|
НОХЧИЙН МЕТТАН
НИЙСАЯЗДАРАН КОЬРТА БАКЪОНАШ Орфографи а, цуьнан дакъош а, принципаш
а Дешнийн нийсаяздар Iамочу бакъонех орфографи олу. Иза гречески дош ду. Цуьнан маьIна оьрсийн маттахь «правописание», нохчийн маттахь «нийсаяздар» ду. Ненан меттан орфографин диъ дакъа ду:
1. Орфографин хьалхара дакъа — дешан маьIнин дакъош нийсаяздар — орфографин морфологически принципан буха тIехь дIахIоттош ду, хIунда аьлча морфологически дешан латтам /хIоттам/ талларца къестош долу дешан маьIнин дакъош: лард, орам, дешхьалхе, суффикс, чаккхе — тайп-тайпана олуш хилахь а, и морфемаш морфологин бакъонашца цхьанакепара язъеш хуьлу, масала: хьоза—/хеза: хьозу, хьоза, яздо: хьоза/: олхазар /хеза: олхузур, олхузар, олхазар, яздо: олхазар/; чIогIа, чIогIаниг /хеза: чIогIу, чIогIуниг, чIогIа, чIогIаниг, яздо: чIогIа, чIогIаниг/; чIогIу, чIогIург /хеза: чIогIу, чIогIург, чIогIа, чIогIарг, яздо: чIогIу, чIогIург/. Орфографин дакъошна юкъахь уггаре а доккха а, коьрта а, мехала а ду дешан маьIнин дакьош — морфемаш: лард а, орам а, дешхьалххе а, суффикс а, чаккхе а нийсаязъяр. 2. Орфографин шолгIа дакъа — хоьттина а, къаьстина а, дефисца а яздар — меттан доинашца /лексикаца/ дозуш ду. Иза орфографин дакъошна юкъахь уггаре а чолхе а, хала а, иштта мехала а ду. Орфографин цу декъан маьIна дозу коьрта а, гIуллакхан а дешнаш къаьстина яздарх а, дешнаш цхьаьна а кхеташ, ойла а, мотт а кхиаре хьаьжжина, кхоллалуш долу чолхе дешнаш хоьттина /цхьаьна/ а, маьIне а, башхаллашка а хьаьжжина, цхьадолу чолхе дешнаш дефисца а яздеш хиларх а, иштта орфографин семантически /маьIнин/ принципах а. Далор вай масалш. БIаьстенан бацалахь лепара цIен а, сийна а, можа а зезагаш. Бешан хехочо жа, Iу схьакхачаре хьоьжуш, сацийнера. ЖаIу цига схьакхечира. Дукхаваха школехь нохчийн меттан, литературан хьехархо вара. Воккхачу стага Iумхас кIанте, иза даггара хастош, дика дош элира: «Жима къонах, хьайгара хаза гIиллакх а, йоккха оьздангалла а гайти ахь. Ирс долуш, диканца дукха ваха хьо!» Цу предложенешкахь шайн грамматически форманаш а, маьIнаш а, башхаллаш а йолуш, коьрта а, гIуллакхан а дешнаш ду. Уьш, церан маьIнашка а, башхаллашка а хьаьжжина, къаьстина а, цхьаьна а яздина. И дешнаш цхьадерш къаьстина яздина, хIунда аьлча царах хIора а, шен-шен маьIна а долуш, къаьст-къаьстина дешнаш хуьлу, ткъа керла цхьа маьIний, кхетаммий луш, кхолладелла долу чолхе дешнаш жаIу, Дукхаваха хоьттина /цхьаьна/ яздина. Адамийн дахар а, церан ойла а, кхетам а, говзалла а, мотт а кхиарца цхьаьна керла дешнаш кхоллало. Царна юкъахь цхьалхе дешнаш хилла ца Iаш, дешнаш цхьаьна а кхеташ, керла кхетам-маьIна а душ, керла чолхе дешнаш а кхоллало, масала: цхьалхе дешнаш ду кху кепара ша-ша къаьстина долу хIорш: цхьаъ, итт, ворхI, кхоъ, жа, Iу, чIерий, лецархо, лоьцург, берг, зIок. Цхьалхе дешнаш цхьаьна а кхеташ, керла кхетам луш, кхолладелла, хоьттина яздеш долу чолхе дешнаш хIорш ду: цхьайтта /цхьа + итт/, кхойтта /кхоъ + итт/, вуьрхIитта /ворхI + итт/, ткъайоьсна /ткъа + йоьссина/, жаIу /жа + Iу/, чIерийлецархо /чIерий + лецархо/, чIерийлоьцург /чIерий + лоьцург/ — цапля боху олхазар, зIокберг /зIок + берг/. Дешнаш цхьаьнаэр, чолхе дешнаш кхолладалар дахар а, керла кхетамаш а, мотт а кхиаре хьаьжжина хуьлуш ду. Иза мотт кхиаран цхьа некъ бу. Керла кхетам а, керла маьIна а луш, кхолладелла, хилла девлла чолхе дешнаш вай цхьаьна яздо: масала: йолхьокхург, хIутосург, кIаорург, хьелийозархо, юкъанаюьллург, тIехулатосург, дегабаам, дегайовхо, дагалацам, даьхнилелорхо, дагахьбаллам, озабезам, тешнабехк, цIирцIирхьоза, тIобоккхург. Дефисца яздо: 1/ дош карладоккхуш кхолладелла чолхе дешнаш, масала: кест-кеста, тайп-тайпана, бес-бесара, сар-сарахь, сих-сиха, юкъ-юкъа, юх-юха, ша-ша, вогI-вогIуш; 2/ шишша цхьаьна лиэла цIердешнаш а дефисца яздо: масала: да-нана, кор-неI, кад-Iайг, текх-цаца, юьхь-куьг, ког-корта, мотт-гIайба, коч-хеча. 3. Орфографин кхоалгIа дакъа — дош сехьадаккхар — фонетикан а, морфологин а бакъонийн буха тIехь дIахIоттош ду. Дош керлачу магIане сехьадоккху дешдакъошца, кхечу кепара аьлча, дешдакъош доха а ца деш. Масала: ол-ха-зар, мел-ла-ша, та-ха-на, тий-на, сий-на, ший-ла, йов-ха. Иза фонетически бакъо ю. Дош керлачу могIане сехьадоккхуш, цхьайолчу меттигашкахь дешан маьIнин дакъош декъа ца магадо: масала: дIа-йил-ла, охьа-дах-ка /о-хьадахка аьлла, декъа мегар дац/. Иза морфологин бакъонца дозуш ду. Орфографин кхоалгIа дакъа — дош сехьадаккхар — нийсаяздаран бакъонийн уггаре а жима а, атта а дакъа ду. 4. Орфографин доьалгIа дакъа — доккха элп яздар — шакъаьстина хIора предложени а, иштта долахь цIе а къастош билгалъяккхаран бакъонийн буха тIехь ду. Иза чолхе, хала дакъа дац, амма кхоалгIачу декъал алсам ду. Вайна ма-хаъара, хIора предложени а доккхачу элпаца йолайо, ткъа долахь цIе а доккхачу элпаца язйо, предложенехь муьлххачу меттехь и хиларх башхо а йоцуш, масала: Педагогически институтехь доьшуш дуккха а мехкарий а, кегий нах а бу. Къаьсттина дика доьшуш а, низам долуш а, гIиллакхе а, оьзда а ю Роза а, Асет а, Сацита а, Луиза а. Вайн орфографин йиъ принцип ю: 1/ фонетически принцип, 2/ морфологически принцип, 3/ традиционно-исторически принцип, 4/ семантически /маьIнин/ принцип. Нохчийн меттан алфавит латински
графически буха тIехь долчу хенахь вайн меттан орфографехь фонетически принцип коьрта
лоруш яра, хIунда аьлча цу хенахь вайн меттан дукхах долу дешнаш олуш а, хезаш а
ма-дарра яздора, йозанехь дифтонгаш билгал а йохуш, масала: jazdan, ziezag, kies, Asiet. Цул сов, нохчийн меттан дешнашкахь
хезаш долчохь массанхьа а й /j/ яздора: jalta, joza, jiša, jurt, jölu, joxjella. ХIинца кху сохьта, вай лелочу оьрсийн графически буха тIехь хIоттийна долчу нохчийн алфавито вайн меттан эханнал сов йолу лексика фонетически принципера схьа а яьккхина, морфологически принципан кара дIаелла, графикан, орфографин некъашций, бакъонашций, язъян езаш йолу. Муьлххачу а къоман я халкъан орфографехь хуьлуш ю масех тайпанара принципаш. Нохчийн меттан орфографехь а ю, лакхахь вай ма-аллара, йиъ принцип. Ткъа царалахь цхьаъ коьрта ларалуш хуьлу. Традиционни /исторически/ принципехь яздеш долу дешнаш вайн маттахь вуно кIезиг ду, фонетически я морфологически принципийн некъашца яздечу дешнел муххале а. Традиционно-исторически принципехь яздеш дерш коьртачу декъана кхечу меттанашкара вайн матте тIеэцна дешнаш ду. Нохчийн литературни меттан орфографехь фонетически принпип лелайо коьртачу декъана морфологически принципца иза галморзах ца йолучу кепара, морфологин бакъонашна новкъарло ца ечу барамехь, масала: бат, бос, бал /хелхаран бал/ боху дешнаш фонетически принципехь олуш а, хезаш а ма-дарра яздарца цхьаьна морфологически принципца нийса а нисло, цу принципна новкъарло еш а дац, хIунда аьлча, цкъа-делахь, и дешнаш цу цхьанакепара бен олуш а, я хезаш а дац, шозлагIа-делахь, морфологин бакъонна /морфологически принципна/ карадоьрзуш а ду: цхьана агIор, бат, бос, хелхаран бал боху дешнаш а, ботт класс, исс, юуш йолу балл боху дешнаш а ала цхьабосса олу, вукху агIор, и дешнаш, алар цхьаъ доллушехь, дожаршца лега а дича, дукхаллин терахье а дерзийча, царна юккъера башхо гучуйолу. Вайн меттан морфологехь, орфографехь хIара бакъо ю: «Дешан чаккхенга шала мукъаза элпаш /лл, сс, тт/ яздо, дош хийцича чаккхенгара мукъаза элп шалхадалахь, шалха ца далахь, мукъаза элп цхьаъ бен ца яздо», аьлла йолу, масала: ботт — баттах— беттанаш; класс — классах — классаш; исс — иссаннах — иссаннаш; юуш йолу балл — боллах — баьллаш; амма: бат — бетах — батош; бос — басах — беснаш; хелхаран бал — болах — баьлнаш. Цу кеп-пара, и дешнаш, цхьаллин терахьан цIерниг дожарехь цхьанакепара олуш делахь а, дожаршций, терахьашций хийцича, морфологин бакъонна карадоьлху, цундела уьш морфологически принципна карадоьрзу, морфологически принципан лааме а доьрзу. Цу кеппара, нохчийн литературни меттан орфографехь, оьрсийн меттан орфографехь а санна, фонетически принцип морфологически принципан куьйгалли кIел йогIу, цуьнан лааме /бакъоне/ а йолуш. Цундела хIинца кху сохьта вай нохчийн орфографехь а коьрта лору морфологически принцип. Иза иштта хилар чIагIдеш дуккха а бахьанаш ду, ткъа цу бахьанех лаьцна вай кхузахь ницкъ ма-кхоччу доца билгалдоккхур ду, цуьнан коьрта маьIна а къастош. Карарчу хенахь нохчийн меттан орфографехь фонетически принципал коьрта морфологически принцип хиларан
бахьанаш билгалдохур вай. Уьш кху кепара ду: 1. 1925-чу шарера 1938-чу шаре кхаччали йолчу хенахь, нохчийн литературни меттан алфавит латински графически буха тIехь долчу заман чохь, олуш а, хезаш а ма-дарра яздеш долу дешнаш алсам дара. Цундела хIетахь фонетически принцип коьрта лара йиш яра. 2. Цу хенахь вайн меттан йозанехь дифтонгаш а язйора ie — иэ, ио—уо/, дешан чаккхенга къайлах меран-нун а яздора /п/, цундела дуккха а дешнаш олуш а, хезаш а ма-дарра яздеш дара. И агIо лерича, латински графически буха тIехь хIоттийнчу алфавито аьтто бора нийса деша а, доьшучух кхета а. Амма оьрсийн графически буха тIехь долу вайн алфавит а дика ду. 3. Дешнашкахь й /j/ хезаш мел долчохь а яздора. 4. Цухенахь морфологин а, морфологически принципан а гIо лаца йиш а, таро а луш йолу вайн грамматикан морфологически бакъонаш нохчийн меттан орфографехь кIезиг яра. Дуккха а дешнаш хезаш ма-дарра яздора. 5. Иштта и бахьанаш долуш, вайн меттан орфографехь хIетахь фонетически принцип коьрта лорура. 6. 1938-чу шарахь нохчийн алфавит оьрсийн графически буха тIехь хIоттийра, тIаккха нохчийн меттан графика а, йозанехь аьзнаш элпашца билгалдахар а йоккхачу башхонца хийцаделира. Цундела хьалха юьхьанца олуш а, хезаш а ма-дарра яздеш хилла, фонетически принципехь хилла долу дуккха а дешнаш хIинца кху сохьта олуш а, хезаш а ма-дарра ца яздо. Уьш, морфологически принципан кара а доьрзуш, цуьнан куьйгалли кIел даьхкина. 7. Хьалха фонетически принципехь яздеш хилла дуккха а дешнаш морфологин бакъонаша, цуьнан карара схьа а даьхна, морфологически принципана кара дIаделла. 8. Нохчийн маттахь дукха ду тайп-тайпана олуш долу дешнаш. Уьш хIоранга а тайп-тайпана яздайта йиш яц, бакъонаша маггийнчу кепара бен. 9. Вайн маттахь морфологин бакъонашца яздеш долу дешнаш Iаламат дукха ду. 10. Фонетически принцип дуккха а меттигашкахь морфологически принципна дуьхьал ца хуьлуш, мелхо а лексикан алсамчу хазница морфологически бакъонийн лааме йоьрзу, дешнаш йозанехь морфологин бакъонийн буха тIехь дIа а яздо. 11. Нохчийн меттан орфографехь фонетически принцип морфологин бакъонашна а, морфологически принципна а дуьхьал ца хин йолчу барамехь бен ца лелайо вай. 12. Вайн меттан алфавитан а, графикан а ницкъо фонетически прииципна Iаткъам баро, цуьнан мехалла лах а еш, морфологически принципан мехалла лакхайоккху, масала, го, до, мо, чо, дог, бог, бога, зезаг, пелаг боху а, кхин дуккха а дешнаш фонетически принципера дIадовлу, вай дифтонгаш язъеш цахилар бахьана долуш. 13. Морфологин, цуьнан бакъонийн Iаткъамо фонетически принципан маьIна лах а деш, морфологически принципан маьIна алсамдоккхуш лакхадоккху. Цундела и принцип грамматикан /морфологин/ лааме йолу. 14. Тайи-тайпана а, шеконца а олуш долчу дешнийн цхьанакепара яздар коьртачу декъана морфологин /грамматикан/ бакъонашца хиларна а алсамдолу морфологически принципан маьIна. 15. Вайн орфографехь фонетически принципан маьIна а, мехалла а тIаьхь-тIаьхьа лахло, морфологически принципан мехалла совйолу. 16. Орфографехь морфологически принципан онда бух ларало меттан а, цуьнан морфологин а бакъонаш а, церан норманийн чIагIо а. 17. Доца шеконан мукъа аьзнаш /а, у, и/ хуьлу коьртачу къамелан дакъойн дешнашкахь: 1/ цIердешнашкахь, 2/ билгалдешнашкахь, 3/ терахьдешнашкахь, 4/ цIерметдешнашкахь, 5/ хандешнашкахь, 6/ куцдешнашкахь, ткъа цу къамелан дакъошкахь доца шеконан мукъа элпаш нийсаяздар морфологин /грамматикан/ бакъонашца дозуш ду. Меттан лексикехь уьш дукхах долу дешнаш /къамелан дакъош/ ду, морфологически принципехь яздеш долу. Доцачу шеконан мукъачу аьзнийн нийсаяздаран бакъонаш ю, хIунда аьлча цара вовшех къестош дерш къамелан дакъош ду. II. Морфологически принципехь яздо тайп-тайпана олуш а, шеконца хезаш а, амма морфологин бакъонца яздеш а, дешнийн маьIнийн дакъойн (морфемийн): лардан, ораман, дешхьалхенан, суффиксан, чаккхенан нийсаязъяран бакъонашна карадоьрзуш а долу дешнаш, масала: юкъах доьхка доьхку, дихкина; оха латта оху, эхира; чIогIа дечиг, неI чIогIу; йоца кетар — йоцаниг, йоцу кетар — йоцург; луьста /юькъа/ хьун — луьстаниг /юькъаниг/, тай луьсту — луьсту тай — луьстург; тхов тIе — тхов тIехула; хи чудоьжна — хи чу доьжна кехат; цIийнан ога — тIулг огу. III. Традиционни /исторически/ принципехь /аьлча а традиционно-исторически принципехь/ коьртачу декъана вай яздо кхечу меттанашкара вайн матте тIеэцна дешнаш. Вайн матте дешнаш тIеэцар а, церан дIаяздар а тайп-тайпанчу некъашца нисло. Уьш кху кепара ду: 1. Хьалххе дуьйна вайн матте тIеэцна дешнаш хийцинчу кепара, вешан маттахь вай ала долийнчу а, олуш долчу а кепара яздо, масала: иту /утюг ца олуш/, гIомат /хомут ца яздеш/, яьшка /ящик ца олуш/, кепек /копейка ца яздеш/, минот /минута ца олуш/. 2. Iилманан терминаш, юкъараллин-политически маьIна долу дешнаш, грамматически родийн чаккхенаш /я, е, ий, ая, ое/ цаязъяр бен, кхин башхо йоцуш, ца хуьйцуш олуш а, яздеш а ду, масала: райком, обком, крайком, райисполком, школа, районо, редакци, пленум, морфологи, орфографи, инфикс, постфикс, съезд, конференци, сесси, предложени, заседани, пионерски отряд, пионерски дружина, пионерски//пионерийн звено. Нохчийн маттахь грамматически родаш а, родийн чаккхенаш а яц, цундела вай нохчийн маттахь ца язйо родийн чаккхенаш. ТIеэцначу дешнашкахь суффиксаш родийн чаккхенаш йоцуш язйо. Грамматически родийн меттана, нохчийн маттахь грамматически классаш ю. Уьш чIогIа къаьсташ ю грамматически родех. Уьш родех аьттехьа а тера яц. Церан грамматически /морфологически а, синтаксически а/ билгалонаш цхьаъ яц, вовшех къаьсташ ю. 3. Нулевой чаккхенаш йолу тIеэцна цIердешнаш, оьрсийн орфографехь санна, ца хуьйцуш яздо нохчийн маттахь а, масала; социализм, коммунизм, атеизм, интернационализм, патриот, патриотизм, марксизм, ленинизм, марксизм-ленинизм, синтаксис, инфикс, сингармонизм, постфикс, интерфикс. 4. Фамилеш, цIерш, ден цIерш, родийн чаккхенийн меттана язъян вайн кхин хIума цахиларна, оьрсийн орфографехь санна. божарийн, зударийн родийн маьIнаш лардеш, язйо нохчийн маттахь а, масала: Мария Ивановна Зотова, Николай Алексеевич Островский. 5. Иштта родийн маьIна лардеш, язйо оьрсийн маттера вайн матте тIеэцна йолу хIара корматаллин цIерш а, масала: поэт, поэтесса, телефонистка, машинистка, машинист, телефонист. 6. Оьрсийн маттера вайн матте тIеэцна долу щ, ь, ъ, ы, ф юкъадогIу дешнаш вайн маттахь яздо, оьрсийн орфографехь санна, ца хуьйцуш, амма вайн маттахь цу дешнийн грамматически родаш ца къастайо. Масала: съезд, Щорс, Будённый, пьеса, председатель, фонетика, Харьков, выставка. 7. ХIара тIеэцна цIердешнаш, орамехь о я а долуш санна, шина кепара олу: колхоз /калхоз/, совхоз /савхоз/, костюм /кастюм/, уьш яздо кху кепара: колхоз /коллективное хозяйство, нохчийн маттахь юкъара бахам/, совхоз /советское хозяйство/, костюм. 8. Оьрсийн маттера вайн матте тIеэцначу билгалдешнийн ый, /ий/, ая /яя/, ое, ее бохучу родийн чаккхенийн метта, нохчийн маттахь хIара суффиксаш язйо: -ни, -ки, -ски, -ически, -истски, -ной, -евой, -ской, масала: районни, немецки, пионерски, коммунистически, большевистски, краевой, заводской, заказной, нулевой. 9. Оьрсийн маттера вайн матте тIеэцначу билгалдешнийн суффиксаш ларъяр-хийцар а, нохчийн меттан доланиг дожар хIоттор а церан маьIнийн башхаллашка хьаьжжина хила деза, церан маьIнаш а ца дохош, масала: 1/ грамматически классаш /талларш/, 2/ грамматикан дакъош, 3/ районни комитет /райком/, 4/ районан латта /мохк/, 5/ Советски Союзан Коммунистически парти, 6/ коммунистийн гIуллакх, 7/ орфографически таллар, 8/ орфографин дакъош а, принципаш а, 9/ морфологически таллар, 10/ морфологин дакъош, 11/ литературни мотт, 12/ литературан декхарш, 13/ КПСС-н ЦК-н Генеральни секретзрь, 14/ СССР-н Лакхарчу Советан Президиум, 15/ поэтийн кхолларалла, 16/ поэтически талант. Иштта маьIница дийса хила деза дешан схьаяьлла форма ялор а, масала: юьртара хьехархо /сельский учитель/, белхалойн класс /рабочий класс/, совхозан белхало /рабочий совхоза/, центральни а, республикански а, областной а, районни а газеташ /центральные, республиканские, областные и районные газеты/, республикан латта /земля республики/, республикан бахам, кхиамаш /хозяйство и успехи республики/. 10. Къаьмнийн цIерш нохчийн орфографехь вайн маттахь олуш ма-хиллара язйо, масала: гуьржи, -й /ву, ю-бу/ — грузин, -ы — грузинка /ки/, гIумки, -й /ву, ю-бу/ — калмык, -и — калмычка /и/, гIебарто, -й /ву, ю-бу/, кабардинец — кабардинцы — кабардинка, -и, гIиргIазо, -й /ву, ю-бу/ — киргиз, -ы — киргизка, и, немцо, -й /ву, ю-бу/ — немец — немцы — немка, -и, казах, -аш /ву, |