Коьрта агIо

Хьадис

ФикъхI

Iелам-нах

Кхетамаш

Дела хьахор

Сайтах лаьцна

Жайнийн цIерш

Хаттаршна жоьпаш

Вайн меттан жайнаш

 

Аудио

Хьешан тептар

Кехат язде соьга

Вайн маттахь сайташ

Хьадис

ФикъхI

Дела хьахор

Кхетамаш

Жайнийн цIерш

Сайтах лаьцна

 

 


Ассаламу Iалайкум
ва рахьматуллахI! Парз-ламаз жамаIатаца дича тIехьа тасбихь жамаIатаца до вайн махкахь. Кхечу махкашкахь иза иштта деш ца гина суна. Дийцахьа цуьнах лаьцна. Дала диканца бекхам бойла хьуна. Ларамца Аюб

 

БисмиллахIиррохьманиррохьим

Ва Iалайкум ассалам ва рохьматуллахIи ва баракатухI!

Вайн махкахь и тасбихь массара а ца до жамаIатца, муххале а дукхах болчара жамаIатца ца до иза. Хьалха-хьалха дуьйна суна гуш хилларг иштта дара: имамо, йа цхьамма кхечо цу тасбихь юкъахь догIуш долу зикр а, айаташ а, сураташ а чIогIа доьшу, вукхара шайна хаахь цуьнца цхьаьне шайлахь меллаша тIаьхьара доьшу, ца хуучо цо «субхьаналлахI, алхьамдулиллахI, аллохIу акбар» аьлча уьш олу 33-зза. Ткъа иза Iелам-наха жайнашкахь аьллачуьнца догIуш дерг ду.

Парз-ламазал тIаьхьа тасбихь дар а, доIа дарх а лаьцна шафиIийн мазхIабан Iелам-наха – Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансо́рийс а, Имам Аш-Ширби́нийс а, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамийс а, Имам Ар-Рамлийс а, иштта дуккха а кхиболчара а – аьлла:

«Суннат ду ламазал тIаьхьа деш долу зикр а, доIа а аз а ца айдеш къайлах дар, цунах лаьцна даьхкина нийса хьадисаш долу дела; ткъа нагахь санна и зикр а, доIа а дан ца хууш нах белахь, имамо чIогIа дийр ду иза, хаза а хезаш, царна Iаммалц, тIаккха царна иза Iеминчул тIаьхьа, къайлах, меллаша дийр ду».[1]

Цу Iелам-наха – Дала къинхетам бойла церах – аьллачуьнга вай хьевсича, вайна го и тасбихь хIораммо ша-ша дар суннат хилар а, цу хьокъехь даьхкина нийса хьадисаш хилар а, нагахь санна тасбихь ца хууш нах белахь иза чIогIа дан мегаш хилар а, царна Iаммалц.

Ткъа иза массара а цхьаьне жамаIатца дар таханлера цхьаболчу Iелам-наха нийса ца лору, цхьаболчара мегаш лору.[2]

Цундела, нагахь санна, жамаIатца тасбихь дар суннат ду, йа иза алсам мелехь ду аьлла кхетам бацахь, ца хуучарна Iаммалц йолчу ханна иза жамаIатца дича гIалат ца хила а мега, делахь а гIолий дерг а, суннатехь деана дерг а хIораммо ша-ша дар ду, ца хууш нах белахь царна Iаммалц имамо чIогIа дар а ду, шафиIийн мазхIабан баккхийчу Iелам-наха ма-аллара.

ТIаккха кхузахь цхьа само йан йеза: и санна долу хаттар бахьана долуш бусалба наха вовший барт бохийта мегар дац, йа уьш бахьанехь вовшашна юкъахь оьгIазло кхоллайалийта а мегар дац, хIунда аьлча уьш фикъхIехь Iелам-наха тайп-тайпана къовсуш хаттарш ду, шайна далил кароре терра, ткъа фикъхIан дукхах долу къовсаме хаттаршкахь вовший инкарло йар мегаш дац. Амма бусалба нехан барт ларбар – иза важиб ду.

 

Ткъа дика хуург сийлахь АллахI ву!


 

[1] «Аснал-МатIолиб», 2/486, Шайхул-Ислам Закариййа Ал-Ансорий; «МугIнил-Мухьтадж», 2/437, Имам Аш-Ширбиний; «НихIайатул-Мухьтадж», 4/396, Имам Ар-Рамлий; «Тухьфатул-Мухьтадж», 6/209, Имам Ибн Хьаджар Ал-ХIайтамий.

[2] «Фатава Аш-Шейх Ибн Баз», 11/191; «МаджмуI Фатава Аш-Шейх Ибн Iусаймин», 13/261; «Ал-Хьалалу вал-Хьаром», МавкъиIу Дарил-Ифтаил-МисриййахI.