дашна юккъахь цхьаьна ца дар ца нисло. Делан ШарI а, Цуьнан къадр а цхьанакхета оцу кепара. Лекха хин волчу АллахIа аьлла:

(АллахIа кхоьллина шу а, аш деш дерг а) [Сурат «Ассоффат» 96 аят].  

Кхин а аьлла Сийлахь волчо:

(Амма (сагIа) делларг, (Делах) кхера а кхийринарг. Уггар дика хIума (лаилахIа иллаллахI) бакъ а динарг. Оха цунна атта дийр ду аьттонга (ялсамане) кхачар. Амма (сагIа ца луш) сутара хилларг, Делера мел ца хилча а шен гIулкх хир ду, аьлла хеттарг. Уггар дика хIума (лаилахIа иллаллахI) харц динарг. Оха цунна атта дийр ду халоне (жоьжахате) кхачар) [Сурат «Аллайл» 5-10 аяташ]. 

 

7 – Къадран хьокъехь адамашна тIехь долу важиб.

 

   Адамана тIехь ду къадран хьокъеь ши хIума:

1 – Ша дан дезаш долу хIума дарехь Делера гIо дехар, вочу хIумнах ларваларехь Делера гIо дехар, ялсамане кхачар шена атта де аьлла АллахIе доIа деш хилар, жоьжахатех ша лар ве бохуш АллахIе доьхуш хилар. Болх АллахIана тIе биллар, вочу хIумнах АллахIаца ларвалар.

   Бусалба стаг иштта хилча, дика хIума дар а, вон хIума Iад дитар а АллахIаца доьзна хуьлу цуьнан. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Хьайна пайда болчу хIуманна тIегIерташ хила хьо, АллахIера гIо а деха ахь, хIара хIума соьга дан ца ло але Iад а ма Iе хьо. Ткъа нагахь санна хьайна цхьа вон хIума хилахь, ахь ма ала - “дависа, иштта а, иштта а дина хилла делара ас иза” – але. Бакъдолуш - “дависа, делара” – бохучо шайтIанан Iамал дIайоьллу». [Муслим].

2 – Шена язделла долчу хIуманна, Делан кхелана собаре хила веза, халахеташ гIайгIане хила а ца веза. И хилларг Делера дуй а хууш, цунна реза а хилла, муьтIахь хила веза. Цунна хаа деза, шена хилла долу хIума мел и цахилийта иза гIиртинехь а хир долуш хилла хилар, ткъа цунна ца хилларг цунна хила язделла цахилар. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Хьуна хаийла, хьуна хилларг хьуна ца хуьлуш дуьссур хилла ца хилар, хьуна ца хилларг хьуна цкъа а хир долуш хилла ца хилар».

 

8 – Къадрана реза хилар.

 

   Вайна язделлачунна реза хила деза вай, Делан хIоттамна а, кхелана а реза хила деза вай. ХIунда аьлча иза АллахI Эла хиларна кхоччуш реза хилар ду. Цундела, Делах тешаш волу массо стаг, Дала динчунна реза хила веза. Ткъа Дала деш дерг ша дерг дика ду, нийса ду, хьекъале а ду. Шена хилларг шена хила дезаш хиллий а хиъна, ца хилларг хила дезаш ца хиллий а хиъна сапаргIат волу стаг хьалха вер ву, шеконаш чу вожарх а, воьхна хиларх а, цуьнан дахарехь хир дац синтем бар а, са цатер а. Шега дан ца деллачунна а, шена ца хиллачунна а сингаттаме хир вац иштта стаг, хиндолчунна сахьийзаш а хир вац иза. Иштта иза хиларца, нахана юккъехь уггар ирс долуш хир ву иза, уггар цIена, дика са долуш а хир ву иза, синтем болуш а хир ву иза. Шен дахаран хан бигалъялла юй хууш волчунна хаьа, валарх кхераро шен хан яхйийр йоций, йа сутаралло шен рицкъа сов а доккхур доций, и массо хIума шена дIаяздина дуй а. Цундела, и хиънарг шена хиллачу бохамашна тIехь собаре хуьлу, ша динчу вочу хIумнашна а, ша летийначу къиношна а гечдар доьхуш а хуьлу, Дала динчунна реза а хуьлу. Оцу кепара, цо шена чохь цхьаьнатуху Делан омрунна муьтIахь хилар а, бохамашна тIехь собаре хилар а. Лекхачу АллахIа аьлла:

(Цхьа а бохам хилла бац АллахIан пурбанца бен, ткъа АллахIах тешнарг (и бохам Делера бу аьлла) – Цо цуьнан дог нисдийр ду (цу бохам тIехь собаре хилийта), АллахI массо хIума хууш а ву) [Сурат «АттагIобун» 11 аят]. 

Кхин а аьлла Везчу АллахIа:

(Ткъа хьо хила собаре, баккъалла а АллахIан чIагIо (Ша шуна гIо дийр ду аьлла йолу) бакъ ю, хьайн къиношна гечдар а деха ахь) [Сурат «ГIофир» 55 аят]. 

 

9 – Адамаш нисдар шина декъе декъадалар.

 

   АллахIа адамаш нисдар шина декъе декъалуш ду:

1 – Бакъ дерг гойтуш, хьехар деш долу нисвар. ХIокху кепара долу нисвар массо адамашкара а хила луш ду. Лекха хин волчу АллахIа аьлла:

×Баккъалла а, ахь нисдо (адамаш а, жинаш а) нийсачу некъа тIе) [Сурат «Ашшура» 52 аят].  

2 – Нийса некъ боьвзинчул тIаьхьа цу тIехь нисваларан аьтто бар, йа вуьшта аьлча – нисваларехь тавфикъ далар. Иштта нисвалар Дала Шен лайшна луш ду, царах къинхетам беш. Шех кхоьруш берш баз беш. ХIокху кепара долу нисвар АллахIера бен хуьлуш дац. Дала аьлла – Сийлахь а, Лекха а ву Иза - :

(Бакъдолуш, ахь ца нисво хьайна везнарг, амма АллахIа нисво Шена лиънарг) [Сурат «Алкъасас» 56 аят]. 

 

10 – Делан лаам шина декъе бекъабалар.

 

   АллахIан лаам Къуръан чохь шина тайпана бу:

1 – Хиламан а, билгалдаккхаран а лаам. ХIара лаам дерриг хIума чулоцуш лаам бу. ХIокху лаамехь АллахIана лиънарг хуьлуш ду, ца лиънарг хуьлуш дац. ХIокху лаамца лиъна долу хIума хилар тIедужуш, и ца хилча ца долуш болу лаам бу хIара лаам. Амма хIокху лаамца лиъна долу хIума дезаш хилар а, йа Дела реза волуш хилар а тIехь дац, ШариIатан лаамца хIара лаам хIотта белча бен. Лекха хин волчу АллахIа аьлла:

(Ткъа АллахIана нисван лиънарг – цуьнан дог бусалба динна шор до (дIадоьллу) Цо) [Сурат «Ал-АнIам» 125 аят].

2 – Динан а, ШарIан а лаам. Иза – лууш долу хIума а, и хIума деш берш а беза а безаш, цунна Дела реза а волуш болу лаам бу. ХIокху тайпанара лаам хилча, хIокхуьнца лиъна долу хIума хилар тIехь дац, хIара лаам хиламан а, къадран а лаамца хIоттабелла хилча бен. Везчу АллахIа аьлла:

(АллахIана лаьа шуна атто хила, цунна ца лаьа шуна хало хила) [Сурат «Албакъарат» 185 аят].

   Хиламан лаам динан лаамал чулацаме бу, хIунда аьлча шарIехь а, динехь а мел лууш долу хIума, хиламан лаамна юкъа догIуш ду, ткъа дерриг хиламан лаамехь лууш дерг шарIан лаамна юкъадогIуш дац. Цуьнан масала ду: масала, Абу-Бакара – Дела реза хуьлда цунна – Ийман дилларехь ший а лаам кхочуш хилла (динан лаамехь ду Абу-Бакара Ийман диллар, ткъа цо Ийман дилларца хиламан лаам  а кхочуш хилла). Цхьа хиламан лаам бен кхочуш ца хиларан масала ду Абу-ДжахIла дина долу куфр (АллахIан динан лаамца лиъна цо Ийман диллар, амма цо Ийман ца диллина, иштта, динан лаам кхочуш ца хилла. АллахIана лиъна иза керста волуш вала, ткъа кхузахь хиламан лаам кхочуш хилла).

   Къинош а, Iесалла а хиламан лаамехь АллахIана лууш елахь а, Иза реза вац царна ШарIехь, динехь Цунна уьш езаш а яц, йа Цо цаьрца омру деш а дац.  Муххале а, Цо оьгIазло йо къинош летош волчунна, Цунна вон хета къинош, уьш ма де а бах Цо, къинош летийначарна ша бекхам бийр бу а бах Цо, и ша дерг Цуьнан къадрехь билгалдаьккхина а ду. Ткъа АллахIана муьтIахь хилар а, Цунах тешар а, иштта кхин долу Iибадаташ а Цунна дезаш ду, Цо уьш де аьлла омру деш а ду, уьш динчунна Ша мел а, дика бекхам а бийр бу аьлла а ду.

   Сийлахь ЦIена волчу АллахIана ца лиъча, Цунна цхьа а Iеса хир вацара, цхьамма а къа а латор дацара. Цунна лиънарг бен хIокху Iалам чохь хIумма а хила йиш яц. Лекха хин волчу АллахIа аьлла:

(Иза реза вац Шен лайша керстаналла дарна) [Сурат «Аззумар» 7 аят]. 

Кхин а аьлла Цо – Сийлахь а, Лекха а ву Иза -:

(АллахIана ца беза бохам (а, адамаш телхина хилар а)) [Сурат «Албакъарат» 205 аят].         

 

11 – Къадр духатухуш долу бахьанаш.

 

   АллахIа къадр духа тухуш а, иза тIера хьала айдеш а долу бахьанаш делла адамашна. Оцу бахьанех ду: доIа дар, сагIа далар, дарба лелор (молханашца), лар валар, ша деш дерг ойла а еш, хадам боллуш дар.

 

12 – Къадр Делан къайле ю, адамашна евзаш а яц.

 

Къадр адамашна юккъахь Делан къайле хилар цуьнан евзаш йоцучу агIонех доьзна ду. Оцу хIуманийн баккъалла а дерг цхьа АллахI воцчунна ца хаьа, адамашна иза хаа а ца хоуьйту Цо. Цуьнан  масала ду: АллахIа цхьаъ нисвар, тила вар, дIакхалхор, денвар, рицкъ далар, рицкъ сацор. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ма-аллара:

«Къадр хьахош шайна хезча къамел ца деш совца,  (шайна хууш доцург ма дийца)». [Муслим].

 Къадран важа евзаш йолу агIонаш а, цуьнан пайданаш а, цуьнан даржаш а, цуьнан дакъош а, иштта цунах хуьлу баккхий хьекъале пайданаш а – уьш массо нахана довзийта мегаш ду. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шен асхьабашка ма-аллара, ша Иманан арканаш Жабраил-малийкана дийцинчул тIаьхьа:

«ХIара Жибрил дара, шуна шун дин Iамо деана» [Муслим].

 

13 – Къадрах бехказло а, бахьана а дар.

 

   Хиндерг АллахIана хууш ду. Хиндерг хаар цхьа АллахIан Iилма а ду. Ткъа Цуьнан и Iилма (хаар) адамашна хууш йоцу къайле ю. Адамашна доьвзаш дац и Цуьнан Iилма. Цундела и АллахIана хууш долу Iилма, Цунна хиндерг хууш хилар адамашна цхьанна а бехказло а яц, йа бахьана а дац. “Суна Дала иштта яздина ду” – бохуш, Iамал яр Iад дита мегаш дац. ХIунда аьлча, къадр цхьанненна а АллахIана хьалха а, йа халкъана хьалха а бахьана а дац, йа бехказло а яц. Ткъа Къадр ша летош долчу къиношна бахьана лецар мегаш хилча, цхьа а зуламхочунна таIзар далур дацара, йа Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –  Делаца гIоьнчанаш беш берш байъина а хир бацара, йа Дала доссийна долу таIзар чекхдаьккхина а хир дацара, зуламхой цхьа а совцо йиш а хир яцара. Ткъа хьал иштта хилча, иза динехь а, дуьненахь а бохам хилар хууш ду. “Суна иштта язделла хилла” – бохуш вониг деш, къадрах шена бахьана дан гIертачуьнга вай ала деза: “Хьуна ца хаьа хьо ялсамане гIур ву, йа жоьжахате гIур ву. Хьуна иза хаахьара оха хьоьга хIумма де а эр дацара, йа ма де а эр дацара. Цундела, хьайна хьо стенга кхочур ву ца хуу дела, Iамал йе, тIаккха Дала хьо ялсаманин охIлунах болчарна юккъахь хилийта мега”.

   Цхьаболчу асхьабаша шайна къадр дуьйцуш долу хьадисаш хезча аьлла: «ХIинца сайна и хезначул тIаьхьа санна чIогIа къахьоьгуш хилла вац со цкъа а». Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла, къадраца бехказа вийларх лаьцна шега хаьттича:

«Iамал йе аш, ша кхуллучу хенахь шена язделларг дан атта дина ду шуна хIоранна а. Ткъа ирс долчерах хилларг – ирс долчеран Iамал йар атта дийр ду цунна, амма дакъаза боьвллачерах хилларг – дакъаза боьвллачеран Iамал йар атта дийр ду цунна. ТIаккха Пайхамара дешна (аят):

 (Амма (сагIа) делларг, (Делах) кхера а кхийринарг. Уггар дика хIума (лаилахIа иллаллахI) бакъ а динарг. Оха цунна атта дийр ду аьттонга (ялсамане) кхачар. Амма (сагIа ца луш) сутара хилларг, Делера мел ца хилча а шен гIулкх хир ду, аьлла хеттарг. Уггар дика хIума (лаилахIа иллаллахI) харц динарг. Оха цунна атта дийр ду халоне (жоьжахате) кхачар) [Сурат «Аллайл» 5-10 аяташ]. 

 

14 – Бахьанаш лело дезар.

 

   Адамана дуьненахь тIеIитталуш шина тайпана гIуллакхаш ду: чекх даккхалуш долу гIуллакх а ду – хIара гIуллакх соьга ца дало аьлла Iад Iан ца веза ишттачу гIуллакхехь, чекх ца даккхало аьлла хеташ, дан ца луш долу гIуллакх а ду – иштта гIуллакх шега дан ца лора аьлла гIайгIане вожа а ца веза. Ткъа АллахIана – Сийлахь а, Лекха а ву Иза – бохамаш хила а хилале хаьа уьш хир буй, делахь а, Цуьнан Iилма дац и бохамаш а, баланаш а хуьлуьйтуш дерг. Муххале а, уьш хилайтуш дерг бахьанаш ду. (Адамо деш долу цхьа хIума бахьана долуш хуьлу цунна бохам). Ткъа нагахь санна, и бохамаш хиллехь, стага ша ларвеш долу бахьанаш ца дар бахьана долуш, Дала шега лела де бохуш долу бахьанаш лелорехь цо ледарло ялийтар бахьана долуш, и стаг ша ву бехке шен са лардарехь цо ледарло ярна, ша ларвеш долу, массара а лелош долу бахьанаш цо ца леладарна. Нагахь санна цо бахьанаш лелийначул тIаьхьа, цуьнан ницкъ ца кхаьччехь и бохам буха тоха, тIаккха цуьнгара баккха бехк бац.

   Бахьанаш лелор къадрана а, АллахIана тIе болх билларна а доьхьал дац, йа цуьнца ца догIуш а дац, муххале а, бахьанаш лелор Далла тIе болх билларан дакъа ду. Хила язделларг – бахьанаш лелийначул тIаьхьа а – хиллехь, вай цунна реза хила дезаш ду, цунна муьтIахь хила дезаш а ду, хIара дешнаш ала дезаш а ду: “КъаддараллохIу ва ма шаа фаIал (Дала суна хила билгалдаьккхина (яздина) хилла хIара, Шена луург дан а дина Цо)”. И хIума хилале, массарна а тIехь дерг мегаш долу бахьанаш лелор ду, шена язделла хилларг кхечу язделла хиллачуьнца духатохар а ду.

   Пайхамарша а лелийна хилла ду бахьанаш, шаьш шайн мостагIех лардеш хилла долу, Дала шаьш лардарца а, вахьйу доссорца а шайна гIо деш хилла доллушехь. АллахIана тIе болх буьллуш болчеран эла волчу Делан Элчано Мухьаммада  а – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – лелийна бахьанаш, Далла тIе болх биллар шен чIогIа хилла доллушехь. Лекхачу АллахIа аьлла:

(Аш кеч бе царна (доьхьал) шайга кечлуччул ницкъ а (герз тоха Iаморца), Делан некъахь лело говраш а, аш цуьнца кхерор ву АллахIан мостагI а, шайн мостагI а (АллахIах ца тешаш берш)) [Сурат «Алъанфал» 60  аят].      

Кхин а аьлла Лекха хинволчо:

(Иза (АллахI) ву шуна латта муьтIахь динарг (шу цу тIехь дIасададахадалийта), ткъа лела шайна цуьнан некъаш тIехь, Цуьнан рицкъанах (даар) а даа шайна; (деллачул тIаьхьа) гIовттор Цуьнгахь хир долуш а ду) [Сурат «Алмулк» 15 аят]. 

Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

«Ницкъ болуш волу муъмин (АллахIах тешаш верг) гIоли ву гIийлачу муъминал, шинненца а дика а ду цаьршинца. Хьайна пайда болчу хIуманна тIегIерташ хила хьо, АллахIера гIо а деха ахь, хIара хIума соьга дан ца ло але Iадда а ма Iе хьо. Ткъа нагахь санна хьайна цхьа вон хIума хилахь ахь ма ала - “дависа, иштта а, иштта а дина хилла делара ас иза” – але. Бакъдолуш - “дависа, делара” – бохучо шайтIанан Iамал дIайоьллу». [Муслим].

 

15 – Къадр духатоьхначун хьукма.

 

   Къадр духатоьхначо ШариIатан баххех цхьа бух бухатоьхна, иза цо духатохарца керстаналла а дина цо. Цхьаболчу хьалхалерачу Iеламнаха – Дала къинхетам бойла царах – аьлла: “Къадр духатухуш болчаьрца Iилманца къовса, ткъа нагахь санна цара иза тIе ца лацахь цара керстаналла дина шуна, ткъа цара иза тIелацахь уьш эшийна бу шуна”.

 

16 – Къадрах тешаран пайданаш а, кхачонаш а.

 

   Къадрах а, Делан кхелах а тешаран дика пайданаш ду, кхачамаш а бу, хаза тIаьхьалонаш а ю, дерриг умматна а, хIора стагна а дика деш йолу. Царах цхьаерш юьйцур ю вай хIинца:

Къадрах тешаро дика Iибадаташ дойту, адамехь хаза сифаташ а хуьлуьйту, деш долу гIуллакх цIенчу даггара Дела доьхьа дар санна йолу, Цунна тIе болх биллар а, Цунах кхерар а, Цуьнан дикане дог дахар а, Цунах лаьцна хаза ойла хилар а санна йолу, собаре хилар а, халонаш ларехь ницкъ хилар а, са бIарздаларна дуьхьало яр а, АллахIана реза хилар а санна йолу, цхьана АллахIана шукр дар а, Цуьнан къинхетам хиларца воккхавер а, Нуьцкъала а, Сийлахь а волчу АллахIана хьаставелла, эсала хилар а, куралла а, вазвалар а Iад дитар а санна йолу. Дикчу хIуманна тIехь сагIа а доккхуьйту цо, Шена Дала дика бекхам бийр хиларх тешна волчу стаге. Стагехь майралла а, доьналла а хуьлуьйту цо, тоъаме хилар а, син дозалла а, лаамийн лекхалла а хуьлуьйту, хадам болуш хилар а хуьлуьйту. Къайлах а, гучахь а долчу хIумнашна тIехь барамалла хилар а, хьагIах а, дуьхьалонаш ярах а цIена хилар а цуьнан пайданех ду. Хьекъалш туьйранех а, кхоьллинчу харц кхетамех а дIацIандар а, синпаргIато хилар а, дагна синтем хилар а хуьлуьйту къадрах тешаро.

 Къадрах тешаш волу стаг нийсачу некъахь хир ву. Дуьненан бахамо талхор вац иза, йа бохамо вохор а вац иза. Иза кхеташ, хууш хир ву, шена хилла болу бала, йа бохам Делан кхел юй, Цо шена иза билгалъяккхина язйина хилла юй, цундела, иза гIайгIане вужур вац шена хиллачунна, муххале а, иза собаре хир ву, Делера шена ял хиларга дог а дохуш. 

  Къадрах тешаро галваларан а, тиларан а бахьанех лар во, дахаран чаккхе вон хиларан бахьанех а лар во. ХIунда аьлча, цо иза даим нийсонна тIехь латта гIерташ, къахьоьгуш хуьлуьйту, диканаш дарна тIехь къахьоьгуьйту, Iесаллех а, иза хIаллаквийр волчу хIумнех а даим ларлуш хуьлуьйту.

  Цунах тешаро Делах тешаш болчаьрга халонашна а, баланашна а дуьхьало йойту, чIогIачу дагца, билггалчу кхетамца, бахьанаш а лелош. Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла:

 «Ма тамашийна ду-кх АллахIах тешаш волчуьнан гIуллакх! Баккъалла а, цуьнан массо гIуллакх (цуьнца мел хуьлуш долу хIума) дика хуьлу-кх цунна. Иштта и ша-долу гIуллакх дика хилар цхьана АллахIах тешаш волчунна бен дац. Шена хаза хеташ долу хIума шена хилча (Далла) “шукр” (баркалла, хастам) до цо, тIаккха цунна иза дика хуьлу. Шена хала хеташ долу хIума шена хилча собар до цо, тIаккха иза а цунна дика хуьлу» [Муслим].

 

 

nnn

 

 

   ï                 

          



1 «Лавхьул махьфуз» бохучуьнан маьIна «Далла гергахь лардеш долу у» бохург ду.

2 «Лайлатул къадр» бохург – къадран буьйса – бохург ду. И буьйса мархин беттан тIаьххьара итт де диссича, оцу юккъахь хуьлуш ю.

3 «ТабиIунаш» - уьш асхьабашна тIаьхьа хилла бусалба нах бу, асхьабаш ган а гина, цаьргара Iилма схьа а оьцуш, цаьрца баьхна нах бу уьш.

4 Лаахь а, ца лаахь а бохуш дин тIелацайтуш дац Исламехь. Ткъа бусалба дин тIелаца а ца лууш, бусалба пачхьалкхехь ваха лууш верг иза бусалба динан хьукманашца ваха везар ву. ТIаккха, къемат дийнахь, Дела дин лело шен лаам боллушехь цо иза ца лела дарна, Дала Iазап дийр ду цунна, жоьжахати чу а вуллур ву иза даиманна а.