Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Азан дича доIа деш куьйгаш хьалаайдар муха ду? Дела реза хилла!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Азан динчул (моллакхайкхинчул) тIаьхьа доIа до вай, Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – деза дарж а, сийлахь меттиг а йоьхуш.

Кхидолу доIа дечу хенахь санна, и доIа деш куьйгаш хьалаайдар дика лоруш ду, хIунда аьлча доIа дечу хенахь куьйгаш хьалаайдар доIа даран суннатех долу дела.

Кхидолчу муьлхха а доIанехь санна, ши куьг хьала ца айдеш дитича къа а дац цигахь, муххале а иза шена луучо айдан а, ца луучо ца айдан а мегаш долу суннат ду, делахь а айдича гIолий ду.

Шейх Ибн Ал-Iусаймийне – Дала къинхетам бойла цунах – хаьттина хилла, «азан динчул тIаьхьа доIа дечу хенахь ши куьг хьалаайдаран хьукм хIун ду?» аьлла. Цо иштта жоп делла: «Мегаш ду иза. ХIунда аьлча, доIа дечу хенахь ши куьг хьалаайдар шен бухехь дуьйна лелош дерг ду. Иза вай Iад ца дуьту, ши куьг хьала ца айдар суннат хилар девзаш йолчу меттигашкахь бен, масала рузбана хутIба дечу хенахь санна, нагахь санна иза догIа доьхуш а, догIа сацор доьхуш а деш доIа дацахь».[1]

Кхин а, хIара маьIна долу дешнаш аьлла цо цу хьокъехь : «…цхьаболчу наха, азан динчул тIаьхьа доIа дечу хенахь – Пайхамарна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – салават дилларца а, цунна деза дарж дехарца а – цара ши куьг хьалаайдеш гур дац хьуна. Шаьш ши куьг хьала ца айдина ца Iаш, и доIа дечу хенахь кхечо хьалаайдеш гича, цунна доьхьало а йо цара, иштта и куьйгаш айдар мелехь доллушехь».[2]

 

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

06/09/2008


 

[1] «Самаро́тут-Тадви́н мин Маса́ил Ибн Iусайми́н», Шейх Ахьмад Ал-Къо́ди́.

[2] «Маджму́I Фата́ва́ ва Раса́ил Ибн Iусайми́н».