Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум варахьматуллахIи вабаракатухIу!

Дела реза хуьйла хьуна, Дала диканца бекхам бойла хьуна ахьа сайт ярна а, оха хьайга лушдол хаттаршна жоп дала хан карьярна а !
Са цьха ши хаттар дара хьога сан ваш. Со цкъа долчу хьолан зуда ялийна вац, амма иншаАллахI ният долуш ву мархи бутт чакх баьлча чу верза. Са хаттар хIу ду хьуна алча, со европехь Iаш ву, тIаккха суна кхузахь дуккха зударий го, я берзан бу ца хууш, я тIехь хIум юй а ца хууш, са церах ларвала ният дара, аса хIу доIа да деза царехь со АллахIигар ларвар доьхуш?

ШолгIа хаттар ду са хьоьга са вош ламазах лаьцна, суна са шичас цхьа кехат гайтнера "намаз как его делал пророк Мухьаммад" аьлла, со цунаха тишара, амма суна хьоьгар хаза луар дара и ламаз вай пайхмарс ма-дарра мичахь дешар хир дара-техьа са? Мичахь деша а дешна Iамалур вар со вай пайхамарс ма-дарра и ламаз да?
Дела реза хийла хьуна, Аллах аьтто бойла хьа!
Ассаламу алейкум
Ларамца, xьан бусулба вош Мохьмад

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме ваша Мохьмад! Хьо вехаш болу мохк, къа латорах ларвала хала мохк бу. Къаьсттина хала бу иза кегийчу нахана. Зудаберийн ойла галйáла йолалахь, церан дола дан хала ду, божаберийн корта дIабахьа а, уьш хьекъал чура баха а вуно дукха бахьанаш а ду. Дерриге дуьнена тIехь хала ду тахана, шен дин а, шен кхетам а, шен къоман гIиллакх а, оьздангалла а, шен сий а лардан. Ткъа хьо вехаш долчу мехкашкахь къаьсттина чIогIа хала ду и дерриге хIума лардан. Цу халоне хьаьжжина, Дала ларлучунна ял а лур ю. Iесаллаш а, вон некъаш а, боьха суьрташ а дукха а ган а гуш, церах ларлуш волчунна хир йолу ял а, цуьнан бекхам а тера бац, и массо хIума гуш воцучунна хир болчу бекхамах а, йолах а. Цундела, Мохьмад, хьайн дин а, хьайн сий а, хьайн гIиллакх а, хьайн оьздангалла а ахь ларйахь – дуьненахь а, эхартахь а сийлахь хир ву хьо, толаме хир ву хьо, ирсе а хир ву хьо. Дуьненан кIеззиг долчу дахарх Iеха а велла, шен сий а, шен дин а дуьненан марзонех доьхкинарг – дуьненан а, эхартан а лазам а, дакъазло а хир ю цунна.

Оцу воллех а, Iесаллех а бусалба нах ларбалийтархьама, вайн Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – кегийчу нахана зуда ялорца хьехар деш хилла. Зуда яло аьтту боцучуьнга марха кхаба аьлла цо. Цундела, зуда яло хан тIекхаьчна волчу жимчу стага мелла а сиха зуда яло еза, маре яха хан тIекхаьчна йолу йоI чохь ца сецош маре дIаяхийта а еза. Ткъа нагахь санна, цхьацца бахьанашна, зуда яло аьтту боцуш велахь, шега кхабалуччул марха кхаба деза, масала хIора оршота дийнахь а, еарий дийнахь а, йа шегахь ницкъ болчо цхьацца де юкъа а долуьйтуш. Марха кхабаро – мацалло – дегIан лаам дIабоьхку, гIелбо. Марха кхобург даим Дела дагахь волуш хуьлу, цундела цо шегара вон хIума ца долуьйту.

Ткъа ахь хоьттучу доIанах лаьцна аьлча – къаьсттина цу гIуллакхана деана доIа суна ца девза. Бакъду, вайн имам а, вайн куьйгалхо а, вайн везархо а, вайн масал а долчу Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – деш хиллачу доIанашкахь цхьадолу доIанаш ду, хьан хьолехь волчо а, муьлхха а Iесаллех ларвала луучо дан мегар долуш, Iесаллех ларваларан маьIна шайца хиларна. И доIанаш, хIора кIирнах ахь цхьацца Iамош Iамийча, хьой новкъа воьдуш волуш а, ламаз тIехь доьхуш волуш а, хьайна вон ойланаш дагаяьхкича а, муьлхха хенахь а дича дика ду. Ахь деш долчу доIанах а, зикрах а хьуна уггар чIогIа асар а, дика Iаткъам а хир бу, церах билггал кхета а кхеташ, церан маьIни тIехь ойла а еш дича.

Цу доIанех цхьадерш иштта ду:

اللَّهُمَّ أَلْهِمْنِي رُشْدِي ، وَأَعِذْنِي مِنْ شَرِّ نَفْسِي.

АллóхIумма алхIимнú рушдú, ва аIизнú мин шарри нафсú”.[1]

«Йа АллахI! Нийса кхетам таса Ахь сан дагчу, сан синан вонах лар а ве Ахь со».

 

اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنْ مُنْكَرَاتِ الأَخْلاَقِ ، وَالأَعْمَالِ ، وَالأَهْوَاءِ.

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин мункарóтил-ахлáкъи, вал аIмáли, вал ахIвáи”.[2]

«Йа АллахI! Со ларло Хьоьца массо вочу гIиллакхех, вочу Iамалех, вочу лаамех».

 

اللَّهُمَّ إِنِّي أَعُوذُ بِكَ مِنْ شَرِّ سَمْعِي ، وَمِنْ شَرِّ بَصَرِي ، وَمِنْ شَرِّ لِسَانِي ، وَمِنْ شَرِّ قَلْبِي ، وَمِنْ شَرِّ مَنِيِّي.

“АллóхIумма иннú аIýзу бика мин шарри самIú, ва мин шарри басорú, ва мин шарри лисáнú, ва мин шарри къолбú, ва мин шарри маниййú”.[3]

«Йа АллахI! Со ларло Хьоьца сайн хазаран вонах, сайн бIаьрсин вонах, сайн меттан вонах, сайн деган вонах, сайн бехке-меттиган вонах».

 

اللَّهُمَّ قِنِي شَرَّ نَفْسِي ، وَاعْزِمْ لِي عَلَى أَرْشَدِ أَمْرِي ، اللَّهُمَّ اغْفِرْ لِي مَا أَسْرَرْتُ ، وَمَا أَعْلَنْتُ ، وَمَا أَخْطَأْتُ ، وَمَا عَمَدْتُ ، وَمَا عَلِمْتُ ، وَمَا جَهِلْتُ.

“АллóхIумма къинú шарро нафсú, ваIзим лú Iалá аршади амрú, аллóхIуммагIфир лú мá асрорту, ва мá аIланту, ва мá ахтIоъту, ва мá Iамадту, ва мá Iалимту, ва мá джахIилту”.[4]

«Йа АллахI! Сайн синан вонах ларве Ахь со, сан белхан нийсонна тIе нисве Ахь со. Йа АллахI! Гечде Ахь суна ас къайлах динарг а, ас гучахь динарг а, соьгара гIалат даьлларг а, ас хаа а хууш динарг а, суна хаа а хууш хилларг а, суна ца хууш хилларг а».

 

اللَّهُمَّ ثَبِّتْنِي وَاجْعَلْنِي هَادِيًا مَهْدِيًّا.

“АллóхIумма саббитнú ваджIалнú хIáдийан махIдиййан”.[5]

«Йа АллахI! (Дин тIехь) чIагIве Ахь со; кхиверг нисвеш а, сой нисвелла а хилийта Ахь со».

 

اللَّهُمَّ إِنَّا نَسْأَلُكَ مُوجِبَاتِ رَحْمَتِكَ ، وَعَزَائِمَ مَغْفِرَتِكَ ، وَالسَّلاَمَةَ مِنْ كُلِّ إِثْمٍ ، وَالْغَنِيمَةَ مِنْ كُلِّ بِرٍّ ، وَالْفَوْزَ بِالْجَنَّةِ ، وَالنَّجَاةَ مِنَ النَّارِ.

“АллóхIумма иннá насъалука мýджибáти рохьматик, ва Iазáима магIфиратик, вассалáмата мин кулли исм, валгIанúмата мин кулли бирр, валфавза билджаннати, ваннаджáта минаннáр”.[6]

«Йа АллахI! Оха Хьан къинхетам хуьлуйту хIума доьху Хьоьга, Ахь гечдаран бахьанаш а доьху Хьоьга, массо Iесаллех маьрша хилийтар а доьху Хьоьга, массо дикчу хIуманца пайда эцийтар а доьху Хьоьга, ялсаманица толам а боьху Хьоьга, (жоьжахатин) цIерах хьалхадахар а доьху Хьоьга».

 

اللَّهُمَّ أَلِّفْ بَيْنَ قُلُوبِنَا ، وَأَصْلِحْ ذَاتَ بَيْنِنَا ، وَاهْدِنَا سُبُلَ السَّلاَمِ ، وَنَجِّنَا مِنَ الظُّلُمَاتِ إِلىَ النُّورِ ، وَجَنِّبْنَا الْفَوَاحِشَ مَا ظَهَرَ مِنْهَا وَمَا بَطَنَ ، وَبَارِكْ لَنَا فيِ أَسْمَاعِنَا ، وَأَبْصَارِنَا ، وَقُلُوبِنَا ، وَأَزْوَاجِنَا ، وَذُرِّياَّتِنَا ، وَتُبْ عَلَيْنَا إِنَّكَ أَنْتَ التَّوَّابُ الرَّحِيمُ ، وَاجْعَلْنَا شَاكِرِينَ لِنَعَمِكَ، مُثْنِينَ بِهَا عَلَيْكَ قَابِلِينَ لَهَا وَأَتْمِمْهَا عَلَيْنَا.

“АллóхIумма аллиф байна къулýбинá, ва аслихь зáта байнинá, вахIдинá субулассалáм, ва надджинá миназзулумáти иланнýр, ва джаннибнал фавáхьиша мá зохIара минхIá ва мá батIан, ва бáрик ланá фú асмáIинá, ва абсóринá, ва къулýбинá, ва азвáджинá, ва зуррийáтинá, ва туб Iалайнá, иннака антаттаввáбуррохьúм, ваджIалнá шáкирúна линиIматика, муснúна бихIá Iалайка, ва атмимхIá Iалайнá”.[7]

«Йа АллахI! Тхан дегнаш юкъахь марзо йе Ахь, тхан синош туо де Ахь, тхо Хьайгарчу маршонан некъаш тIе нисде Ахь; боданех кIелхьарадахе, нур долчахьа дерзаде Ахь тхо; гучахь а, къайлах а долчу боьхачу къинойх ларде Ахь тхо; тхан хазарца а, тхан бIаьрсица а, тхан дегнашца а, тхан хIусамнаношца а, тхан доьзалшца а беркат де Ахь тхуна; тхан тоба къобал а де Ахь, бакъдолуш Хьо тоба къобал дийриг а, къинхетам бийриг а ву; тхо Хьайн ниIматана шукр деш хилийта Ахь, цуьнца Хьо хестош хилийта Ахь, иза тхуна кхочуш а де Ахь».

 

Бусалба стеган декхарех цхьа декхар ду, шена деззарг шен бусалба вешина а, йишина а дезар. Цундела, ас къинхетаме волчу АллахIе доьху хьо а, кхиболу массо бусалба нах а Шена Iеса хиларх ларбар, Шен оьгIазлонах ларбар, Шен динна генабовларх ларбар.

 

Хьайн шолгIачу хаттаран жоьпе хьажа кхузахь.

 

21/05/08


 

[1] Ахьмад, Тирмизий.

[2] Тирмизий, Хьаким, Ибн Хьиббан.

[3] Абу Давуд, Тирмизий, Насаий.

[4] Хьаким, Ахьмад.

[5] «Фатхьул-Бáрú шАрхь Сахьúхьил-Бухáрú», 6/161.

[6] Хьаким.

[7] Хьаким.