|
|
|
БисмиллахI, алхьамдулиллахI, вассолату вассаламу Iала расулиллахI. Дикка хан хьалха, иштта хаттар дара дина, вайн бусалба вешо:
Ассаламу
Iалайкум!
Стаг
д1авоьллинчул т1аьхьа , цуьнан баьрзан гонаха виъ стаг охьахаэ къуръан т1ера
диъ сурат доьшу , цуьнан хьукма муха ду ? Оцу хаттарна билггал жоп ца хуу дела, иза кароллалц аьлла, жимма хьеделлера цунна жоп. Ткъа, цунна жоп дезар юха а карладалар бахьана долуш, цунна, ваьшна хетарг алар тIедужу. Салам делча иза схьаэцар - важиб ду, хIунда аьлча лекха хинволчу АллахIа Къуръан тIехь тIедожийна вайна, салам делча, схьа ма-даллара схьаиэцар, йа кхин а алсам дешнашца схьаиэцар.[1] Масала, "Ассаламу Iалайкум" аьлча, "Ва Iалайкум ассалам" аьлла схьаиэцар важиб ду, "Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахI" аьлла схьаиэцар кхин а дика ду, "Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI" аьлла схьаиэцар кхин а чIогIа мелехь ду. Цундела, вайн вешигара иштта салам схьаиэцначул тIаьхьа: Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI…! Вайна ма хаъара, кешнашкахь Къуръан дешар дукхах болчу Iелам-наха дика ду аьлла ду. Церан шайн баххаш а, тешаллаш а ду цунна. Цунах лаьцна вай хьахийнера хьалха, «Кхетамаза долчу хаттарна тоаме долу жоп» цIе йолчу жайни тIехь, Хьафиз Ибн Хьаджаре – Дала къинхетам бойла цунах – веллачунна Къуръан дешарх лаьцна динчу хаттарна а, цуьнан жоьпана а вай дина долчу билгалдаккхарехь. Хаттар-жоп а, цуьнан билгалдаккхар а иштта дара:
«11
хаттар:
Нагахь санна цхьана хийрачу стага Къуръан а
дешна, цуьнан мел веллачунна дIалахь, цунах хIумма а оцу веллачунна
дIакхочур ю йа яц? Жоп: И хаттар гIардаьлла хаттар ду, ас цунах лаьцна цхьа жима жайна а яздина. Цунах коьртаниг: хьалхалера дукхах болчу Iелам-наха иза дIакхочу аьлла, ткъа ас къастош дерг – цунах хаддош жоп ца далар ду, иштта Къуръан дешар еза Iамал хилар тIе а чIагIдеш, иза дуккха а дешча дика хилар тIе а чIагIдеш. 9». Вай дина билгалдаккхар: «[9] Кхузахь Хьáфиз Ибн Хьаджара – Дала къинхетам бойла цунах – мел дIакхочу йа ца кхочу а ца олуш, йа хIара агIо йа важа агIо а ца лоцуш, кешнашкахь Къуръан дуккха деша аьлла, иза дешар деза ду а аьлла. Цо цхьа агIо ца лацаран бахьана – суна схьагучу суьртехь – хьалхалерачу цхьаболчу Iелам-наха цуьнан мел дIа ца кхочу аьлла хилар ду. Ибн Касира – Дала къинхетам бойла цунах – шен тафсир тIехь хьахийна, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – аьлла аьлла, дегIаца йина йолчу Iамалийн мел веллачуьнга дIа ца кхочу аьлла. Иштта СуйýтIийс а – Дала къинхетам бойла цунах –, кхин болчара а хьахийна иза, цо аьлла аьлла. ХIетте а, Имам Нававийс – Дала къинхетам бойла цунах – шен «АлмаджмýI» жайни тIехь масийттозза дала до, Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – кешнашка вахча Къуръан дешар мелехь а ду, деза а ду аьлла хилар. Имам ШафиIийс – Дала къинхетам бойла цунах – иза дIа ца кхочу аьллехь а, дукхах болчу Iелам-наха Къуръан дешаран мел а, Дела хьахоран мел а веллачу стаге дIакхочу аьлла, ШафиIийн мазхIаберчу баккхийчу Iелам-наха а тIехь. Масала, иза дIакхочу аьллачу Iелам-нахах бу: Ибн Солáхь, СуйýтIий, Нававий, Ибн Таймийа, Ибнул Къаййим, Шавкáний, Ибн Хьаджар АлхIайтамий, СаIдий, Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIаб… Уьш хьалха хилла Iелам-нах бу. Амма кешнашкахь Къуръан дешар – иза ца мега олуш цхьа а Iелам-стаг гина вац суна, таханлера цхьа масех Iелам-стаг а, мутаIелам а воцург. Муххале а, вуно дукха Iелам-наха кешнашкахь Къуръан деша мегар ду а аьлла, дешар чIогIа мелехь ду а аьлла, доьшуш волчунна а, кешнийн охIлунна а пайдехь ду а аьлла. И ас лакхахь цIерш мел яьхначара аьлла ду иза, цул совнаха Мухьаммад ибн Iабдул-ВаххIаба – Дала къинхетам бойла цунах – шен «Ахькáму таманнил мавт» цIе йолчу жайни тIехь ши хьадис далийна, кешнашка вахча «Алфатихьат» а, «Ал-Ихлас» (КъулхIу) а, «Аттакáсур» а сураташ дешар мелехь хилар дуьйцуш долу. (И ши хьадис гIийла хила а тарло – 23.05.2007). Цул совнаха, цу жайнийна керла зорба тохийта иза кечдина волчу, СаIуди Iаьрбийн пачхьалкхехь гIараваьлла волчу Iелам-стага IабдуллахI ибнул Жибрúна а яздина гина суна, мел дIакхочуш хиларх лаьцна. Бакъду, вайх муьлххарчуьнан а коьрта чу хаттар да тарло, церан баххаш а, тешаллаш а хIун ду, иза дIакхочуш хиларна аьлла. ХIара жайна цунах лаьцна дуьйцу жайна дац, цундела ас церан хIоранне баххаш а, тешаллаш а ца дуьйцу кхузахь, баккхийчу Iелам-наха аьлларг дIа а довзийтина Iаддуьту ас, и хIума дан ца мега бохуш волчуьнга ойла йайтархьама. Дала пурба а делла, валаза висахь, цунах лаьцна яздан хьожур ву со, Делан гIоьнца. ТIаьххьара, Имам Ибн Солахьа ма-аллара – Дала къинхетам бойла цунах – ала луур дара суна: «…и къовсаме долу хIума бусалба динан баххашкара хIума а дац, йа коьрта лоруш долу хIума а дац. Иза фикъхI юкъара жима дакъа лоруш хIума ду, цундела цу тIехь болу къовсам боккха бац…», цундела и бахьанехь вовшийн харц ду бахар а, вовший инкарлонаш йар а, и хIума къа долуш санна хетар а нийса хIума а дац, йа бусалба динан Iалашонашца догIуш хIума а дац».
Иштта, лакхахь яздина ма-дарра, кешнашкахь Къуръан дешар дукхах болчу Iелам-наха дика ду аьлла ду. Церан шайн баххаш а, тешаллаш а ду цунна. ТIаккха, таханлерачу цхьаболчу Iелам-наха кешнашкахь Къуръан дешар ца магадо. Церан а шайн баххаш а, тешаллаш а ду. Ткъа, Далла хьалха нийса а хеташ вай къастийна дерг дукхах болчу Iелам-наха аьлларг ду - кешнашка вахча Къуръан деша мегаш хилар. Стаг дIавоьллинчул тIаьхьа, кошан еа маьIIе ховший, доьшуш долу диъ сурат, кешнашкахь Къуръан дешар ца магочу Iелам-нехаца дешнашца дуьстича – мегаш ца хуьлу. Ткъа, цхьаволчунна тешалла каро а мега, кешнашкахь Къуръан дешар магош болчу дукхах болчу Iелам-нехан дашца, хаттарехь деанчу куьцехь и диъ сурат дешар. Делахь а, къаьсттина оцу куьцехь – кошан еа маьIIехь – къаьсттина и диъ сурат дешар къастийна Iибадат дар ду. Ткъа цхьана къаьсттина долчу куьцехь Iибадат дарна тешалла деза. И тешалла ца хилча, и Iибадат дан мегаш дац, оцу къаьсттина долчу куьцехь. Цундела, хаттарехь деана долчу кепара Къуръан дешарна айатера-хьадисера билггал тешалла ца карийна дела, Iелам-наха и къаьсттина долу куц-кеп хьахош а сайна ца гина дела, иза мегар ду аьлла хадо а, йа дац аьлла чIагIдан а со хIуттур вац. Йа вуьшта дешнашца аьлча – оцу хаттарна жоп суна ца хаьа. Ткъа шена ца хуург, Делан динехь дийца цхьанне а бакъо яц.
IабдуллахI ибн Iаббаса – Дела реза хуьлда цунна – аьлла: «Iелам-стага "ца хаьа суна" бохург Iад дитахь – иза хIаллакьхиларан бахьанаш кхочуш хилла». Уьзза маьIна долу дешнаш даьхкина Хьусайнан кIантера Iалийгара а, Суфйан ибн Iуйайнера а, Маликера а, иштта кхиболчу Iелам-нахера а – Дала къинхетам бойла церах массерах.[2] |