Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! АллахIа тауфикх лойл хьун! Ахьмад бин Хьанбал воцчо висина 3 мазхIаба дайш дисина долу ламазаш доькхуш дан деза боху аьлла элира-кх ахь, тIакх Хьанбалс мич иснад тIе тойжан боху уьш доькхуш дан ца деза. Цо(Ахьмад бин Хьанбал) балийнарг хIу бух бу дуьйцар дацар ахь? Джазака ЛлахIу хайран!

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Лераме ваша! Ахь дикка тидам бича, Ахьмад ибн Хьанбала ша аьлла ц аэлира ас, дитина хилла ламазаш доькхуш дан ца деза, цуьнан мазхIабера Iелам-наха аьлла элира. Цкъа делахь цу юкъахь башхалла йолу дела а, шолгIа делахь цуьнан мазхIабан цхьаболчу Iелам-наха кхечара санна уьш доькхуш дан деза аьлла долу дела а иза билгал дан лиира суна доьххьара.

ТIаккха, церан бух бийцича, иза вай ахь дуьйцучу хаттарехь хьахийра. Вай элира: «Хьанбалийн мазхIабера Iелам-наха, цо и ламазаш доькхуш дан ца деза аьлла, хIунда аьлча цара иза керста лору дела».

Хьанбалийн мазхIабан цхьаболчу Iелам-наха, шена хаа хууш, шен лаамца ламаз дитина волу стаг керста лору, йа вуьшта аьлча «муртадд» - «бусалба динах юхаваьлларг» лору. Цу мазхIабан цхьаболчу Iелам-наха иза керста ца лору, цуьнан гIуллакх кхелахочуьнга а даьккхина, кхелахочо цуьнга хаттам бича а иза шечунна тIера волуш вацахь бен. Ткъа, хьанбалийн мазхIабан Iелам-нахана гергахь, муртадд хиллачу стага ша дитина хилла Iибадаташ доькхуш дан дезаш дац, хIунда аьлча, цо керстаналла даро цуьнан дерриге хьалха хилла Iибадат дохадо дела, ткъа шафиIийн мазхIабехь дерг цунна бIостанехьа ду. Иза цхьа далил ду, дитина ламазаш доькхуш дан ца деза аьллачеран.

ШолгIа далилехь бах цара: ламаз дитинарг цкъа муртадд а хилла, юха тоба а дина, бусалба дине вагIахь, цуьнан тобано хьалхалера дерриге къинош дIадойъу, цо ламаз дитаран къа а цхьаьна, цундела тоба дичахьана тоьар ду.

КхоалгIа далилехь бах цара: ламаз шен тоьхна хан йолуш Iибадат ду, цундела, шена хаа а хууш иза шен хенаш арадалийтинчуьнгара иза къобал деш а дац, нийса лоруш а дац, цо иза кхечу хенахь дича.

Иштта уьш ду хIинццалц схьа вайна девзина церан далилаш.

Вай хьалха деллачу жоьпехь элира, дитина ламазаш доькхуш дан деза аьлла, уьш доькхуш дан дезар бусалба динан дукхах болчу Iелам-нехан харжам а бу аьлла. Иза тIеIагIдеш, цунна кхузахь тIетоьхча дика хир ду, дитина ламазаш доькхуш дар важиб дац олуш хиллачу Iелам-нахах волчу Шейх Ибн База – Дала къинхетам бойла цунах – аьлларг:

«Ламаз парз хилар керстдеш (инкарло еш) а воцуш, шена хаа а хууш шен лаамца ламаз дитина хиллачо иза доькхуш дича хIумма а дац, Далла хьалха шега хаттам ца барна иза гIолий долу дела а, иштта иза дитинарг керста ца лоруш болчу Iелам-нахаца къовсам ца хилийтархьама а, ткъа и Iелам-нах дукхах берш бу».[1]

 

Дика хууш верг сийлахь АллахI ву!


 

[1] «МаджмýI Фатáвá Ибн Бáз», 10/312.