|
Къинхетаме а, къинхетам беш а волчу АллахIан цIарца! «Пайхамарийн дийцарш»
Абул-Хьасан Iалий Ан-Надавий – Дала къинхетам бойла цунах –
_______________________________________________
"Солихь пайхамар" Делера салам хуьлда цунна
"САМУДАН ЭМКАЛ"
IАДАЛ ТIАЬХЬА
Самуд-къам деана Iад-къомал тIаьхьа, Нухьан умматал тIаьхьа Iад-къам даре терра. Самуд-къам Iад-къоман лар тIехь хилла, Iад-къам Нухь-къоман лар тIехь хиларе терра. Самудийн латта а хаза, баьццара латта хилла, шена чохь башмаш а, шовданаш а долуш, кIелхула охьауьхуш хиш долу башмаш а йолуш. Самуд-къам а Iад-къам санна хилла, гIишло ярца а, ялта лелорца а, бошмаш дукха хиларца а. Уьш совбевлла хилла Iад-къомал а хьекъалца а, хIума йарца а. Лаьмнаш юкъахь шуьйра, хаза цIенош деш хилла цара, тIулга тIехь хаза суьрташ а дохкуш хилла цара. ТIулг керабирзина хилла царна церан хьекъалца а, царна хIума йан хаарца а; адамо чIурамах еш йоллу хIума цара тIулгах еш хилла. Адам церан шахьар чу даьлча, тамашаллаш гуш хилла цунна. Цунна гуш хилла лаьмнаш санна йаккхий гIаланаш, жинаша йина йолуш санна; цунна гуш хилла пенаш тIехь хаза зезагаш, бIаьстено кхиийна долуш санна. АллахIа дIадиллина хилла Самудана стиглара а, лаьттара беркаташ, Цо дIайиллина хилла Самудана массо хIуманан неIарш. Стигал догIанашца тоелла царна, латта дийнатца а, зезагашца а тоделла царна, бошмаш стоьмашца тоелла хилла царна.
САМУДО КЕРСТА ДАР
Делахь а, цу массо хIумано Самудхошка АллахIана шукр ца дайтина, Цунна Iибадат ца дайтина. Муххале а, цу хIуманаша цаьрга керста дайтина, уьш дозанал тIехбовлийтина. Царна вицвелла АллахI, шайна деллачух баккхийбеш хилла уьш, цара аьлла: «Тхол чIогIа ницкъ болуш мила ву?» Царна моьттина шаьш лийр дац аьлла, шаьш шайн гIаланашкара а, бошмашкара а цкъа а арадевр дац аьлла. Царна моьттина, валар оцу лаьмнашка догIур дац аьлла, шайна тIе некъ цунна карор бац аьлла. Царна моьттуш хилла хила мега, Нухьан къам тогIи чохь хилла дела хи буха дахана хилла аьлла. Iад-къам а, шерачу арахь Iаш хиларна хIаллакьхилла аьлла. Шаьш кхерамах а, валарх а маьршачу меттехь ду аьлла.
ЦIУНАШНА IИБАДАТ ДАР
Цунах тоам хилла ца Iаш, тIулг хьокхуш кеч а бина, цIунашна Iибадат дина цара. ТIулгана Iибáдат дан боьвлла уьш, Нухьан къомо цунна Iибадат даре терра, Iáд-къомо а даре терра. АллахIа церах тIулган дай бина хилла, делахь а уьш шайн цакхетамца тIулган лай хилла дIахIиттина. АллахIа церан сий дина хилла, диканаш рицкъанна делла хилла царна. Делахь а, цара шаьш шайн синойн сий дайъина, адам а лерамаза дина. «Бакъдолуш, АллахIа адамашна зулам ца до цхьанне хIуманца, делахь а, адамаша шаьш шайна зулам до». Ма тамашийна хIума ду иза! Шайн куьгашца цара хьокхуш хилла болу тIулг царна дуьхьал болуш ца хилла, царна Iеса хуьлуш ца хилла. Ткъа хIорш цу тIулгана муьтIахь хилла дIахIиттина, цунна сужуд дина хIокхара. Нуьцкъала волчо гIийлачунна Iибадат деш хуьлу ткъа? Элано шен лайна сужуд деш хуьлу? Делахь а, царна АллахI вицвелла хилла, цундела царна шайн синош а дицделла; АллахIана Iибадат дарна дуьхьал боьвлла уьш, цундела АллахIа сийсаз бина уьш.
СОЛИХЬ Делера салават а, салам хуьлда цунна
АллахIана лиъна царна элча вахийта, Нухь-къомана элча вахийтаре терра, Iáд-къомана а элча вахийтаре терра. Бакъдолуш, АллахI реза вац Шен лайша керста дарна, АллахIана ца деза дуьнена тIехь бохам хилар. Царна юкъахь цхьа стаг хилла, Солихь цIе а йолуш, сийлахь цIен тIехь вина а волуш, хьекъалца а, дикаллийца а кхиъна а волуш. ЧIогIа дикачу цIийнах кIант хилла иза, чIогIа дика кхетам болуш кIант хилла иза, наха цIе йоккхуш кIант хилла иза. Цара олуш хилла: «ХIара Солихь ву, хIара дика стаг ву». Нехан йоккха дегайовхо хилла цуьнца, цара олуш хилла: «Цхьана гIуллакхан да хир ву иза, цхьана гIуллакхан да хир ву иза». Нахана гуш хилла, Солихь шайна юкъара сий долчу нахах хирг хилар, шайна юкъара хьалдолчу нахах хирг хилар. Царна хеташ хилла, цуьнан хаза гIала а, йоккха беш а хир ю аьлла. Цуьнан дена а хеташ-гуш хилла, шен кIанта шен хьекъалца дуккха а даьхни доккхур ду аьлла, иза нахана юкъа вер ву аьлла. Дин тIе а хиъна иза аравер ву аьлла, тIехьа гIулкханчаш а болуш, тIаккха наха цуьнга салам лур ду, шаьш олуш: «ХIара хьенехан кIант ву, хIара хьенехан кIант ву». Мел хазахетар ду цунна, наха олуш хезча: «Ма чIогIа ирс долуш ву иза, цуьнан кIант чIогIа хьал долуш ву». Делахь а, АллахIана кхин хIума лиъна. АллахIана лиъна пайхамараллийца цуьнан сий дан, цуьнан къомана цуьнах элча ван, боданашкара нуьре уьш цуьнга арабахийта. Ткъа цул доккха сий хир дуй? Цул лакхара лерам хир буй?
СОЛИХЬАН КХАЙКХАМ
ТIаккхка гIаьттина Солихь шен къома юкъахь, шен аз айдина олуш: ﴾ХIай сан къам! Iибадат де АллахIана, Иза воцург кхин Дела вац шуна﴿. Ткъа, хьолахой даарца а, маларца а боьзна, мукъа ца хилла, самукъадалар чохь а, ловзар чохь а хилла уьш. ЦIунашна Iибадат деш хилла цара, уьш доцург кхин Дела ву аьлла хеташ ца хилла царна. Цундела Солихьан кхайкхам хаза ца хетта царна. ОьгIаз бахана Самуд-къоман хьолахой, цара аьлла: «ХIара мила ву?» ГIулкханчаша аьлла: «ХIара Солихь ву». Цара аьлла: «ХIун бах цо?» Цара аьлла: «Цо – АллахIана Iибадат де, Иза воцург кхин Дела вац шуна» - бах. Кхин а цо: «Бакъ долуш, шу деллачул тIаьхьа АллахIа шу гIиттор долуш ду, Цо шуна бекхам бийр болуш а бу» - бах. Кхин а цо: «Со АллахIан элча ву, сайн къомана ваийтина ву Цо со» - бах. Белабелла хьолахой, цара аьлла: «Пекъир яI! И хир ву элча? Цуьнан йа гIала а яц, йа беш а яц, цуьнан йа ялта а дац, йа хурман дитташ а дац! Ткъа муха хир ву хIара элча?»
ХЬОЛАХОЙН ХАРЦ КХАЙКХАМ
Хьолахошна гина цхьаболу нах Солихье боьрзуш, тIаккха уьш кхерабелла шайн паччахьалла дIадáларна. Цара аьлла: «ХIара шу санна адам бен дац, аш юург яа юуш, аш молучух мала а молуш». «Ткъа шу шаьш санна долчу адамана муьтIахь хилахь – делахь шу эшаме хилларш ду». «Шу дала а делла, шух латта а, даьIахкаш а хиллачул тIаьхьа шу денлур долуш ду бах цо шуьга?» «ХIара вайн дуьненан дахар бен кхин дахар дац, дала а ле вай, ден а ло вай, гIовттор долуш а дац вай». «АллахIана тIе харцо кхоьллина стаг бен вац иза, йа тхо цунах тешаш а дац».
ГАЛ ХИЛЛА ТХАН МОТТАР
Керстадина наха Солихьана, ца тешна уьш цунах. Солихьа шайна хьехар дича, цIунашна Iибадат дарх уьш бухатоьхча, цара аьлла: «ХIай Солихь! ЧIогIа дикачу цIийнах кIант вара хьо, нийса кхетам болуш кIант вара хьо, хьо нахана юкъахь чIогIа баккхийчерах, уггар сий долчерах хир ву моьттуш дара тхо. Хьо хьенех а, муьнех а санна хир ву моьттуш дара тхо, ца хили хьо иштта. Хьан хенара хилларш а, хьол хьекъалца лахара хилларш а баккхий къонахий хилла дIахIиттина. Ткъа хьо – хIай Солихь – къеллин некъ лаьцна ахь схьа, хьох лаьцна тхан моттар гал хилла, тхан хьоьца хилла догдахар эрна хилла. Хьан да пекъир ву, хьогара дика ца хили цунна. Хьан нана а пекъир ю, хьо бахьанехь цуьнан кIадйалар дайна дIадели! Солихьана хезна и ша-дерг, къахетта цунна шен къомах, халахетта цунна. Солихь цхана нахана тIех волуш хилча, цара олуш хилла цунна: «Дала къинхетам бойла Солихьан дех, кIант вайна дIаваьлла-кх цуьнан».
СОЛИХЬАН ХЬЕХАР
Солихь ца сецна шен къомана хьехар дечара а, хьекъалца, кIеда-мерза уьш АллахIе кхойкхучара а. Цо олуш хилла: «ХIай сан вежрий! Шаьш кхузахь даиманна (хир долуш) ду моьтту шуна? Шаьш хIокху гIаланашкахь даим дехар ду моьтту шуна? Шаьш хIокху башмашкахь а, татолашкахь а лаьттар долуш ду моьтту шуна? Шаьш хIара ялтанаш а, дитташ (тIера стоьмаш) а дууш дуьсур ду моьтту шуна? Шаьш лаьмнех цIенош деш Iийр ду моьтту шуна? Цкъаъа, цкъаъа! Бакъдолуш, хир дац иза! Бакъдолуш, хир дац иза! Шун дай хIунда белла тIаккха, хIай сан вежрий? Церан а ма йара гIаланаш, иштта церан а ма йара бошмаш а, шовданаш а. Церан а ма дара ялтанаш а, хурман-дитташ а; шайна чохь Iен цIенош цара а ма дора лаьмнех. Делахь а оцу массо хIумано пайда ма ца бира царна! Делахь а оцу массо хIумано лар ма ца бира уьш! Валаран малийк тIекхечира царна, царна тIе некъ карийра цунна! Шу а лийр ду иштта, шу а гIовттор ду АллахIа, Цо шуьга хIокху ниIматах лаьцна хоттур а ду».
«АС ШУЬГА ЦУНАХ (САЙНА) ЯЛ ЦА ЙОЬХУ»
«ХIай сан вежрий, хIунда уьду шу сох? Стийнах кхоьру шу? Ас шун даьхних хIумма а эшор ма дац, со шуьгара хIумма а доьхуш ма вац. Со шуна хьехар деш ву, сайн Делан кхайкхамаш шуьга дIакхачош ву. ﴾Ас шуьга цунах (сайна) цхьа а ял ца йоьху, сан ял – Iаламийн Эла волчуьнгахь бен яц﴿ ХIай сан вежрий, хIунда ца хуьлу шу суна муьтIахь, со шуна тешаме хьехарча ма ву? ХIунда хуьлу шу муьтIахь нахана зуламаш деш болчарна, церан даьхни дууш болчарна? Къинош летош болчарна, лаьтта тIехь бохамаш бечарна, диканиг ца дечарна!?» Дан хIума доцуш дисира тIаккха къам, цунна жоп ца карийра царна. Цара элира: ﴾Хьо – шайна бозбунчалла лелийначерах (цхьаъ) бен вац. Хьо тхо санна адам бен дац; цхьа билгало я тхуна, нагахь санна хьо бакълуьйш болчерах велахь﴿
АЛЛАХIАН ЭМКАЛ
Солихьа аьлла (тIаккха): «Муьлха билгало еза шуна?» Цара аьлла: «Нагахь санна хьо бакъ луьш велахь, схьайаккха тхуна хIокху ломах эмкал, йахка езаш йолу!» Нахана хууш ма-хилла эмкал эмкало бен ца йой, эмкал лаьттах хьала ца кхуьий, тIулгах схьа ца йолий. Уьш билггал тешна Солихь дан хIума доцуш вуьсур хиларх, шаьш тоьлур хиларх. Делахь а Солихь шен Делах тешар чIогIа долуш хилла, цунна хууш хилла АллахI массо хIуманна тIехь ницкъ кхочуш вуй. Дехна тIаккха АллахIе Солихьа; наха деха ме-деххара хила а хилла (тIаккха): ломах схьаяьлла эмкал, йахка езаш йолу, йахка а ехкина иза. Цецбевлла нах, хьере хилла уьш, делахь а (хIетте а) ийман ца диллина церах цхьамма бен.
РАГI
Солихьа аьлла: «ХIара АллахIан эмкал ю, хIара АллахIан билгало а ю! Аш дехча, АллахIа Шен ницкъаца кхоьллира иза. Ткъа аш лерам бе хIокху эмкалан, ﴾цхьа а вон хIума а ма хьакхадалийта аш цунах – (аш и дахь) гергга долчу Iазапо лоцур ду шу﴿. ХIокху АллахIан эмкало АллахIан лаьтта тIехь яа а юу, мала а молу, схьа а йогIу иза, дIа а йоьду иза, шуна тIехь дац цунна докъар а, хи а (латтор), докъар а шорта ду, хи а шорта ду». И эмкал чIогIа йоккха хилла, кхолларехь тамашийна а хилла, церан баж цунах кхоьруш хилла, цунах къехкаш хилла. Иза хи мала мел йогIу къахка а къаьхке, дIабодуш хилла баж. Солихьа, иза ган а гина аьлла: «Эмкална цхьа де ду, шун бажана цхьа де ду. Цхьана дийнахь хIокху эмкало мер ду хи, цхьана дийнахь шун бажо мер ду хи». Иштта хила а хилла: эмкалан рагI хилча цо йоьдий хи молуш хилла, къоман бажан рагI хилча цо боьдий хи молуш хилла.
САМУДАН ТIЕХДАЛАР
Делахь а куралла йина къомо, тIехбевлла уьш, цара аьлла: «Тхан бажо хIунда ца молу хи хIора дийнахь?» ОьгIазбахана нах оцу шех шайн баж къехкаш йолчу эмкална. Солихьа кхерам белла хилла царна и эмкал сийсаз йарна, делахь а кхера (лар) ца белла уьш. Цара аьлла: «Хьан юьйр ю хIара эмкал?» Цхьана стага хьала а гIаьттина, аьлла: «Ас!» Цхьана кхечо а хьала а гIаьттина аьлла: «Ас!» Вахана тIаккха и ши декъаза стаг, эмкал арайолу лар йан; эмкал араяллайтина хьалхарчо чIу тоьхна цунна, шолгIачо урс хьаькхна цунна – йийна цо иза.
IАЗАП
Солихьана хиъча, эмкална урс хьаькхна хилар, халахетта цунна чIогIа, цо аьлла нахе: ﴾Марзо эца шайна шайн хIусамехь кхаа дийнахь, харц йоцуш хIоттийна хан ю (шуна) иза﴿ Оцу гIалахь цхьа исс стаг хилла лаьтта тIехь бохамаш беш, диканиг ца деш; дуй а биъна цара аьлла: «Вуьйр ву вай Солихь а, цуьнан охIлу а, буьйсанна. Вайга хаттар дахь вай ваьшна ца хаьа эр ду». Делахь а АллахIа ларвина Солихь а, цуьнан охIлу а. КхоалгIа де тIекхаьччи, Iазап тIедеана царна; хIинццалц схьа санна Iуьйренга бевлла уьш, тIаккха цIеххьана мохь баьлла, чIогIа мохк а бегош. Дегнаш лоьлхуьйтуш болу мохь а, цIенош дохош болу мохкбегор а – чIогIа де хилла иза Самýдана тIехь. Белла нах массо а, йоьхна гIала а. ХIижрат дина кхелхина вахана Солихь а, АллахIах тешаш хилларш а цу декъазчу гIалара. ХIун дийр дара цара цу чохь? Араваьлла Солихь, белла Iохкучу шен къоме хьоьжуш, тIаккха цо аьлла сингаттамечу озаца: ﴾ХIай сан къам, ас дIакхачийра шуьга сайн Делан кхайкхам, ас хьехар а дира шуна, делахь а шуна ца беза хьехар дийриш﴿. Ткъа тахана адамана цигахь ца го яьсса гIаланаш а, йоьхна гIу а бен. Ца го, адам доцу йарташ бен, шайна чохь кхойкхуш стаг а, жоп луш стаг а воцуш йолу. Делан Элчано – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – Шема воьдучу хенахь, ша Самудан мехкашна тIехволуш аьлла шен асхьабашка: «Шайн синошна зулам дина хиллачеран хIусамаш чу ма гIойла шу, царна хилларг шайна а хиларх кхоьруш доьлхуш долуш бен». ﴾ХIаъ! Бакъдолуш Самуда керстдира шайн Далла; хIаъ! (Делан къинхетамах) геналла ю Самудана﴿
__________________________________________________
|