Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Кхетам

Iелам-нах

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 

 

Ассаламу Iалайкум! Суна са шичас цхьа кехат гайтнера "намаз как его делал пророк Мухьаммад" аьлла, со цунаха тишара, амма суна хьоьгар хаза луар дара и ламаз вай пайхмарс ма-дарра мичахь дешар хир дара-техьа са? Мичахь деша а дешна Iамалур вар со вай пайхамарс ма-дарра и ламаз да?

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Бусалба стеган декхар ду Делан Элчанна – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – тIаьхьавазар. Цу юкъа догIуш ду ламазан сифат а, цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – аьлла дела:

«Аш ламаз де, шайна ас ламаз деш ма-гарра».[1]

Делера салам-маршалла хиларо ша ламазана хьала а гIаьттина, шен Далла хьалха ша дIахIуттучу хенахь шен дагца ниййат деш хилла, тIаккха такбир деш хилла цо «АллóхIу акбар» олуш, шен ши куьг белш тIе кхаччалц хьала а айдеш. Цхьайолчу хенахь ши куьг лергадуьме (лерган дуьхьиге) кхаччалц а ойъуш хилла цо.

ТIаккха шен аьтту куьг шен аьрру куьйгана тIедуьллуш хилла цо, и шиъ ший а шен накхана тIе а дуьллуш.

ТIаккха, цо ламаз дIадолош хилла, ламаз дIадолоран цхьана доIийца. Оцу доIанех цхьаъ ду: «СубхьáнакаллохIумма ва бихьамдик, ва табáрокасмук, ва таIáла джаддук, ва лáилáхIа гIойрук».

ТIаккха цул тIаьхьа сурат «Ал-Фатихьат» доьшуш хилла цо, тIаккха «АллóхIу акбар» олуш хилла, шен ши куьг хьала а айдеш, тIаккха рукуI деш хилла, шен букъ нисса дIа а нисбеш, хи чохь долу кад шен букъ тIебиллича а Iенар боцуш.

ТIаккха цо олуш хилла кхозза «Субхьáна роббийал-Iазúм», тIаккха хьаланислуш хилла иза – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – ша олуш: «СамиIаллóхIу лиман хьамидахI, роббанá ва лакал хьамд», шен ши куьг юха а хьала а айдеш.

ТIаккха «АллóхIу акбар» а олуш сужуд деш хилла цо, ша сужудана охьавахча шен ши пхьарс шен дегIана гена а боккхуш, пхьаьрсан кIелонаш гучу хьоле кхаччалц, шен хьаж а, мара а, ши куьг а, когийн ши гола а, когийн буьхьигаш а дикка лаьтта тIе а кхочуьйтуш. ТIаккха сужудехь олуш хилла цо: «Субхьáна роббийал-аIлá» кхозза.

ТIаккха «АллóхIу акбар» а олуш охьахууш хилла иза, шен аьрру кога тIе, иза шена кIеллахь а болуш, аьтту коган пIелгаш къилбехьа дирзина а долуш, сужуд дечу хенахь ма-хиллара. Ша охьахиъча цо олуш хилла: «РоббигIфир лú, вархьамнú, ваджбурнú, варфаIнú, вахIдинú, ва Iáфинú варзукънú».

ТIаккха «АллóхIу акбар» а олуш юха а сужуд деш хилла цо, тIаккха шолгIачу ракаIате хьалагIоттуш хилла иза, «АллóхIу акбар» а олуш.

Иштта и хIума деш хилла цо – Делера салават а, салам а хуьлда цунна – хIора ракаIатехь а.

ТIаккха, ши ракаIат дIадаьллачул тIаьхьа, хьала а ца гIоттуш, хьалхарчу ташаххIудана (эттахьигана) охьа а хуий, цо доьшуш хилла: «Аттахьиййáтул-мубáракáтус-салавáтут-тIаййибáту лиллáхIи, ассалáму Iалайка аййухIаннабиййу ва рохьматуллόхIи ва баракáтухI, ассалáму Iалайнá ва Iалá IибáдиллáхIис-сóлихьúн, ашхIаду ал-лáилáхIа иллаллόхI, ва ашхIаду анна Мухьаммадан расулуллόхI. АллóхIумма солли Iалá Мухьаммад, ва Iалá áли Мухьаммад, ва саллим».

ТIаккха кхоалгIачу ракаIатана хьалагIоттуш хилла иза, «АллóхIу акбар» а олуш, ша хьаланисвелча ши куьг хьала а айдеш – хIара йоьалгIа меттиг а ю цо ламазехь куьйгаш хьала айдеш хилла йолу.

ТIаккха, ша маьркIижа ламазехь волуш кхоалгIачу ракаIатера ваьлча ташаххIудана охьахууш хилла иза, йа делкъа а, малхбуза а, пхьуьйра а ламазашкахь хилча доьалгIачу ракаIатал тIаьхьа охьахууш хилла иза, аьрру хенан маьIиг тIе, шен аьрру ког аьтту когана буххула жимма ара а боккхуш, аьтту ког сужудехь санна, пIелгаш къилбехьа дирзина а долуш Iад а буьтуш.

ТIаккха шен ши куьг шен шина настара тIе а дуьллий, аьтту куьйган пIелгаш схьагулдеш хилла, хьажоран пIелг дIабахийтина а буьтуш, иза хьалаайбархьама,  тIаккха цу пIелге хьожуш а хилла иза.

ТIаккха, ша ташаххIуд дешна ваьлча салам луш хилла цо, иштта: «Ассалáму Iалайкум ва рохьматуллóхI» - аьтту агIор а, «Ассалáму Iалайкум ва рохьматуллóхI» - аьрру агIор а. Цо шен корта дIаберзош хилла салам лучу хенахь, шен шина беснен кIайла тIехьа болчарна гучу хьоле кхаччалц. Делера уггар деза салават а, салам-маршалла а хуьлда-кх цунна.

Юкъарчу чулацамца дийцича, Пайхамара – АллахIера салават а, салам а хуьлда цунна – иштта деш хилла ламаз. Кхузахь хаа деза, ламаз дарехь цхьадолчу хIуманаш тIехь Iелам-нахана юкъахь – мазхIабашкахь – цхьацца хилпалонаш юйла, кхидолчу Iибадаташкахь санна. И хилпалонаш хиларан бахьанаш дукха ду, уьш хIинца дийцина вер вац, ткъа вайна коьрта хаа дезарг хIун ду: хIора мазхIабан дайша олуш дерг а, деш дерг а пайхамаран суннат дезаш, олуш а, деш а хилла, хIораммо а шен-шен иджтихIáде хьаьжжина.

Ткъа дика хууш верг сийлахь АллахI ву!

21/05/08


 

[1] Бухари.