|
|
|
Кхо бух
Мухьаммад
ибн Сулайман
– Дала
къинхетам бойла цунах –
Гочдина:
Адама Султана
Олхазара Пайхамаран шахьар – Мединат 1422 хI. – 2002 м. шш __________________________________________________
1.
Хьалхара бух – АллахI
Дела вовзар 2.
ШолгIа бух – шен
баххашца Бусалба дин довзар 3.
КхоалгIа бух – вайн
Пайхамар Мухьаммад – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – вайна вовзар
__________________________________________________
Къинхетаме а,
къинхетам беш а волчу
Хьуна
хаийла -
АллахIа
хьох
къинхетам
барг -
вайн
декхар
хилар
диъ
хIума
Iамадар:
Оцу деа хIуманан
делил ду, цунна тешалла ду АллахIан дош:
(Къинхетаме а,
Къинхетам беш а волчу
Имам ШафиIийс
- Дала къинхетам бойла цунах - хIокху сурат
хьокъехь аьлла: "АллахIа Шен халкъана тешаллийна хIара сурат бен ца доссийнехь а, иза тоьар дара царна
тешалла хила (цуьнца Iамал ян)".
Имам Бухарис -
Дала къинхетам бойла цуьнах - аьлла: "Iилма
Iамор
Iамал ярал
хьалха хилар довзайту баб (дакъа)".
Iилма
Iамалал
хьалха даккха дезаш хиларан тешалла ду АллахIан
дош:
(Хаийла хьуна АллахI
воцург кхин дела цахилар, хьайн къинна гечдар а деха) [Сурат
"Мухьаммад" 19 аят].
ХIокху
аятехь АллахIа Шен омру "Хаийла хьуна" аьлла, дашал а,
Iамалал а хьалха
Iилманца
долийна.
1 - Хьалхарниг: Вай АллахIа кхоьллина хилар, цул тIаьхьа Цо вайна рицкъа делла хилар, Цо вай тидам боцуш тесна
дитина цахилар а. Муххале а, Цо вайна Пайхамар ваийтина. Цунна
мутIахь хилларг ялсамане гIур
ву, амма цунна Iеса хилларг жоьжахате а гIур ву. Оцунна тешалла ду АллахIан дош:
(Оха шуна Элча ваийтина, шуна тIехь
теш волуш, ФирIавн
волча Оха элча вахайтарх терра, ткъа ФирIавн
элчанна
Iеса хилира, тIаккха Оха
иза (ФирIавн) хIаллаквеш долчу лацарца лецира) [Сурат
"Ал-муззаммил" 15-16 аяташ]. 2 - ШолгIаниг: АллахI реза вац Шеца накъост варна, хуьлийла иза малайкашна
Iибадат дарца, я пайхамарашна
Iибадат
дарца.[1] Тешалла ду АллахIан
дош:
(Баккъалла, маьждигаш АллахIан ду, ткъа аша ма кхайкха АллахIаца цхьанга а) [Сурат "Ал-джинн" 18
яат].
3 -
КхоалгIаниг: Делан Элчанна
- Делера салават а, салам а хуьлда цунна - муьтIахь волчунна, Дела цхьаъ веш волчунна мегаш дац, Далла а, Делан
Элчанна - Делера салават а, салам
а хуьлда
цунна - дуьхьал ваьллачунца гергарло лелор, иза шен
уггара гергара стаг велахь а. Цунна тешалла АллахIан дош ду:
(Хьуна карор
бац (бусалба) нах, АллахIах а,
къемат дийнах а теша а тешаш, АллахIана а Цуьнан Элчанна а дуьхьало еш берш (дов лелош
берш) безаш болу, уьш шайн дай белахь а, я шайн кIентий, я шайн вежарий, я шайн тайпана (белахь а).
Уьш (бусалба динна дуьхьал болчарца гергарло ца лелориш) АллахIа шайн дегнашкахь
ийман яздинарш бу. (Цо) уьш чIагIбина шегарцу сица (Жабраилца),
(Цо) уьш бохуьйтур а бу, шайна кIелхула
татолаш лелачу бошмашка (ялсамане), даим цу чохь хир а болуш. АллахI царна
а реза хилла, уьш Цунна а реза хилла. Уьш бу
АллахIан тобанах, ткъа АллахIан
тоба баккъалла декъал ю) [Сурат "Ал-муджадалат" 22 аят].
Хьуна хаийла – АллахIа хьо Шена муьтIахь хиларе нисварг
– ИбрахIима-Пайхамаран миллат, хьанифийн дин
– иза
ахь АллахIана даггара
Iибадат дар хилар. АллахIана цхьанна, даггара
Iибадат дар
– и ду АллахIа массо нахана омру дина тIедиллинарг, ша бахьанехь адамаш
кхоьллинарг а. АллахIа
Къуръан чохь ма- аллара:
(Ас ца кхоьллина жинаш а, адамаш а, цаьрга Сайна
Iибадат дайта бен) [Сурат
"Аз-зарийат" 56 аят].
"Сайна
Iибадат дайта" бохучуьнан маьIна - "Со цхьаъ вайта" бохург
ду.
Ткъа АллахIа омра динчерах уггар доккханиг
"тавхьид" ду, цуьнан маьIна:
Iибадат дарехь АллахI цхьаъ вар ду. Иштта, АллахIа ца магийначех уггар доккханиг
"ширк" ду, цуьнан маьIна: АллахI
воцучунна
Iибадат дар ду,
Цуьнца кхечуьнга кхайкхар санна. Цунна тешалла АллахIан дош ду:
((Аш)
Iибадат де
АллахIана, цхьаъа хIуманца
Цуьнца накъост а ма ве) [Сурат "Ан-нисаъ" 36 аят].
Ткъа нагахь санна хьоьга алахь: адамана
бовза безаш болу кхо бух хIун
бу?
Ахь ала: Лайна шен Дела а, шен дин
а, шен Пайхамар Мухьаммад а - Делера салават салам хуьлда цунна - вовзар бу.
Хьалхара бух – АллахI Дела вовзар
Ткъа нагахь санна хьоьга алахь: хьан Дела мила
ву? Ахь ала: сан Дела АллахI
ву, со а, дерриге
Iаламаш
а Шен ниIматашца кхиийна
волу. Иза ву ас Шена
Iибадат
дийриг, Иза воцург кхин
Iибадат
дан цхьа а вац сан. Цунна тешаллийна АллахIан дош ду:
(Хастам бу АллахIана,
Iаламийн Элана)
[Сурат "Алфатихьат" 2
аят].
АллахI воцург кхидолу массо хIума
Iаламашна юкъадогIуш ду, иштта со а ву оцу
Iалам юкъара.
Нагахь санна хьоьга алахь: хьуна хьайн Дела муха воьвзина? Ахь ала:
Суна Иза Цуьнан аяташца (билгалонашца) а, Цо кхоьллинчу хIуманашца а воьвзина. Цуьнан аятех
(билгалонех) ду: буьйса а, де а, малх а, бутт а. Цо кхоьллинчу хIуманех ду: ворхI стигал а, ворхI латта а, цаьршинна чохь дерг а
цаьршинна юкъахь дерг а. Цунна
тешаллийна АллахIан дош ду:
(Цуьнан билгалонех ду буьйса а, де а, малх а, бутт а.
Ма де суджуд малхана, я баттана, (амма) суджуд де АллахIана, уьш кхоьллина волчу, нагахь шаьш Цунна
(цхьанна)
Iибадат деш делахь) [Сурат "Фуссилат" 37 аят].
Иштта кхин а аьлла Дала Къуръан чохь:
(Баккъалла шун Дела ву, стигланаш а латта а ялх
дийнахь кхоьллинарг, цул тIаьхьа Иза
лакхаваьлла
Iарша тIехь,
буьйса денна тIетосу
Цо, цо (буьйсано) иза (де) сихонца лоху. Малх а,
бутт а, седарчий а, муьтIахь дина
Цо Шен омрунца, Цуьнан
карахь ду кхоллар а, болх а. Беркате ву АллахI,
Iаламийн Эла (Дела))
[Сурат "Ал-аIраф" 54 аят].
Дела бохург - шена кхечу наха
Iибадат дийриг бохург ду. Иза иштта хилар гойту АллахIан дашо:
(ХIай адамаш,
Iибадат де
шайн Далла, шу а, шул хьалхарниш а
кхоьллина волчу, шу хила мега тIаккха (Цуьнах) кхоьруш (аш Цунна
Iибадат дича). (Аш
Iибадат
де АллахIана), латта
шуна мотт санна дина волчу, стигал а гIишло санна йина волчу, стиглара хи а доссийна, цуьнца (лаьттара хьала) шуна
рицкъанна стоьмаш а баьхна волчу, ткъа аш ма бойла АллахIаца накъостий, шаьш хууш доллушехь (и дан ца мегий)) [Сурат
"Ал-бакъарат" 21-22 аяташ].
ХIокху аятан тафсирехь Ибну-Касира - Дала къинхетам
бойла цунах - аьлла: "И хIуманаш
кхоьллина верг - Иза ву Шена
Iибадат дан хьакъ долуш
верг".
АллахIа тIедехкина долчу
Iибадатан дакъош - Ислам, Иман, Ихьсан а санна долу,
иштта доIа дар а, кхерар а, догдахар а, болх тIебиллар а, безам хилар а, цабезам хилар а, гIолахар а, хьаставалар а, тIетовжар а,
Iалашвар
дехар а, гIо дехар а, хьайбанна урс хьакхар а, чIагIо яр а, иштта кхидолу
АллахIа тIедехкина
долу Iибадаташ а, уьш массо а цхьана АллахIа доьхьа хила дезаш ду. Тешалла АллахIан
дош ду:
(Баккъалла, маьждигаш АллахIан ду, аш макхайкха АллахIаца кхечуьнга цхьаьнга а) [Сурат
"Ал-джинн" 18 аят].
Оцу
Iибадатех цхьаъ делахь а кхечуьнга дерзийнарг - иза
АллахIаца накъост веш хуьлу
Iибадат
дарехь, куфр деш а хуьлу. Тешалла ду АллахIан дош:
(АллахIаца кхечу
деле кхойкхуш верг - шегахь цхьа тешалла а доцуш - баккъалла а цуьнан хьесап дар цуьнан
Делехь ду, баккъалла а декъал хир бац керстанаш (куфр дийриш)) [Сурат
"Ал-муъминун" 117 аят].
Хьадисехь
деана ду: "Дехар, доIа дар -
Iибадатан тIум
ю". Цунна тешаллийна АллахIан дош а
ду:
(Шун Дала аьлла:
деха Соьга, доIа де, Ас жоп лур ду шуна. Баккъалла а, Суна
Iибадат дарх куралла еш берш гIур бу жоьжагIате, аьшнаш
бина, сийсаз а болуш)
[Сурат
"ГIафир" 60 аят].
АллахIах бен кхера ца
везаран тешалла ду Цуьнан дош:
(Шу ма кхера церах, шу кхера Соьх, нагахь санна шу
тешаш делахь) [Сурат "Ал-Iимран" 175 аят].
Догдахаран тешалла ду АллахIан дош:
(Ткъа шен Далла ша дуьхьалхIоттарга догдохуш волчо
дика
Iамал
а йойла, ша шен Далла
Iибадат
дарехь накъост а ма войла) [Сурат "Ал-кахIф" 110 аят].
Болх тIебилларан тешалла ду АллахIан дош:
(АллахIана тIебилла болх
(Цуьнан кера дIало иза), нагахь санна шу (Цунах) тешаш делахь) [Сурат "Ал-маидат" 23 аят].
Иштта цунна тешаллийна кхин цхьа аят а
ду:
(АллахIана тIе болх биллинчунна - Иза кхачам болуш тоьаш ву цунна) [Сурат "Ат-тIалакъ"
23 аят].
Безам хиларан а, цабезам хиларан а,
хьаставаларан а тешалла ду АллахIан дош:
(Баккъалла а уьш бара диканаш дарехь сихо еш, Тхоьга
(АллахIе) кхойкхуш а бара,
(массо дикачу хIуманехь) безам болуш
а, (массо вочу хIуманехь) цабезам болуш
а, Тхуна хьастабелла (АллахIан сий деш Цунна муьтIахь)
а бара уьш) [Сурат
"Ал-анбияъ" 90 аят].
АллахIах дагчохь кхера везаран тешалла ду АллахIан дош :
(Ма кхера шу церах,
шу кхера Соьх)
[Сурат "Ал-бакъара" 150
аят].
АллахIе дерза
дезаран тешалла ду АллахIан дош:
(Шу дерза шайн Деле, Цунна муьтIахь а хила)
[Сурат "Аззумар" 54
аят].
ГIо дехаран
тешалла ду АллахIан дош:
(Хьуна цхьанна
Iибадат а
до оха, Хьоьгара цхьаьнгара гIо а доьху оха) [Сурат "Ал-фатихьат" 5 аят].
Хьадисехь а деана ду: "Айхьа гIо лахахь АллахIера лаха
хьайна гIо, Цуьнгара деха а деха".
Iалашвар АллахIе деха
дезаран тешалла ду АллахIан дош:
(Ахь ала: со ларло адамийн Эла волчуьнца (АллахIаца), адамийн Паччахьца) [Сурат
"Ан-нас" 1-2 аят].
Орца
лахаран тешалла ду АллахIан дош:
(Аш шайн Деле орца доьхучу хенахь Цо жоп делира шуна) [Сурат
"Ал-анфал" 9 аят].
Хьайбанна
урс хьакхаран (гIурба деран) тешалла АллахIан дош ду:
(Ахь
ала: бакъдолуш, сан ламаз а, сан урс хьакхар а,
сан вахар а, сан валар а, Iаламийн Эла волчу АллахIан доьхьа ду. Накъост вац Цуьнца.
Цуьнца (иштта хиларца) омру дина а
ду суна, со доьххьара бусалба а ву) [Сурат
"Ал-анIам" 162-163 аят].
Суннатера
тешалла ду Пайхамаран - Делера салам маршалла хуьлда цунна - дош:
"АллахIа неIалт аьлла АллахI
а воцуш кхечуьна доьхьа урс хьаькхначунна (кхечуьна
доьхьа сагIа дийначунна).
ЧIагIо йаран тешалла ду АллахIан дош:
(Цара кхочуш йо шаьш йина йолу чIагIо, уьш кхера а кхоьру шен вон дIасадаьржар долчу дийнах)
[Сурат "Ал-Инсан" 7
аят].
ШолгIа бух - шен баххашца бусалба
дин довзар.
Бусалба дин - иза АллахI цхьаъ варца Цунна муьтIахь хилар ду, Цо аьлларг деш хилар а ду, Цуьнца накъост варах а, ширкан охIлунах а цIена хилар а ду. Бусалба дин кхаа даржехь ду: Ислам, Иман, Ихьсан. Оцу кхаа даржах хIоранне а ше-шен арканаш (бIогIамаш) ду.
Бусалба динан хьалхара дарж - Ислам.
Исламан арканаш пхиъ ду: 1) тешалла дар АллахI воцург кхин дела а вац аьлла, Мухьаммад АллахIан элча а ву аьлла; 2)
ламаз
дар; 3)
закат
далар; 4)
мархи
бутт кхабар; 5)
АллахIан цIентIе хьадж дар.
АллахI воцург кхин Дела вац аьлла тешалла дан дезаран далил АллахIан дош ду:
(Тешалла дина АллахIа Ша воцург кхин дела вац аьлла, малайкаша а дина,
Iилман дайша а дина; нийсонна тIехь лаьтташ ву АллахI, кхин Дела вац иза воцург,
Нуьцкъала а Хьекъале а волу) [Сурат "Ал-Iимран" 18 аят]
|