|
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! «Пайхамарийн дийцарш»
Абул-Хьасан Iалий Ан-Надавий – Дала къинхетам бойла цунах –
_______________________________________________
"ХIуд пайхамар" Делера салам хуьлда цунна
ЧIогIа мох
НУХЬАЛ ТIАЬХЬА
АллахIа беркат дина Нухьан тIаьхьенах, лаьтта тIехь дIасаяьржина иза тIаккха. Цуьнан тIаьхьенах цхьа къам хилла, Iад цIе йолуш. Онда нах хилла уьш, церан догIмаш аьчках дича санна хилла, массо иэшош хилла цара, уьш цхьамма а иэшош ца хилла. Цхьаннах а кхьоруш ца хилла уьш, массо церах кхоьруш хилла. АллахIа беркат дина хилла Iадана массо хIуманна; Iадан эмкалша а, цуьнан уьстагIаша а тогIенаш дIаюзуш хилла. Iадан говраша майданаш дIаюзуш хилла. Iадан бераш цIенош дуьзна хилла. Iадан эмкалш а, цуьнан уьстагIий а дажа арадевлча, чIогIа хаза гуш хилла уьш. Iуьйранна бераш ловза арадоьвлча, чIогIа хаза гуш хилла уьш. Iадан латта а хилла хаза: баьццара латта, шена тIехь дуккха бошмаш а, шовданаш а долуш.
IАДО КЕРСТ ДАР
Делахь а, Iад-къоман наха АллахIана шукр ца дина оцу дуккха ниIматашна, царна дицделла хитIедаларан дийцар, шайн дайшкара шайна хезна а долу, лаьтта тIехь цуьнан ларш шайна гина а йолу. Царна дицделла, АллахIа Нухьан къомана тIе хитIедалар хIунда даийтина хилла. ЦIунашна Iибадат дан боьвлла уьш, Нухьан къомо цIунашна Iибадат ма-дарра. ЦIунаш деш хилла цара тIулгех, шайн куьйгашца, тIаккха сужуд деш хилла цара царна, Iибадат деш хилла цара царна. Шайн хьашташ доьхуш хилла цара цаьрга, доIа а деш хилла цара цаьрга, гIурба а дуьйш хилла цара царна, Нухьан къоман лар тIехь дIабоьлхуш хилла уьш. Церан хьекъалша уьш совцош ца хилла цIунашна Iибадат дарх. Церан хьекъалша уьш нисбеш ца хилла. Дуьненаца хьекъале хилла уьш, дин тIехь Iовдала хилла уьш.
IАДАН МОСТАГIАЛЛА
Iадан ницкъ царна шайна а, нахана а бала хилла дIахIоьттина, хIунда аьлча уьш АллахIах ца теша дела, уьш эхартах а ца теша дела. Ткъа, стен бухатухур бу уьш зулам дарх? Стен сацор бу уьш мостагIаллех? Нахана зулам а хIунда дийр дац цара, шайна тIехулахь цхьаъа ву аьлла царна хеташ ца хилча, шайна хьесап дарх а, таIзар дарх а уьш кхоьруш ца хилча . Хьуьнан акхарой санна хилла уьш, воккхачо жимачунна зулам деш, ондачо гIийланиг вууш. Уьш оьгIаз бахча, музур беана пил санна хилла, шайна дуьхьал мел нисделла хIума дуьйш. Шаьш тIом бича, ялтанаш а, тIаьхьенаш а хIаллакьеш хилла цара. Шаьш цхьана юьрта чу бахча, из талхош хилла цара, цуьнан охIлуна юкъара лераменаш сийсаз беш хилла цара. ГIийла нах церан вуонах кхоьруш хилла, церан зуламах уьдуш хилла. Церан ницкъ царна шайна а, нахана а бала хилла дIахIоттина. Иштта хуьлу АллахIах ца кхоьруш мел верг а, эхартах ца тешаш мел верг а.
IАДАН ГIАЛАНАШ
Цхьа а болх ца хилла Iадан, яар а, малар а, самукъадаккхар а, ловзар а доцург. Церах цхьаберш вукхарна тIехь кураллаш еш хилла, лекха гIаланаш а, шуьйра цIенош дарца а. Церан даьхни довш хилла хи чохь а, поппур юкъахь а, тIулга тIехь а. Шайна цхьа яьсса меттиг гича а, лекха латта гича а, цигахь лекха гIала еш хилла цара . Цара цIенош деш хилла, шаьш цу чохь даим бехар болуш санна, шаьш цкъаъа лийр боцуш санна. ГIаланаш еш хилла цара цхьа а хьашт доцуш, оьшуш йоцуш, ткъа нахана даа а, духа а карош ца хилла. Царна юкъара миска нахана чохь Iан цIа карош ца хилла, ткъа хьолахойн цIенош чохь Iаш стаг воцуш лаьтташ хилла; церан гIаланаш а, уьш шаьш а гинчунна хуур долуш хилла уьш эхартах тешаш боций.
ХIУД ЭЛЧА.
АллахIана лиъна Iáдана элча вахийта. Бакъдолуш, АллахI реза вац Шен лайша керстаналла дарна, бакъдолуш АллахIана ца деза дуьнена тIехь бохам хилар. Iад-къома шайн хьекъалшца ойла еш ца хилла даарца а, маларца а, самукъадаккхарца а, ловзарца а, цIенош дарца а бен. Церан хьекъалш телхина хилла, хIунда аьлча цара уьш дин тIехь ца леладо дела. Iáд- къам дуьненаца хьекъале хилла, динца Iовдал хилла, тIулгана Iибадат деш, хьекъале ца хуьлуш. Ткъа, АллахIана лиъна царна элча вахийта, уьш цуьнга нисбайта. И элча царна юкъара хилийта лиъна АллахIана, царна иза вовза а вевзаш, уьш цуьнан къамелах кхетар а болуш. И элча ХIýд хилла, Iад-къома юкъахь сийлахь цIа чохь вина а хилла иза, хьекъалца а, дикаллийца а кхиъна а хилла иза.
ХIУДАН КХАЙКХАМ.
- ХIýд гIаьттина шен къома юкъахь кхайкхам беш, ша олуш: ×ХIай сан къам! АллахIана Iибадат де, Иза воцург кхин Дела вац шунаØ. ХIýда аьлла: «ХIай сан къам! Аш муха до тIулгана Iибадат, шаьш кхоьллинчунна Iибадат а ца деш? ХIай сан къам, хIара аш селхана нисбина тIулг бу, тахана цунна Iибадат муха до аш? Бакъдолуш, АллахIа кхоьллина шу, рицкъа а делла шуна, беркат а дина шуна даьхнийца а, берашца а, ялтанца, тIахьенца а. Нухьан къомал тIаьхьа хаьржина дитина Цо шу, дегIаца ницкъ а белла Цо шуна. Оцу ниIматийн хьакъ ма-дара аш АллахIана Iибадат дар, Иза воцучунна цхьанна а Iибадат ца дар. Аш даьIахк луш долу хIара жIаьла шун цIийнах дIа ца хеда, IиндагI санна шуна тIаьхьалела иза. Шен эла а витина кхечунна тIедоьдуш жIаьла гиний шуна? Йа тIулгана Iибадат деш дийнат гиний щуна? Йа тIулгана сужуд деш дийнат гиний шуна? Адам дийнатал сийсаз ду, йа дийнатал деза ду иза?»
КЪОМАН ЖОП.
Къам шайн болх беш хилла: юуш, молуш, самукъадоккхуш, ловзуш. Дуьненан дахарна реза хилла хилла уьш, цу чохь паргIат бевлла хилла уьш. Дегнаш гатделла церан ХIýда дечу къамелах, цара аьлла вовший: «ХIун бах ХIýда? ХIун лаьа ХIýдана? Вай ца кхета цуьнан къамелах!» Цара аьлла: «Сонта стаг ву иза, йа Iовдал стаг ву!» Ткъа ХIýда цаьрга юха а кхайкхам бича, цуьнан къоман сийлахьхоша аьлла: ×Хьо сонталлий чохь го тхуна, хьо харц луьйш болчерах ву аьлла хета тхунаØ. ×Цо аьлла: «ХIай сан къам, яц соьца сонталла, муххале а Iаламийн Элча волчуьнан элча ву соØ.
ХIУДАН ХЬЕКЪАЛАЛЛА.
Хьекъалца а, кIеда-мерза а шен къоме кхайкхам бечура ца сецна ХIýд, царна хьехар дечура ца сецна иза. ХIýда аьлла: «ХIай сан къам! Со шун селханлера ваша а, шун доттагI а ма ву! Со ца вевза шуна? ХIай сан вежарий! Шу хIунда кхоьру сох, дIа хIунда уьду шу сох, ас шун даьхних хIумма а иэшор ма дац. ×ХIай сан къам! Ас шуьга цунах даьхний ма ца доьху, сан мел (бекхам) АллахIехь бен ма бацØ. ХIай сан къам! Шу хIун хиларна кхоьру шаьш АллахIаца ийман диллича, шу Цуьнах тешча? АллахIаца дуй буу ас, шу АллахIах тешнера аьлла шун даьхнех хIумма а довр дац шуна! Муххале а АллахIа беркат дийр ду шуна рицкъанах, Цо совбоккхур бу шун ницкъ. ХIай сан къам! Шу цец хIунда дуьйлу сан элчаналлайх? Бакъдолуш АллахIа хIоранга цхьацца воккхуш къамел ма ца до! Бакъдолуш, АллахI хIора цхьаьнга вист ца хуьлу – хIара де, важа де – цуьнга олуш. Бакъдолуш, АллахIа хIора къомана царна юкъара цхьа стаг элча вохуьйту, царга къамел деш волу, царна хьехар деш волу. Со ваийтина Цо шуна, шуьга къамел а деш, шуна хьехар а деш, ×йа цецдевлла шу шайн Делера шайна хьехар дáрах, шуна юкъара стеган меттаца, цуьнга шуна кхерам балийтархьамаØ.
ХIУДАН ИЙМАН (ТЕШАР)
Iад-къомана жоп ца карийна! Ца хиъна царна ХIудана муха жоп дала деза. Делахь а, шайн кхин дан хIума ца хилча цара аьлла: «Тхан деланаш оьгIаз бахана хьуна, цундела цамгар кхетта хьан хьекъална!» Деланашкара бала боьжна хьуна тIе». ХIýда аьлла: «Бакъдолуш, хIара цIунаш - тIулгаш ду, цара цхьанна а пайда а ца бо, зен а ца до! Бакъдолуш, хIара цIунаш - тIулгаш ду, дист а ца хуьлу уьш, хаза а ца хеза царна, ган а ца го! Бакъдолуш хIокху цIунашкахь дика а дац, вон а дац. Цаьргахь цхьанна а пайда а бац, зен а дац. Шуьгахь а дика а дац, вон а дац. Шуьгахь суна пайда а бац, зен а дац. Бакъдолуш, со шун деланех тешаш вац, со церах кхоьруш а вац. ×Со цIена ву аш деш долчу ширкахØ. Шух а ца кхоьру со, ×хIилла дан хьовса суна массоØ. ×Бакъдолуш, Ас АллахIана дIа белла болх, сан Дела а, шун Дела а волчуØ. Массо хIума Цуьнан куьйга кIеллахь ду, гIа а ца дужу охьа Цуьнан пурбанца бен».
IАДАН ДУХАХЬАРАЛЛА.
Хезна Iад-къомана и дерриг, делахь а ийман ца диллина цара. Дайна дIадаьлла ХIýда царна дина хьехар. Дайна цаьрца хилла долу ХIýдан хьекъалалла. Цара аьлла: «ХIай ХIýд! Тешалла дуй хьоьгахь, йа гайта хIумма дуй? Оха тхайн шира деланаш буьтур бац, хIай ХIуд, хьан керла дашна. Тхан дайша Iибадат деш хилла болу деланаш Iад буьтур бара оха, цхьамма цхьаъ аьллера аьлла? Цкъаъа, цкъаъа (буьтур бац). ХIай ХIýд! Хьо тхан деланех тешаш вац, церах кхоьруш а вац. Делахь, тхо а ца теша хьан Делах; Цуьна Iазапах а ца кхоьру тхо. Тхуна дукха хезза ахь Iазап дуьйцуш, ткъа стенгахь ду иза, хIай ХIýд, маца догIур ду иза?» ХIýда аьлла: ×Iилма (и хаар) АллахIехь бен дац, со кхетаме кхерамча бен а вацØ. Iáда аьлла: «Делахь тхо хьоьжуш Iаш ду-кх цу Iазапе, иза ган сатесна а ду-кх тхо». Цецваьлла ХIуд церан майраллех, халахетта цунна уьш иштта сонта хилар.
IАЗАП
Iáд-къам хIора дийнахь догIа лардеш хилла, стигала хьала хьуьйсуш хилла уьш, амма мархин дакъа а гуш ца хилла царна. ДогIа оьшуш хилла царна, догIане боккха сатийсам хилла церан. Цхьана дийнахь шайна тIейогIуш марха гина царна, тIаккха чIогIа хазахетта царна. Хазахетта халхадуьйлуш хилла адамаш, вовший кхайкхина уьш, шаьш олуш: «ДогIунан марха ю! ДогIунан марха ю!» Делахь а, ХIуд кхетта Iазап тIедеана хиларх. ХIуда аьлла цаьрга: «Къинхетаман марха яц хIара, муххале а иза мох бу, шена чохь лазаме Iазап долу». Иштта хила а хилла. Ша саннарг адамашна гина а боцу, хезна а боцу чIогIа мох баьлла цигахь. ЧIогIа мох баьлла цигахь, дитташ бухдохуш, цIенош дохош, акхарой хьалаийеш, гена метте уьш дехьа кхуьссуш. ХIаваэхь меттахъяьлла аренгара гIум, цо бодане лаьцна дуьне, адамана хIумма а гуш ца хилла. Кхерам боьлла тIаккха царна чу, шайн цIенош чу бахана уьш тIаккха, неIарш дIакъевлина цара. Бераш нанойх летта, адамаш пенах летта, нах чоьнаш чу бахана. Бераш доьлхаш ду, зударий мохь хьоькхуш бу, божарий доIанаш деш бу, гIо доьхуш бу. Цхьамма олуш санна хилла (хIоьттина долу хьал): ×АллахIан омрунах кIелхьараваккха хIумма а дац таханаØ. ВорхI буьйсанна а, бархI дийнахь а хилла иза иштта. Делла къам; лаьтта охьаэгна хурманан дитташ санна хилла уьш, чIогIа тамашийна сурт хилла иза: олхазарша дууш долу делла адамаш а, бухIанаш чохь Iаш долу доьхна цIенош а. ХIýд а, Делах тешнарш а кIелхьарабевлла шайн тешарца, Iáд хIаллакьхилла шен керстаналлийца, шен духахьараллийца. ×ХIаъ, бакъдолуш Iáда керстдира шайн Делаца, хIаъ, геналла ю Iáдана, ХIýдан къоманаØ.
__________________________________________________
|