Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ламаз оьцуш деш долу доIанаш
 хьадисан Iилманца таллар

 

«Албадрул Мунúр фú тахрúжи

ахьáдúсир-рóфиIиййил кабúр»

цIе йолчу жайни тIера

 

Имам Ибнул Мулаккъин

– Дала къинхетам бойла цунах –

 

__________________________________________

 

 


Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца!

Гочдархочуьнан дешхьалхе

 

Имам Ибнул Мулаккъина – Дала къинхетам бойла цунах – ламаз оьцучу хенахь доIанаш дарх лаьцна долчу хьадисийн таллам бар яздале хьалха, Iелам-нехан цу доIанаш тIехь хилла болу къастам билгалбаьккхича дика хир ду. Цул совнаха, Имам Нававийл – Дала къинхетам бойла цунах – тIаьхьа хилла болчу Iелам-наха цу доIанех лаьцна аьлларг довзийтича а дика хир ду, хIунда аьлча дукхах болчара Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – цу доIанех лаьцна аьлларг схьа а оьций, кхидерг тергал ца деш Iаддуьту дела, цул тIаьхьа хилла болчу Iелам-наха цуьнан муха хьукм дина а ца хьовсуш.

И доIанаш дар тIехь Iелам-нах кхаа декъе бекъабелла:

1.            Уьш дар деза а ду, мелехь а ду. Иштта аьлларш бу: Имам Рýйáний, Имам РóфиIий, Имам Ибнул Мулаккъин, Имам Махьаллий, Шайхул Ислам Закариййá Ал-Ансáрий, Имам АшшихIáб Аррамлий, Имам Шамсуддин Аррамлий, Имам Ширбúний, Имам АлгIамрóвий, иштта кхиберш а – Дала къинхетам бойла церах –.  

2.            Уьш дар дика ду, уьш ца деш Iаддита а ца деза, делахь а уьш Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Суннат ду аьлла хета мегар дац. Иштта аьлларш бу: Имам Ал-АзруIий, Имам Ибн Хьажар АлхIайтамий, Имам Мухьаммад ибн Iалий, Имам Мухьаммад ибн Сулайман Алкурдий, иштта кхиберш а – Дала къинхетам бойла церах –.     

3.            Уьш дар суннат а дац, йа уьш Суннатехь даьхкина а дац, цундела уьш дар дика дац. Иштта аьлларш бу: Имам Нававий, Имам Малúбáрий, Имам Ибнул Къаййим, иштта кхиберш а.

Iелам-нах иштта кхаа декъе цу хIуманна тIехь бекъабаларан бахьана цаьрга хьадис кхачар а, ца кхачар а ду, и хьадис царна нийса хетар а, ца хетар а ду, шеца Iамал йан иза мегар долуш ду йа дац аьлла церан церан бекъам хилар а ду..

Цу кхаа декъах болчу Iелам-нехан хIоранне а шен-шен далил (тешалла) ду. Уьш магийна болчу хьалхарчу декъан тешалла ду хьадис Iилманехь йолу цхьа бакъо: нагахь санна хьадис заьIап (гIийла) делахь, тIаккха цуьнан масийтта некъ а белахь, цу хьадисан гIийлалла дукха чIогIа а яцахь (доцу хьадис кхуллуш волу стаг цуьнан санад юкъахь вацахь, йа берриг хьадисан Iелам-наха дIатесна стаг цу юкъахь вацахь), и хьадис къобал деш ду Iамал йаран дозалла дуьйцучу меттехь, (цу Iамалан бусалба динехь кхин цхьа бух белахь).[1] 

Хьалхарчу декъан тешалла – лакхахь дерг доцург – шиъ ду: и доIанаш дар дуьйцуш даьхкина долу хьадисаш а, «ассалаф ассолихь» - «хьалха хиллачу дикчу наха (Iелам-наха)» уьш деш хилла хилар а.

ШолгIачу декъан тешалла а шиъ хила тарло: хьадисаш а, хьалхалерчу Iелам-наха уьш деш хилла хилар а. Делахь а, царна гергахь и хьадисаш дикчу хьадисан дарже хьала ца кхаьчна, цхьа заьIап долу хьадисаш бен ца карор бахьана долуш. Цундела, и доIанаш дийцина долу хьадисаш заьIап а хиларна, и доIанаш хаьлхалерчу Iелам-наха дина а хиларна, хIокхара а и доIанаш дар дика ду аьлла, делахь а уьш Суннат лара мегар дац аьлла.  

КхоалгIачу декъан тешалла ду: цу доIанийн бух (далил, тешалла) ца хилар а, виъ имамо а, йа церан хенахь хиллачу Iелам-наха а уьш шайн жайнашкахь хьахийна ца хилар а. Масала, Имам Нававийс аьлла – Дала къинхетам бойла цунах – шен масийтта жайни тIехь: - «Цу доIанийн бух бац» - аьлла.

Кхузахь хьахийча дика хир ду, Имам Нававийл – Дала къинхетам бойла цунах – тIаьхьа хилла болчу Iелам-наха цуьнан дешнех лаьцна аьлларг. Имам Махьаллийс а, Шайхул Ислам Ал-Ансарийс а, Имам АлхIайтамийс а, Имам Ширбúнийс а, Имам Ассаккъóфа а, иштта кхечара а аьлла: «Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – бух бац алар бохург – иза цуьнан «нийсачу» хьадисехь бух бац бохург ду, хIунда аьлча Ибн Хьиббáна шен «Аттáрúх» жайни тIехь дийцина и хьадисаш, гIийлачу санадца. Ткъа и санна долу гIийла хьадисаш къобал деш ду Iамал йаран дозалла дуьйцучу меттехь». «РóфиIийна а, Нававийна а ца гинчух тера ду Ибн Хьиббáна дийцина долу гIийла хьадисаш. Ткъа и санна долу хьадисаша тергал деш ду Iамал йаран дозалла дуьйцучу меттехь». «Нававийс цу доIанийн бух бац алар – нийсачу хьадисашкахь бух бац бохург ду. Амма кхечу некъашца даьхкина долу и хьадисаш цунна гергахь нийса хилла хир дац, йа цунна дагадеана хир дац уьш хилар». Иштта аьлла цара массара а, лакхахь далийначу дешнашца, йа и санна маьIна долуш долчу дешнашца. Цара аьллачунна тIе ца тайна Хьафиз Ибн Хьажар АлIаскъолáний – Дала къинхетам бойла цунах – хIунда аьлча цу хьадисийн некъийн иснадаш юкъахь чIогIа заьIап нах бу, Iелам-наха чIогIа заьIап лерина болу, ткъа иштта долчу хьадисашца Iамалийн дозаллаш дуьйцучу меттехь Iамал йан мегаш дац. Цундела, Хьафиз Ибн Хьажара иштта алар бахьана долуш – ткъа иза хьадисан Iилмангахь ша саннарг кхин воцуш Iелам-стаг ву – шолгIачу декъо аьлла дош нийса а, гIолий а хета суна – и доIанаш дича хIумма а дац, делахь а суннат ду мотта мегар дац уьш – аьлла.

ХIара иштта дахдина хьахоран бахьана, и доIанаш дан ца мега бохуш болчарна а, йа уьш дар парз хеташ болчарна а, и доIанаш а и санна долу Iелам-нахана юкъахь къастам хилла долу хIумнаш а бахьанехь вовшийн вон цIерш тохкуш болчарна а, Iелам-наха и хIума муха теллина дIадовзийтар ду, ша лаьцна йолу агIо бен нийса яц моьттуш волчуьнга жимма ойла йайтар ду. И санна долу хIумнаш схьа а луьйцуш, церах даккхий гIуллакхаш а дина, уьш бахьнехь вовшийн инкарлонаш а еш, вовшашна дегабаамаш а беш, ша ца лелориг лелош верг ша-верг жоьжахатехь ву а моьттуш, галваьлла харц ву а моьттуш лела вайн дуккха а кегий-нах а, кегий-нах хилла ца Iаш хьекъале хила безаш болу цхьаболу жималлера боьвлла нах а. Уьш хIора а иштта хиларан шен-шен бахьанаш ду: цхьаверг динан агIор иштта кхетам болуш хуьлу, важаверг ша лелийначунна тIера вала ца лууш хуьлу, важаверг шена хетара-моьттара бохучуьнца лелаш хуьлу, цхьа кхиниг шен син лаамца лелаш хуьлу. Шен лаамашна тIаьхьа а ваьлла динна а, Iелам-нахана а доьхьало еш волчо хIара дешча а пайда хир бац, Дала тавфикъ делла Делан дине иза ца верзахь кхечуьнга йа верза а лур вац. Иштта вай хилар бахьана долуш, бусалба динна герга ван лууш верг а генаваьлла, ламаз оьцуш деш долу доIанаш ца дийцича а, ламаз ца деш болу нах шаьш болчу хIуманна тIехь бисна. Ткъа вайна коьрта дара – селахана а, тахана а, кхана а – кегий хIумнаш Iадда а дитина, хьалха даккха дезарг хIун ду а хьовсуш, тIаьхьа теттича а мегар дерг хIун ду а хьовсуш, коьрта-коьрта долчу хIуманашна тIе терго йахийтар.

Имам Ибнул Мулаккъина – Дала къинхетам бойла цунах – цу доIанех лаьцна хьадисан Iилманца бина болу таллам бийцале хьалха, сайгара дерг дIадерзош аьлча нийса хир ду: цо бина и таллам ша ма-барра дIаязбар дуккха нахана пайдане бац, хIунда аьлча иза хьадисан Iилманан Iелам-нах бен кхидолу адамаш тIаьхьакхуьур долу хIума дац, хIетте а иза ша ма-барра хьабалор бу ас кхузахь, цу Iилманах хьан жимма кхетам кхоллабалийта а, Iелам-наха шаьш цхьаъ олучу хенахь иза шайгара ца олий хьуна хаийта а, цара нийсо лохуш мел къахьоьгу хьуна гайта а. Ткъа нагахь санна хьо баккъал а нийса дерг дезаш а велахь, хьой цу тIе кхачийтар Деле доьхуш а велахь, хьайн тобанан хIумнаш Iадда а дитина, миччахь карийча а бакъона тIе хьо воьрзур волуш а велахь, Дала мукъалахь хьуна хIокху жайнах пайда хир бу, ахь ойла а йийр ю, бусалба динан Iалашонаш хьуна жимма йовза а евзар ю, хьо Дала Ийманехь сов а воккхур ву Шен къинхетамца.

Адама Султана Олхазар.

 

__________________________________________

 

 

Ламаз оьцуш деш долу доIанаш  хьадисан Iилманца таллар.

 

Имам Ибнул Мулаккъина аьлла – Дала къинхетам бойла цунах – Имам РóфиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – ламаз оьцучу хенахь и доIанаш дар суннат ду аьллачул тIаьхьа:

«…И цо аьлларг доьвзинчул тIаьхьа, (хьуна хаийла): Нававийс аьлла – Дала къинхетам бойла цунах – шен «АрровдахI» жайни тIехь: «ХIокху доIанийн бух бац, уьш йа ШафиIийс а, йа дукхах болчу Iелам-наха а хьахийна а дац». Кхин а аьлла цо «Шархьул МухIаззаб» тIехь: «ХIокху доIанан бух бац. Делахь а вайн мазхIаберчу дуккха Iелам-наха хьахийна иза, ткъа хьалха хиллачу Iелам-наха ца хьахийна иза…» Иштта и шиъ а доцуш, кхечу жайнашкахь а аьлла цо цуьнан бах бац аьлла. Шейх Такъиййуддúн ибн Ассолáхьа а аьлла «АлмухIаззаб» жайни тIехь ша динчу билгалдахаршна юкъахь: «Ламаз оьцучу хенахь меженашца доIа дарх лаьцна нийса хьадис дац». «АлвасúтI» жайни тIехь динчу билгалдахарш юкъахь а аьлла цо, ГIазáлúс - «и доIанаш дар деза хилар дуьйцуш хьадисаш ду даьхкина» - аьллачул тIаьхьа: «Нийса хьадис дац цунах лаьцна».

Хьуна хаийла – Дала сох а, хьох а шен къинхетам барг, вайшиъ ший а Цо Шена муьтIахь хиларга нис а варг – ламаз оьцуш хIора меженаца доIа дарх лаьцна масийтта хьадис деана хилар:

Церах цхьаъ Iалий ибн Аби ТIолиба (Iелас) дийцина хьадис ду – Дала юьхь сийлахь йойла цуьнан. Цо дийцина хьадис масийтта некъаца деана ду:

Хьалхара некъ: Абу Исхьáкъ АссабúIийс дицина, Iалий ибн Аби ТIолибера схьа – Дала юьхь сийлахь йойла цуьнан. Цо аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – суна дешнаш Iамийра, ламаз оьцучу хенахь ас олуш долу, суна диц а ца делла уьш. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шена хи схьадеанчул тIаьхьа, ша шен ши куьг дилича алара: «БисмиллáхIил Iазúм, валхьамду лиллáхIи Iалал ислáм, аллóхIуммажIалнú минаттаввáбúна важIалнú минал мутатIаххIирúн, важIалнú миналлазúна изá аIтIойтахIум шакарý, ва изабталайтахIум собарý». ТIаккха шен бехке меттиг йилича, цо алара: «АллóхIумма хьассин фарджú» - кхозза. ТIаккха ша бага хи кхаьрзича цо алара: «АллóхIумма аIиннú Iалá тилáвати китáбика ва зикрика». Ша мера чу хи кхорзуш цо алара: «АллóхIумма арихьнú рóихьатал джаннати». Шен юьхь юьлуш цо алара: «АллóхIумма баййид важхIú йавма табйадду вуджýхIун ва тасвадду вуджýхI». Шен аьтту куьг дуьлуш цо алара: «АллóхIумма áтинú китáбú бийамúнú, ва хьáсибнú хьисáбан йасúран». Шен аьрру куьг дилича, цо алара: «АллóхIумма лá туIтIинú китáбú бишимáлú, ва лá мин варóи зохIрú». Ша шен коьрта тIе хи хьокхучу хенахь цо алара: «АллóхIумма гIашшинú бирохьматик». Шен шина лерга чу хи хьокхучу хенахь цо алара: «АллóхIуммажIалнú миналлазúна йастамиIýнал къовла файаттабиIýна ахьсанахI». Шен ши ког буьлучу хенахь цо алара: «АллóхIуммажIалхIу саIйан машкýран, ва занбан магIфýран, ва тижáратан лан табýр». ТIаккха шен корта стигала хьала а айбина цо элира: «Алхьамду лиллáхIиллазú рофаIахIá билá Iамад». Пайхамара аьлла – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «и дешнаш олуш волчуьнан коьрта тIехула лаьтташ малийк хуьлу, цо олуш дерг дIаяздеш, тIаккха цунна тIе мохIар туху цо, тIаккха иза стигала хьала а хьой, Iарш буха дIадуьллу цо иза. Цуьнан мохIар дIацадоккху къемат де кхаччалц».

ХIара некъ хьахийна Шейх Такъиййуддúнас «Ал-Имам» жайни тIехь. Цо аьлла: «Абул Фадл Мухьаммад бин НаIúм бин Iалий Албухарийгара схьа, (цо аьлла:) суна дийцина Абул Къóсим Ахьмда бин Хьам Ассоффáр Аллахмийс, (цо аьлла:) суна дийцина Абу Мукъóтил Сулаймáн бин Алфадлас, (цо аьлла:) суна дийцина Ахьмад бин МусIаб Алмирвазийс, (цо аьлла:) суна дийцина Хаьбúб бин Аби Хьабиб ашшайбáнийс, (цо аьлла:) суна дийцина Абу Исхьáк АссабúIийс…» - кхин дIа и хьадис дийцина цо.

Шейха (Такъиййуддúна) аьлла: «Абу Исхьáкъ АссабúIийс Iелигара дийцар хаьдда ду [2], оцу хьадисан иснáда юкъахь масех стаг ву вовза везаш а, шен хьал довза дезаш а».[3]

ШолгIа некъ: Iалий бин Аби ТIолибера (Iелас) аьлла – Дала юьхь сийлахь йойла цуьнан -: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – суна Iамийра ламаз эацаран мел. Цо элира: «ХIай Iалий (Iела)! Хьой ламаз эца охьахиъча ахь ала: «бисмиллáхIил Iазúм…». Иштта дийцина цо хIара хьадис, хIокхул хьалха хилларг санна, делахь а хIокху некъаца ца деана – «важIалнú минаттаввáбúн» - боху дешнаш. Цул совнаха аьлла цо: «Хьайн ши ког айхьа буьлучу хенахь ахь ала: «АллóхIуммажIалхIу саIйан машкýран, ва занбан магIфýран, ва Iамалан мтукъоббалан, субхьáнакаллóхIумма ва бихьамдика, лáилáхIа иллá анта, астагIфирука ва атýбу илайка. АллóхIуммажIалнú минаттаввáбúнал мутатIоххIирúн». Цо иза олучу хенахь цуьна коьрта тIехула малийк хьулу лаьтташ, цо олуш дерг дIаяздеш, тIаккха тIе мохIар а тухий, стигала хьала хьо цо иза, тIаккха Къинхетаме волчуьнан Iарша буха дIадуьллу цо иза. И мохIар дIа ца доккху къемат де кахччалц».

Иза дийцина Абул Iаббáса Хьáфиз ЖаIфар бин Мухьаммад АлмустагIфирийс, шен «АддаIвáт» жайни тIехь – «Ал-Имам» жайна яздинчо ма-аллара – тIаккха цу тIехь кхин а гира суна иза, Къеда Абу СаIид Алхалúл бин Ахьмада дийцинчу хьадисехь, (цо аьлла:) суна дийцина Абу Iамр Аттаммáр Мухьаммад бин Iабдуррохьмáна, (цо аьлла:) суна дийцина Хьусайн бин Хьумайда, (цо аьлла:) суна дийцина Хьусайн бин Хьасан Алмирвазийс, (цо аьлла:) суна дийцина АлмугIúс бин Бадúла, Хóрижатера схьа, Юнусера схьа, Хьасан Албасрийгара схьа, Iалийгара (Iелигара) схьа.

Кхин а иза дийцина АлмустагIфирийс, Хьасан бин IабдуллахI бин Iумарера схьа, Ахьмад бин Ухьайдера схьа, Сóлихь бин Мухьаммад АлбагIдáдийгара схьа, Iусман бин ГIийáсера схьа, Мухьаммад бин АлIаббáсера схьа, МугIисера схьа, Хорижатера схьа, кхин дIа и лкахь дерг санна долчу иснáдаца.

Ас бах: хIокху хьадисан хIара некъ а хаьдда бу, хIунда аьлча Iела – Дела реза хуьлда цунна – шена «байIат» йиначул тIаьхьа Ираке дIавахна Мединатера, ткъа Хьасан Албасрий Мединатехь висна. Iела цига дIаваханчул тIаьхьа Хьасан Албасрийна иза гина вац. Иштта аьлла Абу ЗурIата а, кхечара а.[4] 

КхоалгIа некъ: Мухьаммад ибн Алхьанафиййата аьлла: «Цхьана дийнахь со сайн да Iалий бин Аби ТIолиб волчу чувахара. Цунна аьтту агIор лаьтташ цхьа пхьегIа яра чохь хи а долуш. ТIаккха цо «Бисмилла» а даьккхина, шен аьтту куьйга тIе хи а доьттина цIано йира, ша олуш: «АллóхIумма хьассин фарджú вастур Iавратú, ва лá тушмит бийал аIдáа». ТIаккха бага а, мера чу а хи кхаьрзира цо, ша олуш: «АллóхIумма лаккъинú хьуджжатú ва лá тахьримнú рóихьатал жаннахI». ТIаккха шен юьхь йилира цо, ша олуш: «АллóхIумма баййид ваджхIú йавма тасваддул вуджýхIу, ва лá тасвадда ваджхIú йавма табйаддул вуджýхIу». ТIаккха шен аьтту пхьаьрса тIе хи а Iанийна, элира цо: «АллóхIумма аIтIинú китáбú бийамúнú, валхулда бишимáлú». ТIаккха шен аьрру пхьпаьрса тIе хи а доьттина элира цо: «АллóхIумма лá туIтIинú китáбú бишимáлú ва лá тажIалхIá магIлýлатан илá Iунукъú». ТIаккха шен коьрта тIе хи а хьаькхна элира цо: «АллóхIумма гIашшинá бирохьматика, фаиннá нахшá Iазáбака. АллóхIумма лá таджмаI байна навáсúнá ва акъдáминá». ТIаккха шен вортана тIе хи а хьаькхна элира цо: «АллóхIумма наджжинá мин муфзиIáтиннúрóни ва агIлáлихIá». ТIаккха шен ши ког а билина, элира цо: «АллóхIумма саббит къадамаййа IалассирóтIи йавма тазиллу фúхIил акъдáм». ТIаккха нисвелла хьала а гIаьттина элира цо: «АллóхIумма камá тIоххIартана билмáи фатIоххIирнá миназзунýб». ТIаккха шен куьйга гайтира цо суна, шен пIелгаш тIера хин-тIадамаш охьаэгаш, цул тIаьхьа элира цо: «Сан кIант! Ас хIинца динарг санна хIума де ахь, бакъдолуш хьан куьйга-пIелгийн буьхьигаш тIера охьа мел бужучу тIадамах малийк кхуллу, къемат де кхаччалц Деле хьуна гечдар доьхуш хир долу. Цу малийко деш долу тасбихь а хьуна хир ду къемат дийнахь. Сан кIант! ХIинца ас динарг санна хIума динчуьнан къинош охьаэгар цунна тIера, чIогIа мох баьллачу хенахь дитташ гIаш охьа эгаре терра».

И хьадис дийцина Шема-мехкан Хьáфиз а, терахь-яздархо а волчу Абул Къóсим Iалий бин Алхьасан бин ХIибатуллахI Аддимашкъийс, Ибн Iасáкир цIарца воьвзаш волчу, шен «Ал-Амáлú» жайни тIехь. Цо иза дийцина Абу ЖаIфар Мухьаммад бин Мансур бин Йазúд Алмукъриэра схьа, (цо аьлла:) суна дийцина Давуд бин Сулаймана, Абул Хьасан цIе йолуш волчу Басра-гIаларчу цхьана шейхера схьа, Асрам бин Хьавшаб АлхIамазáнийгара схьа, Абу Iамр бин Къурратера схьа, Абу ЖаIфар Алмурóдийгара схьа, Мухьаммад бин Алхьанафиййатера схьа… тIаккха и хьадис хьахийна цо.

Цуьнгара схьа Шейх (Такъиййуддúна) а хьахийна иза «Ал-Имам» тIехь, кхин цунах лаьцна хIумма а ца олуш. Кхин а Хьафиз КъутI Аддúн ибн АлкъистIалáнийс а хьахийна иза шен яздинчу жайни тIехь: «Ал-АдвийатушшáфийахI фил адIийатил кáфийахI».

Ас бах: хIокху хьадисан иснáда юкъахь волу Асрам бин Хьавшаб ХIамазáн-гIалин къеда хилларг ву, иза «хIаллакьхилла»[5] ву. Яхьйáс аьлла: харц луьйш хилла ву иза, боьха стаг хилла ву. Бухáрúс а, Муслима а, Насáийс а аьлла: Iадвитина (дIатесна) стаг ву иза. ДáрукъутIнийс аьлла: цуьнан хьадис духатоьхна ду. СаIдийс аьлла: заьIап ву иза. Ибн Хьиббáна аьлла: тешаме болчу наха шега ца дийцинарг дийцина бохуш хьадисаш кхуллуш хилла ву иза. Алфаллáса аьлла: дIатесна стаг ву, «ирджáъ»-кхетам[6] болуш ву аьлла а ду цунна.

БоьалгIа некъ: Iелигара схьа деана ду – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – шега элира аьлла: «ХIай Iела! Айхьа ламаз оьцучу хенахь ахь ала: «АллóхIумма иннú асъалука тамáмал вудýи, ва тамáма магIфиротика ва ридвáнака».

Иза хьахийна Хьафиза КъутIб Аддин ибн АлкъитIалáнийс вайн хьалха хьахийначу шен жайни тIехь. Цуьнан цхьана некъаца деана ду: - «ХIай Iела! Айхьа ламаз оьцуш ахь ала: «БисмиллáхI, вассолáту вассалáму Iалá росýлиллáхI» - аьлла. Кхин а суна гина и хьадис, ЖаIфар бин Мухьаммада дийцина, шен дегара схьа, Iелин кIантера Хьасанера схьа, Iелас элира аьлла: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – суна цхьа весет дира…» - тIаккха и лакхахь долу хьадис дийцина цо дерриг, хIара дешнаш цуьнан чаккхехь а хьахийна цо.

ШолгIа хьадис: Анаса аьлла – Дела реза хуьлда цунна –: «Пайхамар – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – волчу чувелира со цкъа. Цунна хьалха лаьтташ цхьана пхьегIана чохь хи дара.Цо соьга элира: «ХIай Анас! СхьатIехила суна, ас ламаз эцаран барам Iамор бу хьуна». Со тIехилира Делан Элчанна. Шен ши куьг дилича цо элира: «БисмиллáхI, валхьамду лиллáхI, ва лá хьавла ва лá къуввата иллá биллáхIил Iалиййил Iазúм». ТIаккха ша цIано ечу хенахь элира цо: «АллóхIумма хьассин фарджú ва йассир лú амрú». ТIаккха ша бага а, мера чу а хи кхорзучу хенахь элира цо: «АллóхIумма лаккъинú хьуджжатú ва лá тахьримнú рóихьатал джаннахI». Шен юьхь юьлучу хенахь элира цо: «АллóхIумма баййид ваджхIú йавма табйаддул вуджýхI». Шен ши пхьарс буьлучу хенахь элира цо: «АллóхIумма аIтIинú китáбú бийамúнú». ТIаккха шен ши куьг шен коьрта тIе хьокхучу хенахь элира цо: «АллóхIумма гIашшинá бирохьматика, ва джаннибнá Iазáбака». Шен ши ког буьлучу хенахь элира цо: «АллóхIумма саббит къадамаййа йавма тазýлу фúхIил акъдáм». Цул тIаьхьа элира Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна –: «Бакъонца со пайхамар винчуьнца ду ма буу ас, и доIанаш а олуш цхьамма а ламаз оьцур ма дац, цунна тIера охьабужучу хIора тIадамах Дала цхьацца малийк кхоьллина бен, кхузткъеитт маттаца АллахIана тасбихь деш хир долу, тIаккха цу тасбихьан мел къемат де кхаччалц цу стагна а хир бу».

И хьадис Абу Хьáтим ибн Хьиббáна дийцина, «ТáрúхуддуIафáъ» жайни тIехь, ЙаIкъýб бин Исхьакъера схьа, (цо аьлла:) суна дийцина Ахьмад бин ХIишáм Алховáризмийс, (цо аьлла:) суна дийцина Iаббáд бин СухIайба, Хьумайд АттIавúлера схьа, Анасера схьа… кхин дIа и хьадис дийцина цо. Кхин а иза хьахийна Абул Фарадж ибн Алджавзийс шен «АлIилалул МутанáхIийахI фил Ахьáдисил ВáхIийахI» жайни тIехь, Ибн Хайнрýнера схьа, АлжавхIарийгара схьа, ДарукъутIнийгара схьа, Ибн Хьиббáнера схьа, оцу иснáдаца, цул тIаьхьа аьлла цо: «ХIара хьадис нийса хьадис дац. Абу Хьáтим ибн Хьиббáна цу юккъара Iаббáд бин СухIайб заьIап лерина. ДарукъутIнийс а цу юккъара Ахьмад бин ХIишáм а заьIап лерина».

Амма Iаббад бин СухIайб – Ибнул Мадúнийс аьлла цунах лаьцна: дайна ду цуьнан хьадис. Бухáрúс а, Насáúс а аьлла: дIатесна ву иза. Ибн Хьиббáна аьлла: гIарабоьвлла болчаьргара тамашийна хьадисаш дуьйцу цо, хIара (хьадисан) Iилма Iамо волалуш волчунна иза хезча цо а тешалла дийр дара уьш кхоьллина ду аьлла. Ас бах: делахь а Абу Давуда аьлла цунах лаьцна: Бакълуьш хилла ву иза, «къадарий»[7] а хилла ву иза. Ахьмада а аьлла: Харц лер хилла дац цуьнца.

Амма Ахьмад бин ХIишáм – Ибнул Джавзийс аьлла цунах лаьцна: ДарукъутIнийс иза заьIап ларар тоьар ду цунна. Ас бах: Хьáкима тешаме лерина иза.[8]  

КхоалгIа хьадис: Барáъ бин Iáзиба дийцина – Дела реза хуьлда цунна – Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира аьлла: «Делан лайшха муьлххарчо а ша ламаз эца волалуш – «БисмиллáхI» - а аьлла, тIаккха ша хIора меже юьлучу хенахь хIара аьлча: - «АшхIаду ан лá илáхIа иллаллáхIу вахьдахIý лá шарúка лахI, ва ашхIаду анна мухьаммадан IабдухIý ва росýлухI» - тIаккха ша ламаз эцна ваьллачул тIаьхьа хIара а аьлча: - «АллóхIуммажIалнú минаттаввáбúна важIалнú минал мутатIоххIирúн» - цунна дIаеллалур ю ялсаманин бархIе неI, церах шена луъучунна чу а гIур ву иза. ТIаккха иза сихха хьала а гIаьттина, ши ракаIат (суннат) ламаз дахь – шине ракIатехь сураташ а доьшуш, ша доьшург хIун ду а хууш – цу ламазера чекхволучу хенахь иза хир ву шен нанас керла вича санна (къинош доцуш), тIаккха эр ду цуьнга: «Юха а юха дIайолае хьайн Iамал».

 И хьадис дийцина АлмустагIфирийс – Шейх Такъиййуддúна ма-аллара – тIаккха кхин а гина суна иза цу тIехь, Абул Iаббáс ЖаIфар бин Мухьаммад Алмаккийгара схьа, Абу Бакр Мухьаммад бин Хьамид бин Хьафс Албайкандийгара схьа, Абу Мухьаммад бин Исхьакъ бин Хьамзат IабдуллахI бин Муслимера схьа, Сáлим бин Абил ЖаIдера схьа, Барáэра схьа. Изи иштта дийцинчул тIахьа аьлла АлмустагIфирийс: «Дика а, цхьалха а хьадис ду иза».

ДоьалгIа хьадис: Абу Муса Ал-АшIарийс аьлла – Дела реза хуьлда цунна –: «Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ламаз эца хи дахьаш веара со. Цо ламаз ийцира, суна хезира цо доIа деш, хIара а олуш: «АллóхIуммагIфир лú зунýбú, ва вассиI лú фú дáрú, ва бáрик лú фú ризкъú». Ас тIаккха элира цуьнга: «ХIайн Делан пайхамар! Ахь иштта а, иштта а доIа деш хезира-кх суна!» Цо элира: «Цу дешнаша юкъа ца лоцуш хIумма дитина аьлла хетий хьуна?».

И хьадис дийцина Насáийс а, цуьнан накъосто Ибн Ассуннийс а шаьшшинан шина жайни тIехь «Iамалул йавми валлайлати». Нававийс аьлла «Ал-Азкáр» жайни тIехь: «Цуьнан иснад нийса ду». Иза цо ма-аллара дан а ду, и дийцина болу къонахий «Сахьихь» жайни тIера хьадисаш дийцина къонахий бу, цхьа Iаббáд бин Iаббáд бин IалкъамахI воцург, иза а тешаме ву Абу Давуда а, Яхьйá бин МаIúна а ма-аллара, Ибн Хьиббáна шен «АссикъóтI» - «Тешаме берш» цIе йолчу жайни тIехь хьахийна а ву иза.

ХIокху хьадисехь деана долу и зикр хила тарлуш ду Пайхамара – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ламаз оьцуш волчу хенахь аьлла а, йа эцна ваьллачул тIаьхьа аьлла а. Цу шине агIор цIе а тоьхна баккхийчу Iелам-наха дала а дина иза шайн жайнашкахь.

ТIабарáнийс яздинчу «АлмуIжамуссогIúр» цIе йолчу жайни тIехь деана ду хьадис, Iалий бин Сáбитера схьа, Мухьаммад бин Сúрúнера схьа, абу ХIурайрас аьлларг: «Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – элира: «ХIай абу ХIурайра! Айхьа ламаз оьцуш хилахь ахь ала: «БисмиллáхI, валхьамду лиллáхI». Ахь иза аьлча, хьо ларвеш долу малийкаш садоIур дац хьуна, и ахь ламаз хьан керара даллалц хьуна диканаш яздеш». ТIабарáнийс аьлла: Iазрат бин Сáбитан вешигара Iалий бин Сáбитера схьа и хьадис ИбрáхIúм бин Мухьаммад Албасрийс бен ца дийцина, цуьнгара а цхьана Iамр бин Абú Саламата дийцина иза.

Хьáфиз Абу Бакр АлхатIúба яздинчу «Атталхúс» жайни тIехь деана ду, Анас бин Малика аьлларг: «Ша ламаз эцарца цхьаьна ши бIе «Къул хIуваллóхIу ахьад» дешча – шена бен кхечарна хаза а ца хозуьйтуш, ша доьшуш бакъ хиларх шен дагца теша а тешаш – Къуръан дIадолош долу «Алфáтихьат» хьалха а доьшуш, цунна гечдийр ду шовзткъе-итт шеран къинош, Iанийна цIий а, хьакъ доцу даьхни а доцург. Кхин а цу дийнахь стигала хьала хьур йолу цуьнан Iамал баккъалла бакъволчу бусалба стеган Iамал санна хир ю. Оцу хIора суратца цунна дугIур ду ялсаманехь цхьацца цIа, вуно чIогIа шуьйра а, стигала хьала дукха лекха а долуш».

Ткъа – хьуна ма-гарра – хIорш хьадисаш ду, вайн Эла хилла волчу Делан Элчанера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – схьадаьхкина долу. Церах цхьадерг заьIап (гIийла) ду, цхьадерш АлмустагIфирийс дика ду аьлла тешалла дина ду, цхьадолчаьрца суна цхьа а вон дац гуш. Иза иштта доллушехь, Шейх Мухьйиддúна – Дала къинхетам бойла цунах – муха олу цу доIанийн банне а бух бац аьлла? Шен «Ал-Азкáр» жайни тIехь цхьа дешнаш далийна цо, шега хаттам бар кхин а чIагIдоьлуьйтуш долу, цо аьлла: «Ламаз оьцучу хенахь меженашна тIехь деш долчу доIанах лаьцна Пайхамарера – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – деана хIумма а дац. Бакъду, «фукъохIáаша»[9] аьлла: «Салафашкара даьхкина долу доIанаш дар мелехь ду» - аьлла». ХIара ду цо аьлларг, ша ма-дарра ас схьадалийна хьуна иза – Дела къинтIера волийла суна а, цунна а –.

Ткъа, Iелам-наха аьлла ма ду, Iамалийн дозаллаш дуьйцуш долчу хьадисашкахь дукха чIогIа хьукм чIагIдеш дац аьлла. Хьáким Абу IабдуллáхIа дийцина шен «Алмустадрак Iалассохьúхьайн» жайни тIехь, «ДоIанан дакъа» ша дIадолочу хенахь, шен иснáдаца Iабдуррохьмáн бин МахIдийс аьлларг: «Нагахь вай Пайхамарера схьа – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хьанал-хьарам долчух лаьцна хьадис дицича а, хьукманаш доху хьадисаш дицича а, иснаде хьажар чIагIдо вай, и дийцина болу къонахашка хаттам а чIогIа бо вай. Нагахь вай Iамалийн дозаллийца догIуш долу хьадисаш дицича а, мелах лаьцна дерш а, Iáзапах лаьцна дерг дийцича а, мегаш долчу хIуманех лаьцна дерг дийцича а, доIанаш дуьйцуш долу хьадисаш дийцича а иснáд дукха чIогIа чIагI ца до вай». Шейх Такъиййуддúн ибн Ассолáхьа аьлла: «Хьадисан Iелам-нахана юкъара, хьадис дийцина болу къонахий толлуш болчу Iелам-наха чIагI ца до дозалла дуьйцуш долу а, Iамал йар дезадолуьйтуш долу а хьадисийн иснадаш». Кхин а тамашийна хIума ду, Нававийс ша и бакъо Iелам-нахера схьа йийцина хилар. Цо аьлла «Ал-Азкáр» жайни тIехь а, шен кхидолчу жайнаш тIехь а: «Мухьаддисашха[10] а, фукъохIáашха а болчу Iелам-наха а, иштта кхечу Iелам-наха а аьлла ду: дозалла дуьйцуш долчу заьIап хьадисашца а, Iамал йар дезадолуьйтуш долчу заьIап хьадисашца а, кхерам луш долчу заьIап хьадисашца Iамал йар мегаш а ду, мелехь а ду, нагахь санна и заьIап хьадис кхоьллина хьадис дацахь. Амма хьукма доккхуш долу хьадисаш – хьанал-хьарам дерг довзуьйтуш дерш а, йохка-эцарх лаьцна дуьйцуш дерг а, зуда ялор-йитарх лаьцна дерг – заьIап хила мегаш дац, гIийлачу хьадисашца ишттачу меттехь Iамал йан мегаш а дац. Ишттачу меттехь Iамал йан мегаш дерг нийса хьадис а, дика хьадис а ду. Делахь а, ца дича дика долу хIума дуьйцуш гIийла хьадис дагIахь, цу хьадисехь деана долу хIума ца деш Iаддитча гIолий ду, масала цхьадолу йохкарш а, цхьацца агIор зуда ялор а ца магош даьхкина долчу гIийлачу хьадисашкахь дерг Iаддитар гIолий ду, лела а ца деш, иза Iадитар важиб доццушехь». И дара цо аьлла дешнаш, ма-дарра ас схьадийцира хьуна уьш цуьнан «Ал-Азкáр» жайни тIера.  

Цу доIанех лаьцна цо шен жайнашкахь аьллчуьнан жоп иштта ду: хIара вай хIинца далийна долу хьадисаш цхьацца даьхкина ду, атта карош дац, цхьацца маьIигашкахь яздина хилла ду. Массарна а доьвзаш долчу «Сунан» жайнашкахь а, «Муснад» жайнашкахь а даьхкина дац уьш, цундела, (уьш шена ца довзарна) аьлла цо ша аьлларг, Дала сох а, цунах а Шен къинхетам бойла».[11]

__________________________________________________
 

 

Коьрта агIо        Жайнийн цIерш

 

 

   

          



[1] ТIаьххьарчу къовларш юкъахь дерг цхьаболчу Iелам-наха хьахийна биллам бен бац.

[2] Хаьдда ду бохург – масала Абу Исхьакъа Iелийгара схьа дийцина и хьадис, ткъа Абу исхьакъана Iела гина вац, цундела цаьршинна юкъахь йа цхьаъ, йа кхин дукха кхин стаг ву, ткъа и цаьршинна юкъахь волу и кхин стаг мила ву хьахийна вац, и стаг тешаме ца хила а мега. Иштта долчу иснáдах хаьдда иснáд ду олу.

[3] И масех стаг мила ву хууш дац, ткъа уьш тешаме хила а мега, йа ца хила а мега, цундела и иснáд заьIап лоруш ду.

[4] Хьасан Албасрийна Iела гина ца хилча, цуьнга и хьадис Iелигара схьа цхьана кхечу стага дийцина хила деза. Ткъа и стаг хьахийна вац цу зIе (иснад) юкъахь, цундела и хьадис хаьдда ду, хаьдда хьадис гIийла хьадис ду.

[5] Хьадисан Iилманна юкъахь «хIаллакьхилла» ву бохург – и стаг дIаваьлла стаг ву хьадисан агIор бохург ду, цхьанне а агIор цо дийцина хьадис къобал дан йиш яц юохург ду. 

[6] «Ирджáъ»-кхетам – иза мел доккха къа латорах а, мел вон дешнаш аларх а стагна хила зен дац, йа цо цкъа а керстаналла а ца до, нагахь санна иза дагчохь Делах тешаш велахь боху кхетам бу. Масала, ламаз дар тIедиллина дац, йа марха кхабар парз дац бохуш хилча а керста ца хуьлу стаг церан кхетамехь.

[7] «Къадарий» бохург – Делан кхела тIехь а, Цо массо хIума билгалдаьккхина лелош хиларна тIехь а, вай еш йолу Iамалш Делан лаамца еш хиларна тIехь а галбаьлла кхетам болчу стагах олуш ду.

[8] ХIара шолгIа хьадис ду – схьагучу суьртехь – Имам Ибнул Мулаккъина хIокху хаттарна юкъахь коьрта лоруш дерг, хIунда аьлча цо и хьадис хьахийна шен кхечу шина жайни тIехь: «Iужáлатул Мухьтáж» тIехь а, «Тухьфатул Мухьтáж» тIехь а. Цу шина жайнех хьалхара жайна Имам Нававийн «МинхIажуттIóлибúн» жайнин маьIна деш ду, шолгIа жайна Имам Нававийн оццу жайнин далилаш (баххаш, тешаллаш) дуьйцуш жайна ду. Цу шине жайни тIехь, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – цу доIанийн бух бац аьллачу меттехь и лакхара шолгIа хьадис далийна Ибнул Мулаккъина. Ткъа и хьадис заьIап лараран бахьана и ши стаг ву: Iаббад бин СухIайб а, Ахьмад бин ХIишáм а. Лакхахь цо хьахоре терра, и ши стаг цхьаболчу Iелам-наха заьIап лерина, делахь а цхьаболчара ца лерина. Цундела и хьадис заьIап хилар а, ца хилар а цу шина стагца дозуш ду, ткъа и шиъ цхьаболчара заьIап лерина ца хилча, и хьадис а заьIап ца хуьлу. Цундела олу Имам Ибнул Мулаккъина – Дала къинхетам бойла цунах – шен къамел дерзочу хенахь, оцу хьадисех цхьадерш шена вон ца хеташ хьадисаш а ду олий. Схьахетарехь цундела далийна цо иза шен шине а жайни тIехь, цу доIанашна тешаллийна.   

[9] «ФукъохIаъ» - бохург Iаьрбийн маттара «факъúхI» бохучу дешан дукхаллин терахь ду. Iаьрбийн маттахь долу цуьнан маьIна – сов чIогIа кхетам болу нах бохург ду. Ткъа бусалба динан жайнашкахь цу дешан маьIна – хьанал дерг а, хьарам дерг а доьвзаш болу нах бохург ду, фикъхI-Iилманан охIлу болу Iелам-нах бохург ду.

[10] «Мухьаддис» – бохург «дуьйцуш верг» бохург ду Iаьрбийн маттахь ма-дарра маьIна дича. Амма бусалба динан жайнашкахь а, кхетамехь а «мухьаддис»  – хьадисан Iилманан Iелам-стаг ву, хьадис йа дийцарца, йа цуьнан гIийлаллаш йовзарца, йа и дийцина болу къонахий бовзарца, йа хьадисийн маьIна дарца болх беш волу. Масала, Такъиййуддúн Ибн Ассолáхь а, Нававий а, Бухарий а, Муслим а, Ибнул Мулаккъин а – уьш берриш мухьаддисаш хилла бу. Массарна юкъахь цIе яхана, уггар воккханиг вуй-те аьлла волу мухьаддис Хьáфиз Ибн Хьажар АлIаскъолáний ву – Дала къинхетам бойла цунах а, цул хьалха хилачерах а, цул тIаьхьа хилаччерах а, вайна хIара бусалба дин Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Суннатца лардина болчу –.

[11] Дала Шен къинхетам бойла-кх Имам Нававийх а, Имам Ибнул Мулаккъинах а, Имам ГIазáлих а, массо Iелам-нахах а. ВаллахIи, цIенчу даггара, сирлачу кхетамца оцу тIаьххьарчу дешнашка хьаьжначунна хуур ма ду хIара бусалба дин муха дин ду а, хIокхуьнан Iалашонаш муха ю а, вовшашна юкъахь къастам хилча юкъаметтиг муха лело еза а. Делан Элчанан – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – верасаш болчу Iелам-наха вовшашна юкъахь лелийна йолу юкъаметтиг гича, и цхьа хIума тоа декхар дара вайна массарна вай ваьшна юкъахь йолу юкъаметтиг муха лело еза довза.

   Йа АллáхI! Хьайн сийлаллин доьхьа, Хьайн возаллин доьхьа, тхан гIиллакхаш Iелам-нехан гIиллакхаш де Ахь, тхан дахар церачух тарде Ахь, къемат дийнахь айхьа тхо гIитточу хенахь церан тобана юкъахь гIиттаде Ахь, ялсаманехь тхо цаьрца цхьаьна а тоха Ахь!