Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум!
Шен дисин фард ламазаш, марханаш доькхуш кхабар нийса ду йа дохко ваьлла навафилшкахь сов ваьлча тоьар ду, нийса ду?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Диссина ламазаш декхарх лаьцна дерг

Ламаз дар бусалба динан бIогIамех шолгIа бIогIам бу. Цуьнан дозалла а, цуьнан пайданаш а, иза лардан дезаш хилар а, иза фард хиларан тешаллаш а довза аьтту бу кхузахь.

Бусалба лоруш волчу стага шена хаа а хууш дитина долу фард ламазаш доькхуш дан деза аьлла дукхах болчу Iелам-наха, хIунда аьлча царна гергахь иштта стаг керста вац, цо ламазана инкарло еш яцахь. Иза хьанафийн а, маликийн а, шафиIийн а мазхIабехь дерг ду. Хьанбалийн мазхIабера Iелам-наха, цо и ламазаш доькхуш дан ца деза аьлла, хIунда аьлча цара иза керста лору дела. Церан хIоранне а шайн тешаллаш ду, Къуръанан айаташ а, суннатера хьадисаш а. Цхьаболчу Iелам-наха кхоалгIа некъ а лаьцна цу хаттарехь, - «нагахь санна цо цкъаъа ламаз деш ца хиллехь доькхуш кхаба ца деза, наг-наггахь деш-дуьтуш хиллехь декха деза» - аларца.[1]

Ткъа, цхьана агIор, АллахIана хьалха бехказло хила а, хаттам тIерабалийта а, кхерам боццуш дерг а, вукху агIор далилашца чIогIо дерг а ламазаш декха дезаш хилар ду. Уьш декха дезарал совнаха, уггар хьалха тоба дан а деза ламаз дуьтуш хиллачо, дохко вала а веза иза, Деле шена гечдар деха а деза цо.

Диссина ламазаш декхаран некъах лаьцна аьлча… Ша хIора парз ламаз мел до, цуьнца цхьаьне шен диссина парз ламаз дича, мас ламаз тIерадаьлла хаа атта хир ду цунна, делахь а, шега декхалахь мелла а сиха декха хьажа веза.

Шен диссина ламазаш билггал мел ду ца хаахь, уггар дукхах долу терахь схьаиэца деза. Маца диссина хууш доцу ламаз доькхучу хенахь, цунна ниййат деш, иза диссина хан билгалйар важиб дац, пхеа ламазах муьлхург ду – Iуьйраниг, делкъаниг, иштта кх.дI. – билгал дича тоьар ду.[2]  

   

Диссина марханаш декхарх лаьцна дерг

Цхьана стеган, йа зудчуьнан, кхабаза парз марханаш диссинехь, цо уьш доькхуш кхаба деза тIебогIу мархин бутт тIекхачале, нагахь санна марха кхабалур долчу хьолехь велахь.[3] Шега кхабалушшехь цо и шен диссина марханаш шолгIа мархин бутт тIекхачале доькхуш ца кхабахь къа хуьлу цунна. Шен диссина марханаш шолгIа мархин бутт тIекхаччалц тIаьхьататтар хьарам дуй хуъушехь, цхьамма – стага йа зудчо – и марханаш шолгIа мархин бутт тIекхаччалц доькхуш ца кхобуш дитахь, цкъа и шена тIехIоьттина болу мархин беттан марханаш а кхаьбна, тIаккха цул тIаьхьа доькхуш кхаба деза цо уьш, цул совнах уьш тIахьататтарна гIуда а дужу цунна тIе – хIора мархина тIера цхьацца кан (650 грамм) даар дала а деза цо мискачу нахана. Нагахь санна цо шега кхабалушшехь и марханаш доькхуш ца кхобуш масийтта мархин бутт тIекхачийтахь, хIора шарахь цхьаццозза тIекхета и гIуда.
Амма нагахь санна цхьамма шен диссина марханаш, марха даста бакъо луш долу бахьанаш хиларна шолгIа мархин тIебале ца кхаьбнехь, цунна тIе гIуда ца дужу, и бахьанаш дIа ма-девлла доькхуш кхаьбчахьана волу иза.
Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла цу хьокъехь: «Нагахь санна цхьанна тIехь доькхуш кхаба дезаш рамадан беттан марханаш делахь, тIаккха цо уьш доькхуш кхабар цхьана мегаш долчу бахьанийна тIаьхьататтахь – масала цуьнан цамгар дIа ца яларна, йа иза некъахо волчура ца вáларна – мегар ду цунна уьш тIаьхьататта, и бахьанаш лаьтташ мел ду, цо масийтта шарахь тIаьхьататтахь а. Иштта, цхьана бахьанийна тIаьхьатеттинехь гIуда дала а ца деза цуьнан, цунна тIе масийтта рамадан бутт хIоьттинехь а; шен диссинарг доькхуш кхаьбчахьана волу иза, хIунда аьлча оцу бахьанашца мегаш ду рамадан беттан марханаш кхабар тIаьхьататта, ткъа уьш доькхуш кхабар тIаьхьататта магар кхин а хьалхе йолуш ду.

Ткъа нагахь санна цуьнан цхьа а баьхьана дацахь, шолгIа рамадан бутт тIекхаччалц тIаьхьататта мегар дац… муххале а, тIедогIучу шеран рамадан бутт тIебале декха деза цо уьш… Ткъа нагахь санна цо уьш декха ца доькхуш, тIебогIу рамадан бутт тIехIотталц тIаьхьататтахь – цкъа делахь къа латийна а хуьлу цо, шолгIа делахь карара мархин бутт кхаба а беза цо, цул тIаьхьа, дIабаьлла болчу рамадан беттан диссина марханаш доькхуш кхаба а деза цо, декха ца доькхуш дитинчу хIора денна тIера цхьацца кан даар гIуда а дужу цунна тIе, шолгIа рамадан бутт тIехIоттарца».[4]

 

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!

 

15/05/2008

 


 


[1] И кхоъе агIо юьйцу Шейх ШинкъúтIийс, «Шархь Зáдил-МустакъниI» тIехь.

[2] «Ал-ИIлáму вал-ИхIтимáм БижамIи Фатáвá Шайхил-Ислáм Закариййá Ал-Ансóрий», 45.

[3] Иштта аьлла дукхах болчу Iелам-наха. Цхьаболчара уьш доькхуш кхаба ца деза аьлла, хIунда аьлча марханаш ца кхабарца цара иза керста лору дела. Доькхуш кхаба деза аьллачу хIокху заманан Iелам-нахах ву Шейх Ибн Баз, ца деза аьллачех ву Шейх Ибн Iусаймин.

[4] «Ал-МаджмýI Шархьул-МухIаззаб», Имам Ан-Нававий.